Сурат 34 Сабаъ, аят 1 – 9

  1. الْحَمْدُ لِلَّهِ الَّذِي لَهُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ وَلَهُ الْحَمْدُ فِي الْآخِرَةِ ۚ وَهُوَ الْحَكِيمُ الْخَبِيرُ

    Хастам бу Далла‚ Шена стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг долчу‚ Шена хастам болчунна эхартахь а. Иза хьикмате верг а ву‚ сов дика хууш верг а ву

    34:1
  2. يَعْلَمُ مَا يَلِجُ فِي الْأَرْضِ وَمَا يَخْرُجُ مِنْهَا وَمَا يَنْزِلُ مِنَ السَّمَاءِ وَمَا يَعْرُجُ فِيهَا ۚ وَهُوَ الرَّحِيمُ الْغَفُورُ

    Цунна хаьа латтана чудулуш дерг а‚ оцунах схьадолуш дерг а‚ стиглара охьадогӀуш дерг а‚ цига ирхдолуш дерг а. Иза къинхетаме верг а ву‚ гечдеш верг а ву

    34:2
  3. وَقَالَ الَّذِينَ كَفَرُوا لَا تَأْتِينَا السَّاعَةُ ۖ قُلْ بَلَىٰ وَرَبِّي لَتَأْتِيَنَّكُمْ عَالِمِ الْغَيْبِ ۖ لَا يَعْزُبُ عَنْهُ مِثْقَالُ ذَرَّةٍ فِي السَّمَاوَاتِ وَلَا فِي الْأَرْضِ وَلَا أَصْغَرُ مِنْ ذَٰلِكَ وَلَا أَكْبَرُ إِلَّا فِي كِتَابٍ مُبِينٍ

    Цатешачара элира: 'Сахьт (къематде) вайна догӀур а дац'. Ахь āла: 'ХӀаъ‚ сан Кхиош-кхобучух дуй боу ас‚ къайлаха дерг хууш волчу: данне а догӀур долуш ду иза шуна'. Цунах (Делах) къайладер дац мискъала зарратал хӀума стигланашкахь а‚ лаьттахь а‚ цул мелхо а жиманиг а, мелхо а доккханиг а‚ билгалчу жайна чохь долуш а бен

    34:3
  4. لِيَجْزِيَ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ ۚ أُولَٰئِكَ لَهُمْ مَغْفِرَةٌ وَرِزْقٌ كَرِيمٌ

    Ийман диллинчарна‚ дика Ӏамалш йиначарна ял ялархьама. Уьш бу шайна гечдар а‚ сийлахь рицкъ а хир дерш

    34:4
  5. وَالَّذِينَ سَعَوْا فِي آيَاتِنَا مُعَاجِزِينَ أُولَٰئِكَ لَهُمْ عَذَابٌ مِنْ رِجْزٍ أَلِيمٌ

    Тхан аяташ талхо къахоьгуш берш, /уьш/ гӀелдан гӀерташ царна Ӏазап ду лазош долчу таӀзарах

    34:5
  6. وَيَرَى الَّذِينَ أُوتُوا الْعِلْمَ الَّذِي أُنْزِلَ إِلَيْكَ مِنْ رَبِّكَ هُوَ الْحَقَّ وَيَهْدِي إِلَىٰ صِرَاطِ الْعَزِيزِ الْحَمِيدِ

    Шайна Ӏилма деллачарна хаьа хьуна хьан Кхиош-кхобучуьнгара доьссинарг бакъдерг дуйла‚ ша /нах/ нисбеш долу веза волчун‚ хастаме волчун (Делан) новкъа

    34:6
  7. وَقَالَ الَّذِينَ كَفَرُوا هَلْ نَدُلُّكُمْ عَلَىٰ رَجُلٍ يُنَبِّئُكُمْ إِذَا مُزِّقْتُمْ كُلَّ مُمَزَّقٍ إِنَّكُمْ لَفِي خَلْقٍ جَدِيدٍ

    Цатешначара элира: 'Оха нисдой шу цхьана стагана тӀе‚ шуьга ша дуьйцуш волчу‚ шу ерриг кийсак хилла /кешний чохь/ дахкаделча, шу керлачу кхоллар чохь хир ду /юха дендийр ду/‚ бохуш волчу?

    34:7
  8. أَفْتَرَىٰ عَلَى اللَّهِ كَذِبًا أَمْ بِهِ جِنَّةٌ ۗ بَلِ الَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِالْآخِرَةِ فِي الْعَذَابِ وَالضَّلَالِ الْبَعِيدِ

    Далла тӀе харцдерг кхоьллина цо‚ я цуьнца жинаш ду'. ХӀаъ‚ эхартах ца тешаш берш Ӏазапа чохь а‚ генарчу тилар чохь а ма бу

    34:8
  9. أَفَلَمْ يَرَوْا إِلَىٰ مَا بَيْنَ أَيْدِيهِمْ وَمَا خَلْفَهُمْ مِنَ السَّمَاءِ وَالْأَرْضِ ۚ إِنْ نَشَأْ نَخْسِفْ بِهِمُ الْأَرْضَ أَوْ نُسْقِطْ عَلَيْهِمْ كِسَفًا مِنَ السَّمَاءِ ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً لِكُلِّ عَبْدٍ مُنِيبٍ

    Царна ца го-те стиглара а, лаьттара а шайна хьалхахь а, тӀехьахь а дерг? Тхуна лиънехьара, Оха лаьтте худийтур бара уьш‚ я стиглара кийсакаш егор яра царна тӀе. Баккъалла а, цу чохь делил ма ду / тобадарца Далла / твоьрзуш волчу лена

    34:9

Гочдар: Магомед Магомедов