Сурат 33 Аль-ахьзаб (Вовшашца бартбинарш), аят 9 – 20

  1. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا اذْكُرُوا نِعْمَةَ اللَّهِ عَلَيْكُمْ إِذْ جَاءَتْكُمْ جُنُودٌ فَأَرْسَلْنَا عَلَيْهِمْ رِيحًا وَجُنُودًا لَمْ تَرَوْهَا ۚ وَكَانَ اللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرًا

    ХӀай ийман диллинарш! Аш дагадайта шайна хилла Делан ниӀмат шуна деара /маликийн/ эскар Оха бахийтира царна тӀе мох а‚ эскар а‚ шуна ша гуш доцу. Хилира Дела аш дийриг гуш верг

    33:9
  2. إِذْ جَاءُوكُمْ مِنْ فَوْقِكُمْ وَمِنْ أَسْفَلَ مِنْكُمْ وَإِذْ زَاغَتِ الْأَبْصَارُ وَبَلَغَتِ الْقُلُوبُ الْحَنَاجِرَ وَتَظُنُّونَ بِاللَّهِ الظُّنُونَا

    Уьш баьхкира шуна тӀе шун тӀехула а‚ шун бухахула а /шун/ бӀаьргаш хьен тӀе бевлира‚ дегнаш къамкъаргашка кхечира‚ шуна мотталора Делах лаьцна цхьацца /нийса доцу/ моттадаларш

    33:10
  3. هُنَالِكَ ابْتُلِيَ الْمُؤْمِنُونَ وَزُلْزِلُوا زِلْزَالًا شَدِيدًا

    Цигахь зийра муъмин нах‚ /церан дегнаш кхераделла/ чӀогӀа тохаделира

    33:11
  4. وَإِذْ يَقُولُ الْمُنَافِقُونَ وَالَّذِينَ فِي قُلُوبِهِمْ مَرَضٌ مَا وَعَدَنَا اللَّهُ وَرَسُولُهُ إِلَّا غُرُورًا

    /Ахь дагадаийта/ мунепакъаша а‚ шайн дегнашкахь цамгар йолчара а элира: 'Дала а‚ Цуьнан элчано а вайца йина ваӀда Ӏехор бен ма дац'

    33:12
  5. وَإِذْ قَالَتْ طَائِفَةٌ مِنْهُمْ يَا أَهْلَ يَثْرِبَ لَا مُقَامَ لَكُمْ فَارْجِعُوا ۚ وَيَسْتَأْذِنُ فَرِيقٌ مِنْهُمُ النَّبِيَّ يَقُولُونَ إِنَّ بُيُوتَنَا عَوْرَةٌ وَمَا هِيَ بِعَوْرَةٍ ۖ إِنْ يُرِيدُونَ إِلَّا فِرَارًا

    /Ахь хьахаде/: царах цхьана тобано элира: 'ХӀай Ясрибан бахархой! Шуна латта меттиг яц /тӀом бан/‚ юхадерза'. Царах цхьа кхиерг (тоба) пайхамаре /цхь йиса/ пурба деха йолаелира‚ олуш: 'Тхан цӀенош даьсса ду'. Даьсса ма дац уьш царна луург бовдар ду-кх /тӀам тӀера/

    33:13
  6. وَلَوْ دُخِلَتْ عَلَيْهِمْ مِنْ أَقْطَارِهَا ثُمَّ سُئِلُوا الْفِتْنَةَ لَآتَوْهَا وَمَا تَلَبَّثُوا بِهَا إِلَّا يَسِيرًا

    Царна чубахкитича цуьнан (гӀалин) йисташкахула‚ тӀаккха цаьрга питна дийхича, и лур ма дара хьуна цара‚ цхьа кӀеззиг хьоьжуш лаьттар а ма бацара хьуна уьш

    33:14
  7. وَلَقَدْ كَانُوا عَاهَدُوا اللَّهَ مِنْ قَبْلُ لَا يُوَلُّونَ الْأَدْبَارَ ۚ وَكَانَ عَهْدُ اللَّهِ مَسْئُولًا

    Уьш хьалха а хилира Делаца ваӀда еш‚ шаьш довдур дац /тӀам тӀера/‚ бохуш. Хили Делан ваӀда жоп доьхуш

