Сурат 33 Аль-ахьзаб (Вовшашца бартбинарш), аят 1 – 8
-
يَا أَيُّهَا النَّبِيُّ اتَّقِ اللَّهَ وَلَا تُطِعِ الْكَافِرِينَ وَالْمُنَافِقِينَ ۗ إِنَّ اللَّهَ كَانَ عَلِيمًا حَكِيمًا
ХӀай пайхамар! Делах кхералахь‚ хьо муьтӀахь ма хилалахь керстанашна а‚ мунепакъашна а. Баккъалла а, Дела хили хууш верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а
33:1 -
وَاتَّبِعْ مَا يُوحَىٰ إِلَيْكَ مِنْ رَبِّكَ ۚ إِنَّ اللَّهَ كَانَ بِمَا تَعْمَلُونَ خَبِيرًا
Хьо тӀаьхьахӀотта хьайга вехьешца хьан Кхиош-кхобучуьнгара догчунна. Баккъалла а, Дела хили аш дийриг сов дика хууш
33:2 -
وَتَوَكَّلْ عَلَى اللَّهِ ۚ وَكَفَىٰ بِاللَّهِ وَكِيلًا
Ахь Далла т таваккал де кхачо хили Делаца векал
33:3 -
مَا جَعَلَ اللَّهُ لِرَجُلٍ مِنْ قَلْبَيْنِ فِي جَوْفِهِ ۚ وَمَا جَعَلَ أَزْوَاجَكُمُ اللَّائِي تُظَاهِرُونَ مِنْهُنَّ أُمَّهَاتِكُمْ ۚ وَمَا جَعَلَ أَدْعِيَاءَكُمْ أَبْنَاءَكُمْ ۚ ذَٰلِكُمْ قَوْلُكُمْ بِأَفْوَاهِكُمْ ۖ وَاللَّهُ يَقُولُ الْحَقَّ وَهُوَ يَهْدِي السَّبِيلَ
Ца дина Дала цхьанна стагана ши дог цуьнан кийрахь‚ ца хилийтина Цо шун зударех‚ аш шайга шун баккъаш шайн нанойн баккъашка тера хета‚ аьлла болчу‚ шун наной‚ аш долабаьхначу берийх шуна кӀентий ца хилийтина Цо. Иза шун дош ду шун багенашца /олуш долу/. Дала олу бакъдерг‚ Цо нисво нийсачу новкъа
33:4 -
ادْعُوهُمْ لِآبَائِهِمْ هُوَ أَقْسَطُ عِنْدَ اللَّهِ ۚ فَإِنْ لَمْ تَعْلَمُوا آبَاءَهُمْ فَإِخْوَانُكُمْ فِي الدِّينِ وَمَوَالِيكُمْ ۚ وَلَيْسَ عَلَيْكُمْ جُنَاحٌ فِيمَا أَخْطَأْتُمْ بِهِ وَلَٰكِنْ مَا تَعَمَّدَتْ قُلُوبُكُمْ ۚ وَكَانَ اللَّهُ غَفُورًا رَحِيمًا
Шайн дайшка дӀакхайкха уьш иза ду мелхо а нисдерг Далла гергахь. Шуна церан дай ца бовзахь, шун вежарий а бу уьш динехь‚ шун доттагӀий а бу. Шуна къа дац шу шегахь гӀалатдаьллачуьнгахь‚ аш дагалаьцначуьгахь бен. Хили Дела тх гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а
33:5 -
النَّبِيُّ أَوْلَىٰ بِالْمُؤْمِنِينَ مِنْ أَنْفُسِهِمْ ۖ وَأَزْوَاجُهُ أُمَّهَاتُهُمْ ۗ وَأُولُو الْأَرْحَامِ بَعْضُهُمْ أَوْلَىٰ بِبَعْضٍ فِي كِتَابِ اللَّهِ مِنَ الْمُؤْمِنِينَ وَالْمُهَاجِرِينَ إِلَّا أَنْ تَفْعَلُوا إِلَىٰ أَوْلِيَائِكُمْ مَعْرُوفًا ۚ كَانَ ذَٰلِكَ فِي الْكِتَابِ مَسْطُورًا
Пайхамар таме ву муъмин нахана шайл а‚ цуьнан зударий церан наной бу. Гергарнаш цхьаберш вукхарал таме бу Делан жайнахь /кхечу/ муъмин нахал а‚ хӀижар дихкинчарал а‚ аш шайн доттагӀашна диканиг деш далахь бен. Хили иза жайнахь дӀаязделла
33:6 -
وَإِذْ أَخَذْنَا مِنَ النَّبِيِّينَ مِيثَاقَهُمْ وَمِنْكَ وَمِنْ نُوحٍ وَإِبْرَاهِيمَ وَمُوسَىٰ وَعِيسَى ابْنِ مَرْيَمَ ۖ وَأَخَذْنَا مِنْهُمْ مِيثَاقًا غَلِيظًا
Оха схьаийцира пайхамарашкара чӀагӀам‚ хьоьгара а‚ Нухьера а‚ ИбрахӀимера а‚ Мусагара а‚ Маръяман кӀантера Ӏийсагара а. Оха схьаийцира цаьргара чӀогӀа чӀагӀам
33:7 -
لِيَسْأَلَ الصَّادِقِينَ عَنْ صِدْقِهِمْ ۚ وَأَعَدَّ لِلْكَافِرِينَ عَذَابًا أَلِيمًا
Цо (Дала) бартхаттархьама бакълуьйчаьрга шайн бакълерах. Кечдина Цо керстанашна лазош долу Ӏазап
33:8
Гочдар: Магомед Магомедов