Сурат 34 Сабаъ, аят 31 – 36
-
وَقَالَ الَّذِينَ كَفَرُوا لَنْ نُؤْمِنَ بِهَٰذَا الْقُرْآنِ وَلَا بِالَّذِي بَيْنَ يَدَيْهِ ۗ وَلَوْ تَرَىٰ إِذِ الظَّالِمُونَ مَوْقُوفُونَ عِنْدَ رَبِّهِمْ يَرْجِعُ بَعْضُهُمْ إِلَىٰ بَعْضٍ الْقَوْلَ يَقُولُ الَّذِينَ اسْتُضْعِفُوا لِلَّذِينَ اسْتَكْبَرُوا لَوْلَا أَنْتُمْ لَكُنَّا مُؤْمِنِينَ
Цатешначара элира: 'Тешанне а тешар ма дац тхо хӀоккху Къуръанах а‚ цул хьалха хиллачух а'. Хьуна гуш балхьара и зуламхой шайн Кхиош-кхобучунна хьалха хӀоттийна‚ царах цхьаберш вукхаьрга дош юхадерзадеш‚ шаьш заьӀип хиллачара куралла еш хиллачаьрга олуш: 'Шу ца хиллехьара, тхох муъмин нах хилла хир ма бара'
34:31 -
قَالَ الَّذِينَ اسْتَكْبَرُوا لِلَّذِينَ اسْتُضْعِفُوا أَنَحْنُ صَدَدْنَاكُمْ عَنِ الْهُدَىٰ بَعْدَ إِذْ جَاءَكُمْ ۖ بَلْ كُنْتُمْ مُجْرِمِينَ
Шаьш куралла еш хиллачара элира заьӀип хиллачаьрга: 'Оха дӀатилира шу /нийсачу/ некъах и шуьга беъначул тӀаьхьа? ХӀаъ‚ шу шаьш хилира къинош деш'
34:32 -
وَقَالَ الَّذِينَ اسْتُضْعِفُوا لِلَّذِينَ اسْتَكْبَرُوا بَلْ مَكْرُ اللَّيْلِ وَالنَّهَارِ إِذْ تَأْمُرُونَنَا أَنْ نَكْفُرَ بِاللَّهِ وَنَجْعَلَ لَهُ أَنْدَادًا ۚ وَأَسَرُّوا النَّدَامَةَ لَمَّا رَأَوُا الْعَذَابَ وَجَعَلْنَا الْأَغْلَالَ فِي أَعْنَاقِ الَّذِينَ كَفَرُوا ۚ هَلْ يُجْزَوْنَ إِلَّا مَا كَانُوا يَعْمَلُونَ
Шаьш заьӀип хиллачара элира куралла еш хилачаьрга: 'ХӀаъ‚ буьйсанан а‚ дийнан а мекарлонаца аш тхуна омра ма дора тхо Делах цатешар‚ Оха Цуьнца кхиберш нисбар'. Цара хьулдийра дохкобовлар, шайна Ӏазап гича. Оха буржолаш-гматаш туьйхира ца тешаш хиллачеран логех. Шаьш деш хиллачуьнца бен бекхам хир буй царна?
34:33 -
وَمَا أَرْسَلْنَا فِي قَرْيَةٍ مِنْ نَذِيرٍ إِلَّا قَالَ مُتْرَفُوهَا إِنَّا بِمَا أُرْسِلْتُمْ بِهِ كَافِرُونَ
Оха ца вахийтира юьртахь цхьа а кхерамча цуьнан (юьртан) хьалдолчара олуш бен: 'Баккъалла а, тхо шу шеца даийтинчунна /ца тешаш/ керста ду-кх'
34:34 -
وَقَالُوا نَحْنُ أَكْثَرُ أَمْوَالًا وَأَوْلَادًا وَمَا نَحْنُ بِمُعَذَّبِينَ
Цара олура: 'Тхо мелхо а алсам ду бахамца а‚ доьзалца а‚ тхуна Ӏазап дийр дац'
34:35 -
قُلْ إِنَّ رَبِّي يَبْسُطُ الرِّزْقَ لِمَنْ يَشَاءُ وَيَقْدِرُ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لَا يَعْلَمُونَ
Ахь āла: 'Баккъалла а, сан Кхиош-кхобучо рицкъ даржадо Шена луучунна /дукха луш/‚ барам а бо /кӀеззиг луш/‚ делахь а, нахах дукхах- болчарна ца хаьа-кх.'
34:36
Гочдар: Магомед Магомедов