Сурат 33 Аль-ахьзаб (Вовшашца бартбинарш), аят 28 – 34
-
يَا أَيُّهَا النَّبِيُّ قُلْ لِأَزْوَاجِكَ إِنْ كُنْتُنَّ تُرِدْنَ الْحَيَاةَ الدُّنْيَا وَزِينَتَهَا فَتَعَالَيْنَ أُمَتِّعْكُنَّ وَأُسَرِّحْكُنَّ سَرَاحًا جَمِيلًا
ХӀай пайхамар! Ахь āла хьан зударшка: 'Шу делахь дуьненан дахар дезаш‚ цуьнан хазалла а /езаш/‚ схьадуьйла ас йитинчу зудчунна догрг лур ду шуна‚ хазачу кепара паргӀатдохур ду шу
33:28 -
وَإِنْ كُنْتُنَّ تُرِدْنَ اللَّهَ وَرَسُولَهُ وَالدَّارَ الْآخِرَةَ فَإِنَّ اللَّهَ أَعَدَّ لِلْمُحْسِنَاتِ مِنْكُنَّ أَجْرًا عَظِيمًا
Шу делахь везаш Дела а‚ Цуьнан элча а‚ тӀаьхьа хир йолу хӀусам а (ялсамане), Дала кечйина шух диканиг дечарна сийлахь- йоккха ял
33:29 -
يَا نِسَاءَ النَّبِيِّ مَنْ يَأْتِ مِنْكُنَّ بِفَاحِشَةٍ مُبَيِّنَةٍ يُضَاعَفْ لَهَا الْعَذَابُ ضِعْفَيْنِ ۚ وَكَانَ ذَٰلِكَ عَلَى اللَّهِ يَسِيرًا
ХӀай пайхамаран зударий! Шух билгала ирчаниг деанчунна шозза алсам хир ду цунна Ӏазап. Хили иза Далла атта
33:30 -
وَمَنْ يَقْنُتْ مِنْكُنَّ لِلَّهِ وَرَسُولِهِ وَتَعْمَلْ صَالِحًا نُؤْتِهَا أَجْرَهَا مَرَّتَيْنِ وَأَعْتَدْنَا لَهَا رِزْقًا كَرِيمًا
Шух Далла а‚ Цуьнан элчанна а муьтӀахь хилларг а‚ дика Ӏамал а йинарг цунна ял лур ю Оха шозза. Оха цунна кечдина сийлахь рицкъ
33:31 -
يَا نِسَاءَ النَّبِيِّ لَسْتُنَّ كَأَحَدٍ مِنَ النِّسَاءِ ۚ إِنِ اتَّقَيْتُنَّ فَلَا تَخْضَعْنَ بِالْقَوْلِ فَيَطْمَعَ الَّذِي فِي قَلْبِهِ مَرَضٌ وَقُلْنَ قَوْلًا مَعْرُوفًا
ХӀай пайхамаран зударий! Шу дац зударех цхьанга а тера. Шу /Делах/ кхоьруш делахь, ма хила дашца кӀеда /хийрачу божаршна/ тӀаккха шен дагчохь цамгар ерг тӀехьийзар ву‚ аш āла дика дош
33:32 -
وَقَرْنَ فِي بُيُوتِكُنَّ وَلَا تَبَرَّجْنَ تَبَرُّجَ الْجَاهِلِيَّةِ الْأُولَىٰ ۖ وَأَقِمْنَ الصَّلَاةَ وَآتِينَ الزَّكَاةَ وَأَطِعْنَ اللَّهَ وَرَسُولَهُ ۚ إِنَّمَا يُرِيدُ اللَّهُ لِيُذْهِبَ عَنْكُمُ الرِّجْسَ أَهْلَ الْبَيْتِ وَيُطَهِّرَكُمْ تَطْهِيرًا
Шайн цӀеношкахь совца‚ кеч ма ло хьалхалера жехӀаллин кечдаларца. Ламаз а хӀоттаде‚ закат а ло‚ Далла а‚ Цуьнан элчанна а муьтӀахь хила. Баккъалла а, Далла лаьа, /хӀай пайхамаран/ цӀийнан охӀла, шух боьху хӀума дӀадаккха а, шу цӀандан а цӀандарца
33:33 -
وَاذْكُرْنَ مَا يُتْلَىٰ فِي بُيُوتِكُنَّ مِنْ آيَاتِ اللَّهِ وَالْحِكْمَةِ ۚ إِنَّ اللَّهَ كَانَ لَطِيفًا خَبِيرًا
Дагадайта шайн цӀеношкахь доьшуш долу Делан аяташ а‚ хьикмат а. Баккъалла а, Дела хили дика кхеташ верг а‚ сов дика хууш верг а
33:34
Гочдар: Магомед Магомедов