Сурат 32 Ас-саджда (Сужд дар), аят 12 – 22

  1. وَلَوْ تَرَىٰ إِذِ الْمُجْرِمُونَ نَاكِسُو رُءُوسِهِمْ عِنْدَ رَبِّهِمْ رَبَّنَا أَبْصَرْنَا وَسَمِعْنَا فَارْجِعْنَا نَعْمَلْ صَالِحًا إِنَّا مُوقِنُونَ

    Хьуна гуш балхьара и къинош дийнарш шайн кортош охьатаӀина шайн Кхиош-кхобучунна хьалхахь /олуш/: 'Тхан Кхиош-кхобург‚ гина тхуна‚ хезна тхуна‚ юхадерзадехь тхо /дуьнен чу/ дика Ӏамал йийр яра оха‚ тхо /хӀинца шеко йоццуш/ тешна ду'

    32:12
  2. وَلَوْ شِئْنَا لَآتَيْنَا كُلَّ نَفْسٍ هُدَاهَا وَلَٰكِنْ حَقَّ الْقَوْلُ مِنِّي لَأَمْلَأَنَّ جَهَنَّمَ مِنَ الْجِنَّةِ وَالنَّاسِ أَجْمَعِينَ

    Тхуна лиънехьара, Оха лур бара хӀор сине шен нийса некъ‚ делахь а, бакъхили-кх Соьгара дош: 'Юзанне а юзор ма ю Ас жоьжахати жинех а, нахах а- /царах Далла са хиллачарах/ массарах а'

    32:13
  3. فَذُوقُوا بِمَا نَسِيتُمْ لِقَاءَ يَوْمِكُمْ هَٰذَا إِنَّا نَسِينَاكُمْ ۖ وَذُوقُوا عَذَابَ الْخُلْدِ بِمَا كُنْتُمْ تَعْمَلُونَ

    Ӏовша /Ӏазап/ хӀокху шайн /къемат/ денна дуьхьалкхетар аш дицдарна - Оха шу а дицдина. Ӏовша гуттаренан Ӏазап шаьш /дуьненахь/ деш хилларг бахьанехь

    32:14
  4. إِنَّمَا يُؤْمِنُ بِآيَاتِنَا الَّذِينَ إِذَا ذُكِّرُوا بِهَا خَرُّوا سُجَّدًا وَسَبَّحُوا بِحَمْدِ رَبِّهِمْ وَهُمْ لَا يَسْتَكْبِرُونَ ۩

    Баккъалла а, тешаш бу Тхан аятех, шайна уьш хьехийча, сужудане бегаш берш‚ шайн Кхиош-кхобучунна хастам барца тасбахь деш берш‚ шаьш кура а ца бовлуш

    32:15
  5. تَتَجَافَىٰ جُنُوبُهُمْ عَنِ الْمَضَاجِعِ يَدْعُونَ رَبَّهُمْ خَوْفًا وَطَمَعًا وَمِمَّا رَزَقْنَاهُمْ يُنْفِقُونَ

    Церан агӀонаш айло /буьйшачу/ меттигашкара‚ шайн Кхиош-кхобучуьнга кхойкху цара (Цуьнан Ӏазапах) кхерарца а‚ (Цуьнан къинхетаме) догдахарца а‚ Оха шайна деллачу рицӀкъех /дикчу агӀора/ харжаш йо цара

    32:16
  6. فَلَا تَعْلَمُ نَفْسٌ مَا أُخْفِيَ لَهُمْ مِنْ قُرَّةِ أَعْيُنٍ جَزَاءً بِمَا كَانُوا يَعْمَلُونَ

    Ца хаьа синна‚ хӀун шайна хьулйина ю бӀаьргашна езачарах шаьш йина хиллачу Ӏамална дуьхьал

    32:17
  7. أَفَمَنْ كَانَ مُؤْمِنًا كَمَنْ كَانَ فَاسِقًا ۚ لَا يَسْتَوُونَ

    Ткъа муъмин стаг хилла песакх стагах тера? Нис ца ло уьш

    32:18
  8. أَمَّا الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ فَلَهُمْ جَنَّاتُ الْمَأْوَىٰ نُزُلًا بِمَا كَانُوا يَعْمَلُونَ

    Ткъа ийман диллинарш а‚ дика Ӏамалш йинарш а царна бошмаш ю чугӀойла‚ хьешана санна кечйина йолу цара йина хилла Ӏамал бахьанехь

    32:19
  9. وَأَمَّا الَّذِينَ فَسَقُوا فَمَأْوَاهُمُ النَّارُ ۖ كُلَّمَا أَرَادُوا أَنْ يَخْرُجُوا مِنْهَا أُعِيدُوا فِيهَا وَقِيلَ لَهُمْ ذُوقُوا عَذَابَ النَّارِ الَّذِي كُنْتُمْ بِهِ تُكَذِّبُونَ

    Ткъа песакх хилларш а церан чугӀойла /жоьжахатин/ цӀе ю. Царна цу чуьра арабовла мел лии, цу чу юхаберзор бу уьш‚ цаьрга эр ду: 'Ӏовша шайна цӀеран Ӏазап‚ шаьш иза харцдеш хилла долу'

    32:20
  10. وَلَنُذِيقَنَّهُمْ مِنَ الْعَذَابِ الْأَدْنَىٰ دُونَ الْعَذَابِ الْأَكْبَرِ لَعَلَّهُمْ يَرْجِعُونَ

    Оха Ӏовшанне а Ӏовшийтур ма ду цаьрга дайа Ӏазап /эхартан/ доккха Ӏазапал хьалха, юхабоьрзур бацара-те уьш /къиношдечух/

    32:21
  11. وَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّنْ ذُكِّرَ بِآيَاتِ رَبِّهِ ثُمَّ أَعْرَضَ عَنْهَا ۚ إِنَّا مِنَ الْمُجْرِمِينَ مُنْتَقِمُونَ

    Ткъа мила ву зуламе шен Кхиош-кхобучун аяташ шена хьехадеш тӀаккха царах дӀавоьрзуш волчул? Баккъалла а, Тхо къинош диначаьргара бекхам оьцур берш ма ду

    32:22

Гочдар: Магомед Магомедов