Сурат 32 Ас-саджда (Сужд дар), аят 23 – 30

  1. وَلَقَدْ آتَيْنَا مُوسَى الْكِتَابَ فَلَا تَكُنْ فِي مِرْيَةٍ مِنْ لِقَائِهِ ۖ وَجَعَلْنَاهُ هُدًى لِبَنِي إِسْرَائِيلَ

    Оха деллера Мусага жайна хьо ма хилалахь шеконехь цуьнца вовшахкхетарна. Оха хилийтира цунах (Тавратах) нийса некъ Исраилан кӀенташна

    32:23
  2. وَجَعَلْنَا مِنْهُمْ أَئِمَّةً يَهْدُونَ بِأَمْرِنَا لَمَّا صَبَرُوا ۖ وَكَانُوا بِآيَاتِنَا يُوقِنُونَ

    Оха хилийтира царах имамаш‚ шаьш нисбелла болу Тхан омраца, шаьш собаре хиллачул тӀаьхьа. Уьш хилира Тхан аятех чг тешаш

    32:24
  3. إِنَّ رَبَّكَ هُوَ يَفْصِلُ بَيْنَهُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ فِيمَا كَانُوا فِيهِ يَخْتَلِفُونَ

    Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобучо къастор ду царна юккъехь къематдийнахь церан хиллачу хилпалонехь

    32:25
  4. أَوَلَمْ يَهْدِ لَهُمْ كَمْ أَهْلَكْنَا مِنْ قَبْلِهِمْ مِنَ الْقُرُونِ يَمْشُونَ فِي مَسَاكِنِهِمْ ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَاتٍ ۖ أَفَلَا يَسْمَعُونَ

    Ткъа Оха царал хьалха мел хӀаллакйинчу тӀаьхьенаша а нис ца бо-те уьш /бакъдолчунна тӀе/? Уьш дсалелаш ма бу церан гӀишлошкахула. Баккъалла а, цу чохь /Тхо бакъхиларан/ делилаш ду-кх! Царна ца хозу-те?

    32:26
  5. أَوَلَمْ يَرَوْا أَنَّا نَسُوقُ الْمَاءَ إِلَى الْأَرْضِ الْجُرُزِ فَنُخْرِجُ بِهِ زَرْعًا تَأْكُلُ مِنْهُ أَنْعَامُهُمْ وَأَنْفُسُهُمْ ۖ أَفَلَا يُبْصِرُونَ

    Царна ца хаьа-те Оха длоллу хи /дакъаделла/ этӀачу лаьттана тӀе‚ цуьнца ялта арадолуьйту цунах ма дуу церан бежнаша а‚ цара шаьш а?! Царна ца го-те?

    32:27
  6. وَيَقُولُونَ مَتَىٰ هَٰذَا الْفَتْحُ إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ

    Цара (дин харцдечара) олу: 'Маца хир бу /шуна/ толам /тхуна тӀехь/, шу бакълуьйш хиллехь?'

    32:28
  7. قُلْ يَوْمَ الْفَتْحِ لَا يَنْفَعُ الَّذِينَ كَفَرُوا إِيمَانُهُمْ وَلَا هُمْ يُنْظَرُونَ

    Ахь āла: 'Толаман дийнахь пайда бийр бац цатешачарна церан иймано‚ уьш тӀаьхьатоттур а бац' /тōба дан/

    32:29
  8. فَأَعْرِضْ عَنْهُمْ وَانْتَظِرْ إِنَّهُمْ مُنْتَظِرُونَ

    ДӀаверза царах‚ хьоьжуш Ӏелахь‚ уьш бу хьуна хьоьжуш Ӏеш

    32:30

Гочдар: Магомед Магомедов