Сурат 32 Ас-саджда (Сужд дар)
-
وَلَنُذِيقَنَّهُمْ مِنَ الْعَذَابِ الْأَدْنَىٰ دُونَ الْعَذَابِ الْأَكْبَرِ لَعَلَّهُمْ يَرْجِعُونَ
Оха Iовшанне а Iовшийтур ма ду цаьрга дайа Iазап /эхартан/ доккха Iазапал хьалха, юхабоьрзур бацара-те уьш /къиношдечух/
32:21 -
وَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّنْ ذُكِّرَ بِآيَاتِ رَبِّهِ ثُمَّ أَعْرَضَ عَنْهَا ۚ إِنَّا مِنَ الْمُجْرِمِينَ مُنْتَقِمُونَ
Ткъа мила ву зуламе шен Кхиош-кхобучун аяташ шена хьехадеш тIаккха царах дIавоьрзуш волчул? Баккъалла а, Тхо къинош диначаьргара бекхам оьцур берш ма ду
32:22 -
وَلَقَدْ آتَيْنَا مُوسَى الْكِتَابَ فَلَا تَكُنْ فِي مِرْيَةٍ مِنْ لِقَائِهِ ۖ وَجَعَلْنَاهُ هُدًى لِبَنِي إِسْرَائِيلَ
Оха деллера Мусага жайна хьо ма хилалахь шеконехь цуьнца вовшахкхетарна. Оха хилийтира цунах (Тавратах) нийса некъ Исраилан кIенташна
32:23 -
وَجَعَلْنَا مِنْهُمْ أَئِمَّةً يَهْدُونَ بِأَمْرِنَا لَمَّا صَبَرُوا ۖ وَكَانُوا بِآيَاتِنَا يُوقِنُونَ
Оха хилийтира царах имамаш‚ шаьш нисбелла болу Тхан омраца, шаьш собаре хиллачул тIаьхьа. Уьш хилира Тхан аятех чг тешаш
32:24 -
إِنَّ رَبَّكَ هُوَ يَفْصِلُ بَيْنَهُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ فِيمَا كَانُوا فِيهِ يَخْتَلِفُونَ
Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобучо къастор ду царна юккъехь къематдийнахь церан хиллачу хилпалонехь
32:25 -
أَوَلَمْ يَهْدِ لَهُمْ كَمْ أَهْلَكْنَا مِنْ قَبْلِهِمْ مِنَ الْقُرُونِ يَمْشُونَ فِي مَسَاكِنِهِمْ ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَاتٍ ۖ أَفَلَا يَسْمَعُونَ
Ткъа Оха царал хьалха мел хIаллакйинчу тIаьхьенаша а нис ца бо-те уьш /бакъдолчунна тIе/? Уьш дсалелаш ма бу церан гIишлошкахула. Баккъалла а, цу чохь /Тхо бакъхиларан/ делилаш ду-кх! Царна ца хозу-те?
32:26 -
أَوَلَمْ يَرَوْا أَنَّا نَسُوقُ الْمَاءَ إِلَى الْأَرْضِ الْجُرُزِ فَنُخْرِجُ بِهِ زَرْعًا تَأْكُلُ مِنْهُ أَنْعَامُهُمْ وَأَنْفُسُهُمْ ۖ أَفَلَا يُبْصِرُونَ
Царна ца хаьа-те Оха длоллу хи /дакъаделла/ этIачу лаьттана тIе‚ цуьнца ялта арадолуьйту цунах ма дуу церан бежнаша а‚ цара шаьш а?! Царна ца го-те?
32:27 -
وَيَقُولُونَ مَتَىٰ هَٰذَا الْفَتْحُ إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ
Цара (дин харцдечара) олу: 'Маца хир бу /шуна/ толам /тхуна тIехь/, шу бакълуьйш хиллехь?'
32:28 -
قُلْ يَوْمَ الْفَتْحِ لَا يَنْفَعُ الَّذِينَ كَفَرُوا إِيمَانُهُمْ وَلَا هُمْ يُنْظَرُونَ
Ахь āла: 'Толаман дийнахь пайда бийр бац цатешачарна церан иймано‚ уьш тIаьхьатоттур а бац' /тōба дан/
32:29 -
فَأَعْرِضْ عَنْهُمْ وَانْتَظِرْ إِنَّهُمْ مُنْتَظِرُونَ
ДIаверза царах‚ хьоьжуш Iелахь‚ уьш бу хьуна хьоьжуш Iеш
32:30
Гочдар: Магомед Магомедов