Сурат 33 Аль-ахьзаб (Вовшашца бартбинарш), аят 69 – 73

  1. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَكُونُوا كَالَّذِينَ آذَوْا مُوسَىٰ فَبَرَّأَهُ اللَّهُ مِمَّا قَالُوا ۚ وَكَانَ عِنْدَ اللَّهِ وَجِيهًا

    ХӀай ийман диллинарш! Шу ма хилалаш Мусана халахетар диначарах тера. Дала цӀанвира иза цара аьллачух. Иза хилира Далла гергахь лоруш верг

    33:69
  2. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا اتَّقُوا اللَّهَ وَقُولُوا قَوْلًا سَدِيدًا

    ХӀай ийман диллинарш! Делах кхералаш‚ нийса дош алалаш

    33:70
  3. يُصْلِحْ لَكُمْ أَعْمَالَكُمْ وَيَغْفِرْ لَكُمْ ذُنُوبَكُمْ ۗ وَمَنْ يُطِعِ اللَّهَ وَرَسُولَهُ فَقَدْ فَازَ فَوْزًا عَظِيمًا

    Цо дика хуьлуьйтур ю шун Ӏамалш‚ гечдийр ду шуна шун къинош. Далла а‚ Цуьнан элчанна а муьтӀахь верг цо баьккхина боккха толам

    33:71
  4. إِنَّا عَرَضْنَا الْأَمَانَةَ عَلَى السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَالْجِبَالِ فَأَبَيْنَ أَنْ يَحْمِلْنَهَا وَأَشْفَقْنَ مِنْهَا وَحَمَلَهَا الْإِنْسَانُ ۖ إِنَّهُ كَانَ ظَلُومًا جَهُولًا

    Оха хьалхадиллира аманат стигланашна а‚ лаьттана а‚ лаьмнашна а уьш дуьхьал хилира и ддахьан‚ уьш кхийрира цунах‚ и дӀадихьира адамо. Баккъалла а, иза хили-кх зуламе верг а‚ ца хууш верг а

    33:72
  5. لِيُعَذِّبَ اللَّهُ الْمُنَافِقِينَ وَالْمُنَافِقَاتِ وَالْمُشْرِكِينَ وَالْمُشْرِكَاتِ وَيَتُوبَ اللَّهُ عَلَى الْمُؤْمِنِينَ وَالْمُؤْمِنَاتِ ۗ وَكَانَ اللَّهُ غَفُورًا رَحِيمًا

    Дала Ӏазап дархьама мунепакъ божаршна а‚ мунепакъ зударшна а‚ ширк динчу божаршна а‚ ширк динчу зударшна а‚ Дала тōба къобалдархьама муъмин божарийн а‚ муъмин зударийн а. Хили Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а

    33:73

Гочдар: Магомед Магомедов