Сурат 34 Сабаъ, аят 22 – 30

  1. قُلِ ادْعُوا الَّذِينَ زَعَمْتُمْ مِنْ دُونِ اللَّهِ ۖ لَا يَمْلِكُونَ مِثْقَالَ ذَرَّةٍ فِي السَّمَاوَاتِ وَلَا فِي الْأَرْضِ وَمَا لَهُمْ فِيهِمَا مِنْ شِرْكٍ وَمَا لَهُ مِنْهُمْ مِنْ ظَهِيرٍ

    Ахь āла: 'Кхайкха шаьш, АллахӀ витина, /делий бу/ моьттуш хиллачаьрга'. Цара дола ма ца до мискъала заррат /хӀуманна/ стигланашкахь а‚ лаьттахь а. Ма дац царна (цара шайн делий бу бохучарна) цу шинна чохь цхьа а /АллахӀаца/ накъосталла‚ ма вац Цунна царах цхьа а гӀоьнча /оьшуш/

    34:22
  2. وَلَا تَنْفَعُ الشَّفَاعَةُ عِنْدَهُ إِلَّا لِمَنْ أَذِنَ لَهُ ۚ حَتَّىٰ إِذَا فُزِّعَ عَنْ قُلُوبِهِمْ قَالُوا مَاذَا قَالَ رَبُّكُمْ ۖ قَالُوا الْحَقَّ ۖ وَهُوَ الْعَلِيُّ الْكَبِيرُ

    Пайда бийр бац гӀодаккхаро Цунна гергахь Цо шена пурба деллачунна бен. Шайн дегнашкара кхерам дӀабаьккхича‚ цара (шайна шапаӀат дан бакъо елла хилла долчу маликаша а, пайхамараша а) элира /вовшашка/: 'ХӀун элира шун Кхиош-кхобучо /шапат даран хьокъехь/?' Цара элира: 'Бакъдерг. Иза лекха а‚ воккха а верг ву'

    34:23
  3. قُلْ مَنْ يَرْزُقُكُمْ مِنَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۖ قُلِ اللَّهُ ۖ وَإِنَّا أَوْ إِيَّاكُمْ لَعَلَىٰ هُدًى أَوْ فِي ضَلَالٍ مُبِينٍ

    Ахь āла: 'Мила ву шуна рицкъ луш верг стигланашкара а‚ латтара а?' Ахь āла: ' АллахДела ву'. Баккъалла а, Тхо я шу нийсачу новкъахь ду я билгалчу тилар чохь ду!'

    34:24
  4. قُلْ لَا تُسْأَلُونَ عَمَّا أَجْرَمْنَا وَلَا نُسْأَلُ عَمَّا تَعْمَلُونَ

    Ахь āла: 'Шуьга хоттур дац оха къа дарна‚ тхоьга хоттур дац аш деш долчух'

    34:25
  5. قُلْ يَجْمَعُ بَيْنَنَا رَبُّنَا ثُمَّ يَفْتَحُ بَيْنَنَا بِالْحَقِّ وَهُوَ الْفَتَّاحُ الْعَلِيمُ

    Ахь āла: 'Цхьаьнатухур ду вай вайн Кхиош-кхобучо /къематдийнахь/ тӀаккха къастор ду Цо вайна юккъехь бакъдолчуьнца‚ Иза хууш волу къастош верг ву'

    34:26
  6. قُلْ أَرُونِيَ الَّذِينَ أَلْحَقْتُمْ بِهِ شُرَكَاءَ ۖ كَلَّا ۚ بَلْ هُوَ اللَّهُ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ

    Ахь āла: 'Аш гайта суна шаьш Цунах кхиина накъостий'. ХӀан-хӀа! Иза Дела ву‚ Ша веза волу‚ Ша хьукам /нийса/ деш волу

    34:27
  7. وَمَا أَرْسَلْنَاكَ إِلَّا كَافَّةً لِلنَّاسِ بَشِيرًا وَنَذِيرًا وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لَا يَعْلَمُونَ

    Оха вахийтина ма вац хьо массо а нахе кхаъ бахьаш верг а‚ кхерамча а хилла бен‚ делахь а, нахах дукхах- болчарна ца хаьа-кх

    34:28
  8. وَيَقُولُونَ مَتَىٰ هَٰذَا الْوَعْدُ إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ

    Цара олу: 'Маца /кхочуш/ хир ю и ваӀда, шу бакълуьйш хиллехь?'

    34:29
  9. قُلْ لَكُمْ مِيعَادُ يَوْمٍ لَا تَسْتَأْخِرُونَ عَنْهُ سَاعَةً وَلَا تَسْتَقْدِمُونَ

    Ахь āла: 'Шуна хан тоьхна де ду‚ цунах цхьа сахът тӀаьхьадуьсур а дац шу‚ хьалхадовлур а дац'

    34:30

Гочдар: Магомед Магомедов