    33:15
  8. قُلْ لَنْ يَنْفَعَكُمُ الْفِرَارُ إِنْ فَرَرْتُمْ مِنَ الْمَوْتِ أَوِ الْقَتْلِ وَإِذًا لَا تُمَتَّعُونَ إِلَّا قَلِيلًا

    Ахь āла: 'Пайда бийр бац шуна довдаро шу даларх я дайарх девдича, кӀеззиг бен бахам хир бац шуна тккха а'

    33:16
  9. قُلْ مَنْ ذَا الَّذِي يَعْصِمُكُمْ مِنَ اللَّهِ إِنْ أَرَادَ بِكُمْ سُوءًا أَوْ أَرَادَ بِكُمْ رَحْمَةً ۚ وَلَا يَجِدُونَ لَهُمْ مِنْ دُونِ اللَّهِ وَلِيًّا وَلَا نَصِيرًا

    Ахь āла: 'Мила ву иза ша Делах шу лардийр верг, Цунна шуна цхьа зен лиъча‚ я Цунна шуна цхьа къинхетам лиъча? Цара карор ма вац шайна Дела воцург цхьа а вали а‚ цхьа а гӀоьнча а'

    33:17
  10. قَدْ يَعْلَمُ اللَّهُ الْمُعَوِّقِينَ مِنْكُمْ وَالْقَائِلِينَ لِإِخْوَانِهِمْ هَلُمَّ إِلَيْنَا ۖ وَلَا يَأْتُونَ الْبَأْسَ إِلَّا قَلِيلًا

    Бевза Далла шух новкъарло еш берш /нах гӀазоте ца бохуьйтуш/‚ шайн вежаршка олуш берш: 'Схьадуьйла тхо долчу /ма гӀо гӀазоте/!' Цхьа кӀеззиг бен ца бира цара (мунепакъаша шуьца цхьана) тӀом (гӀазот),

    33:18
  11. أَشِحَّةً عَلَيْكُمْ ۖ فَإِذَا جَاءَ الْخَوْفُ رَأَيْتَهُمْ يَنْظُرُونَ إِلَيْكَ تَدُورُ أَعْيُنُهُمْ كَالَّذِي يُغْشَىٰ عَلَيْهِ مِنَ الْمَوْتِ ۖ فَإِذَا ذَهَبَ الْخَوْفُ سَلَقُوكُمْ بِأَلْسِنَةٍ حِدَادٍ أَشِحَّةً عَلَى الْخَيْرِ ۚ أُولَٰئِكَ لَمْ يُؤْمِنُوا فَأَحْبَطَ اللَّهُ أَعْمَالَهُمْ ۚ وَكَانَ ذَٰلِكَ عَلَى اللَّهِ يَسِيرًا

    /Иза а/ шуна /безамций, доглазарций/ бӀаьрмециг хуьлуш а бен. Кхерам беъча, хьуна гира уьш хьоьга хьоьжуш шайн бӀаьргаш хьийзаш, валан хорша еанарг санна. Кхерам дӀабаьлча, шух чекхдохур ду цара чӀиран меттанаш дикачунна бӀаьрмециг хилла. Уьш ийман диллина бац хьуна‚ Дала дяйа хьуна церан Ӏамалаш. Иза хилира Далла атта

    33:19
  12. يَحْسَبُونَ الْأَحْزَابَ لَمْ يَذْهَبُوا ۖ وَإِنْ يَأْتِ الْأَحْزَابُ يَوَدُّوا لَوْ أَنَّهُمْ بَادُونَ فِي الْأَعْرَابِ يَسْأَلُونَ عَنْ أَنْبَائِكُمْ ۖ وَلَوْ كَانُوا فِيكُمْ مَا قَاتَلُوا إِلَّا قَلِيلًا

    Царна моьтту и тобанаш дӀа ца яхна. И тобанаш еъча, царна лаьа кхелхаш лелачу Ӏаьрбийн юккъехь дӀасалеларш хила‚ шун хабарш хоьттуш. Шун юккъехь хилча а, кӀеззиг бен тӀом бира бацара цара

    33:20

Гочдар: Магомед Магомедов