Сурат 33 Аль-ахьзаб (Вовшашца бартбинарш), аят 21 – 27

  1. لَقَدْ كَانَ لَكُمْ فِي رَسُولِ اللَّهِ أُسْوَةٌ حَسَنَةٌ لِمَنْ كَانَ يَرْجُو اللَّهَ وَالْيَوْمَ الْآخِرَ وَذَكَرَ اللَّهَ كَثِيرًا

    Баккъалла а, шуна хилира Делан элчанехь хаза масал - /шух/ Деле а‚ тӀаьхьарчу дийне а дог дохуш волчунна а‚ дуккха а Дела хьехош волчунна а

    33:21
  2. وَلَمَّا رَأَى الْمُؤْمِنُونَ الْأَحْزَابَ قَالُوا هَٰذَا مَا وَعَدَنَا اللَّهُ وَرَسُولُهُ وَصَدَقَ اللَّهُ وَرَسُولُهُ ۚ وَمَا زَادَهُمْ إِلَّا إِيمَانًا وَتَسْلِيمًا

    Муъмин наха, шайна и /тм бан йог керстанийн/ тобанаш гича‚ элира: 'ХӀара ю Дала а‚ Цуьнан элчано а вайца йина ваӀда‚ бакълина Дела а‚ Цуьнан элча а'. /Цу гӀуллакхо/ уьш алсам ца боху ийманца а‚ муьтӀахь хиларца а бен

    33:22
  3. مِنَ الْمُؤْمِنِينَ رِجَالٌ صَدَقُوا مَا عَاهَدُوا اللَّهَ عَلَيْهِ ۖ فَمِنْهُمْ مَنْ قَضَىٰ نَحْبَهُ وَمِنْهُمْ مَنْ يَنْتَظِرُ ۖ وَمَا بَدَّلُوا تَبْدِيلًا

    Муъмин нахах цхьа божарий бу шаьш бакъйина шайн Делаца хилла йолу ваӀда‚ царах шен Ӏожалла ткхаьчнарг (велларг) а ву‚ царах /гзотехь вала/ хьоьжуш верг а ву‚ цхьа а хийцам ца бина цара /шайн Делаца хилла ваӀдин/

    33:23
  4. لِيَجْزِيَ اللَّهُ الصَّادِقِينَ بِصِدْقِهِمْ وَيُعَذِّبَ الْمُنَافِقِينَ إِنْ شَاءَ أَوْ يَتُوبَ عَلَيْهِمْ ۚ إِنَّ اللَّهَ كَانَ غَفُورًا رَحِيمًا

    Дала ял ялархьама бакълийначарна шайн бакълерца‚ Ӏазап дархьама мунепакъашна, Шен лаахь‚ я гечдархьама царна. Баккъалла а, Дела хили гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а

    33:24
  5. وَرَدَّ اللَّهُ الَّذِينَ كَفَرُوا بِغَيْظِهِمْ لَمْ يَنَالُوا خَيْرًا ۚ وَكَفَى اللَّهُ الْمُؤْمِنِينَ الْقِتَالَ ۚ وَكَانَ اللَّهُ قَوِيًّا عَزِيزًا

    Дала юхаберзира цатешнарш шайн оьгӀазаллица‚ ца кхиира уьш дикчух. Кхачо хилийтира Дала муъмин нахана тӀамах. Хили Дела нуьцкъала верг а‚ веза верг а

    33:25
  6. وَأَنْزَلَ الَّذِينَ ظَاهَرُوهُمْ مِنْ أَهْلِ الْكِتَابِ مِنْ صَيَاصِيهِمْ وَقَذَفَ فِي قُلُوبِهِمُ الرُّعْبَ فَرِيقًا تَقْتُلُونَ وَتَأْسِرُونَ فَرِيقًا

    /Дала/ охьабоссийра жайнан охах царна гӀо дина хилларш шайн чӀагӀонашкара‚ Цо кхоьссира церан дегнашка кхерам‚ цхьаберш аш бойу‚ цхьаберш аш йийсаре луьйцу

    33:26
  7. وَأَوْرَثَكُمْ أَرْضَهُمْ وَدِيَارَهُمْ وَأَمْوَالَهُمْ وَأَرْضًا لَمْ تَطَئُوهَا ۚ وَكَانَ اللَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرًا

    Цо ирсана шуна делира церан латта а‚ церан цӀенош а‚ церан бахам а‚ /кхин/ аш хьешна доцу лаьтта а. Хили Дела массо а хӀуманна тӀехь ницкъ болуш

    33:27

Гочдар: Магомед Магомедов