Сурат 33 Аль-ахьзаб (Вовшашца бартбинарш), аят 59 – 68
-
يَا أَيُّهَا النَّبِيُّ قُلْ لِأَزْوَاجِكَ وَبَنَاتِكَ وَنِسَاءِ الْمُؤْمِنِينَ يُدْنِينَ عَلَيْهِنَّ مِنْ جَلَابِيبِهِنَّ ۚ ذَٰلِكَ أَدْنَىٰ أَنْ يُعْرَفْنَ فَلَا يُؤْذَيْنَ ۗ وَكَانَ اللَّهُ غَفُورًا رَحِيمًا
ХӀай пайхамар! Āла хьан зударшка а‚ хьан мехкаршка а‚ муъмин нехан зударшка а шайна тӀе шайн оба (паранжа‚ парду) узийла цара. Иза мелхо а герга ду уьш бовзарна а‚ царна халахетар цадарна а. Хили Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а
33:59 -
لَئِنْ لَمْ يَنْتَهِ الْمُنَافِقُونَ وَالَّذِينَ فِي قُلُوبِهِمْ مَرَضٌ وَالْمُرْجِفُونَ فِي الْمَدِينَةِ لَنُغْرِيَنَّكَ بِهِمْ ثُمَّ لَا يُجَاوِرُونَكَ فِيهَا إِلَّا قَلِيلًا
Мунепакъаш а‚ шайн дегнашкахь цамгар ерш а‚ Мадинатехь эладитанаш даржош берш а ца совцахь, Оха хӀоттор ма ву хьо царна тӀе. ТӀаккха хьан лулахь уьш цигахь Ӏийр ма бац кӀеззиг бен
33:60 -
مَلْعُونِينَ ۖ أَيْنَمَا ثُقِفُوا أُخِذُوا وَقُتِّلُوا تَقْتِيلًا
Шайна неӀалт хилларш /бу уьш/. Миччахь хилахь схьалоьцур ма бу уьш‚ бойур ма бу байарца
33:61 -
سُنَّةَ اللَّهِ فِي الَّذِينَ خَلَوْا مِنْ قَبْلُ ۖ وَلَنْ تَجِدَ لِسُنَّةِ اللَّهِ تَبْدِيلًا
Делан суннат ду иза‚ хьалха дӀабаханчаьргахь а лелла. Хьуна каранне а карор ма бац Делан суннатана хийцам
33:62 -
يَسْأَلُكَ النَّاسُ عَنِ السَّاعَةِ ۖ قُلْ إِنَّمَا عِلْمُهَا عِنْدَ اللَّهِ ۚ وَمَا يُدْرِيكَ لَعَلَّ السَّاعَةَ تَكُونُ قَرِيبًا
Хьоьга хоьтту наха сахьтах лаьцна. Ахь āла: 'Цуьнан Ӏилма Далла гергахь ду'. Стено хоуьйту хьоьга? и сахьт-м герга- хилла а мега
33:63 -
إِنَّ اللَّهَ لَعَنَ الْكَافِرِينَ وَأَعَدَّ لَهُمْ سَعِيرًا
Баккъалла а, Дала неӀалт аьлла цатешачарна‚ Цо кечйина царна жоьжахати
33:64 -
خَالِدِينَ فِيهَا أَبَدًا ۖ لَا يَجِدُونَ وَلِيًّا وَلَا نَصِيرًا
Уьш лаьттар бу цу чохь гуттар. Царна карор вац цхьа а вали а‚ гӀоьнча а
33:65 -
يَوْمَ تُقَلَّبُ وُجُوهُهُمْ فِي النَّارِ يَقُولُونَ يَا لَيْتَنَا أَطَعْنَا اللَّهَ وَأَطَعْنَا الرَّسُولَا
Оцу дийнахь шайн яххьаш цӀерга ерзош, цара эр ма ду: 'Вай хилла хиллехьара Далла муьтӀахь‚ элчанна муьтӀахь!'
33:66 -
وَقَالُوا رَبَّنَا إِنَّا أَطَعْنَا سَادَتَنَا وَكُبَرَاءَنَا فَأَضَلُّونَا السَّبِيلَا
Цара элира: 'Тхо Кхиош-кхобург‚ тхо муьтӀахь хили тхан элашна а‚ тхан тхьамдашна а. Цара тили тхо /нийсачу/ некъах
33:67 -
رَبَّنَا آتِهِمْ ضِعْفَيْنِ مِنَ الْعَذَابِ وَالْعَنْهُمْ لَعْنًا كَبِيرًا
Тхан Кхиош-кхобург‚ лōлахь царна шозза Ӏазап‚ доккха неӀалт алалахь царна'
33:68
Гочдар: Магомед Магомедов