Сурат 32 Ас-саджда (Сужд дар), аят 15 – 17
-
إِنَّمَا يُؤْمِنُ بِآيَاتِنَا الَّذِينَ إِذَا ذُكِّرُوا بِهَا خَرُّوا سُجَّدًا وَسَبَّحُوا بِحَمْدِ رَبِّهِمْ وَهُمْ لَا يَسْتَكْبِرُونَ ۩
Баккъалла а, тешаш бу Тхан аятех, шайна уьш хьехийча, сужудане бегаш берш‚ шайн Кхиош-кхобучунна хастам барца тасбахь деш берш‚ шаьш кура а ца бовлуш
32:15 -
تَتَجَافَىٰ جُنُوبُهُمْ عَنِ الْمَضَاجِعِ يَدْعُونَ رَبَّهُمْ خَوْفًا وَطَمَعًا وَمِمَّا رَزَقْنَاهُمْ يُنْفِقُونَ
Церан агIонаш айло /буьйшачу/ меттигашкара‚ шайн Кхиош-кхобучуьнга кхойкху цара (Цуьнан Iазапах) кхерарца а‚ (Цуьнан къинхетаме) догдахарца а‚ Оха шайна деллачу рицIкъех /дикчу агIора/ харжаш йо цара
32:16 -
فَلَا تَعْلَمُ نَفْسٌ مَا أُخْفِيَ لَهُمْ مِنْ قُرَّةِ أَعْيُنٍ جَزَاءً بِمَا كَانُوا يَعْمَلُونَ
Ца хаьа синна‚ хIун шайна хьулйина ю бIаьргашна езачарах шаьш йина хиллачу Iамална дуьхьал
32:17
Гочдар: Магомед Магомедов