Сурат 32 Ас-саджда (Сужд дар), аят 28 – 29
-
وَيَقُولُونَ مَتَىٰ هَٰذَا الْفَتْحُ إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ
Цара (дин харцдечара) олу: 'Маца хир бу /шуна/ толам /тхуна тIехь/, шу бакълуьйш хиллехь?'
32:28 -
قُلْ يَوْمَ الْفَتْحِ لَا يَنْفَعُ الَّذِينَ كَفَرُوا إِيمَانُهُمْ وَلَا هُمْ يُنْظَرُونَ
Ахь āла: 'Толаман дийнахь пайда бийр бац цатешачарна церан иймано‚ уьш тIаьхьатоттур а бац' /тōба дан/
32:29
Гочдар: Магомед Магомедов