Сурат 33 Аль-ахьзаб (Вовшашца бартбинарш), аят 35 – 40

  1. إِنَّ الْمُسْلِمِينَ وَالْمُسْلِمَاتِ وَالْمُؤْمِنِينَ وَالْمُؤْمِنَاتِ وَالْقَانِتِينَ وَالْقَانِتَاتِ وَالصَّادِقِينَ وَالصَّادِقَاتِ وَالصَّابِرِينَ وَالصَّابِرَاتِ وَالْخَاشِعِينَ وَالْخَاشِعَاتِ وَالْمُتَصَدِّقِينَ وَالْمُتَصَدِّقَاتِ وَالصَّائِمِينَ وَالصَّائِمَاتِ وَالْحَافِظِينَ فُرُوجَهُمْ وَالْحَافِظَاتِ وَالذَّاكِرِينَ اللَّهَ كَثِيرًا وَالذَّاكِرَاتِ أَعَدَّ اللَّهُ لَهُمْ مَغْفِرَةً وَأَجْرًا عَظِيمًا

    Баккъалла а, бусалба божарий а‚ бусалба зударий а‚ муъмин божарий а‚ муъмин зударий а‚ /Делах/ кхоьруш болу божарий а‚ /Делах/ кхоьруш болу зударий а‚ бакълуьйш болу божарий а‚ бакълуьйш болу зударий а‚ собаре болу божарий а‚ собаре болу зударий а‚ /Далла/ муьтӀахь болу божарий а‚ /Далла/ муьтӀахь болу зударий а‚ сагӀа луш болу божарий а‚ сагӀа луш болу зударий а‚ марха кхобу божарий а‚ марха кхобу зударий а‚ шайн эвхье йолу меттигаш ларош болу божарий а‚ зударий а‚ дуккха Дела хьехош волу божарий а‚ зударий а кечдина Дала царна гечдар а‚ сийлахь-йоккха ял а

    33:35
  2. وَمَا كَانَ لِمُؤْمِنٍ وَلَا مُؤْمِنَةٍ إِذَا قَضَى اللَّهُ وَرَسُولُهُ أَمْرًا أَنْ يَكُونَ لَهُمُ الْخِيَرَةُ مِنْ أَمْرِهِمْ ۗ وَمَنْ يَعْصِ اللَّهَ وَرَسُولَهُ فَقَدْ ضَلَّ ضَلَالًا مُبِينًا

    Ца хилла муъмин стагана‚ я муъмин зудчунна, Дала а‚ Цуьнан элчано а цхьа гӀуллакх кхочушдича, шайн гӀуллакхах /шайн дезарг/ харжан бакъо. Далла а‚ Цуьнан элчанна а Ӏеса верг тилавелла билгалчу тиларца

    33:36
  3. وَإِذْ تَقُولُ لِلَّذِي أَنْعَمَ اللَّهُ عَلَيْهِ وَأَنْعَمْتَ عَلَيْهِ أَمْسِكْ عَلَيْكَ زَوْجَكَ وَاتَّقِ اللَّهَ وَتُخْفِي فِي نَفْسِكَ مَا اللَّهُ مُبْدِيهِ وَتَخْشَى النَّاسَ وَاللَّهُ أَحَقُّ أَنْ تَخْشَاهُ ۖ فَلَمَّا قَضَىٰ زَيْدٌ مِنْهَا وَطَرًا زَوَّجْنَاكَهَا لِكَيْ لَا يَكُونَ عَلَى الْمُؤْمِنِينَ حَرَجٌ فِي أَزْوَاجِ أَدْعِيَائِهِمْ إِذَا قَضَوْا مِنْهُنَّ وَطَرًا ۚ وَكَانَ أَمْرُ اللَّهِ مَفْعُولًا

    /Хьажал/ ахь ма элира Дала а‚ ахьа а шен ниӀмат деллачуьнга: 'Хьайгахь кхаба хьан зуда‚ Делах кхера!' Ахь хьулдийра хьайгахь Дала гучудоккхург. Хьо кхоьрура нахах‚ ткъа Дела мелхо а там болуш вара хьо Шех кхера. Зайда цуьнца шен лаам кхочушбича (цо иза йитича, Ӏиддат чекхдаьлча)‚ Оха иза хьуна ялийра муъмин нахана хало ца хилийтархьама шаьш дай хӀоьттинчу кӀентийн зударий бало цара шайн царца долу гӀуллакх чекхдаькхича (шарӀехь уьш битича). Хили Делан гӀуллакх дина даьлла

    33:37
  4. مَا كَانَ عَلَى النَّبِيِّ مِنْ حَرَجٍ فِيمَا فَرَضَ اللَّهُ لَهُ ۖ سُنَّةَ اللَّهِ فِي الَّذِينَ خَلَوْا مِنْ قَبْلُ ۚ وَكَانَ أَمْرُ اللَّهِ قَدَرًا مَقْدُورًا

    Пайхамарна хало хила мегар дац Дала Шена тӀе диллинчуьнгахь Делан Ӏадат /ду иза/ хьалха баханчаьргахь а хилла. Хили Делан гӀуллакх азаллехь кхочушхилла

    33:38
  5. الَّذِينَ يُبَلِّغُونَ رِسَالَاتِ اللَّهِ وَيَخْشَوْنَهُ وَلَا يَخْشَوْنَ أَحَدًا إِلَّا اللَّهَ ۗ وَكَفَىٰ بِاللَّهِ حَسِيبًا

    Ишттанаш бу уьш (хьалхабаханарш) шаьш Делан элчаналла кхочушдина‚ Цунах кхоьруш болуш‚ Дела воцучех цхьаннах ца кхоьруш. Делаца кхачо хилла хьесапдийриг

    33:39
  6. مَا كَانَ مُحَمَّدٌ أَبَا أَحَدٍ مِنْ رِجَالِكُمْ وَلَٰكِنْ رَسُولَ اللَّهِ وَخَاتَمَ النَّبِيِّينَ ۗ وَكَانَ اللَّهُ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمًا

    Ца хилла Мухьаммад шун божарех цхьаннан а да‚ делахь а, Делан элча а‚ пайхамарийн мухӀар а ду иза. Хили Дела массо а хӀума хууш верг

    33:40

Гочдар: Магомед Магомедов