Сурат 33 Аль-ахьзаб (Вовшашца бартбинарш), аят 15 – 17

  1. وَلَقَدْ كَانُوا عَاهَدُوا اللَّهَ مِنْ قَبْلُ لَا يُوَلُّونَ الْأَدْبَارَ ۚ وَكَانَ عَهْدُ اللَّهِ مَسْئُولًا

    Уьш хьалха а хилира Делаца ваӀда еш‚ шаьш довдур дац /тӀам тӀера/‚ бохуш. Хили Делан ваӀда жоп доьхуш

    33:15
  2. قُلْ لَنْ يَنْفَعَكُمُ الْفِرَارُ إِنْ فَرَرْتُمْ مِنَ الْمَوْتِ أَوِ الْقَتْلِ وَإِذًا لَا تُمَتَّعُونَ إِلَّا قَلِيلًا

    Ахь āла: 'Пайда бийр бац шуна довдаро шу даларх я дайарх девдича, кӀеззиг бен бахам хир бац шуна тккха а'

    33:16
  3. قُلْ مَنْ ذَا الَّذِي يَعْصِمُكُمْ مِنَ اللَّهِ إِنْ أَرَادَ بِكُمْ سُوءًا أَوْ أَرَادَ بِكُمْ رَحْمَةً ۚ وَلَا يَجِدُونَ لَهُمْ مِنْ دُونِ اللَّهِ وَلِيًّا وَلَا نَصِيرًا

    Ахь āла: 'Мила ву иза ша Делах шу лардийр верг, Цунна шуна цхьа зен лиъча‚ я Цунна шуна цхьа къинхетам лиъча? Цара карор ма вац шайна Дела воцург цхьа а вали а‚ цхьа а гӀоьнча а'

    33:17

Гочдар: Магомед Магомедов