Сурат 34 Сабаъ, аят 37 – 45

  1. وَمَا أَمْوَالُكُمْ وَلَا أَوْلَادُكُمْ بِالَّتِي تُقَرِّبُكُمْ عِنْدَنَا زُلْفَىٰ إِلَّا مَنْ آمَنَ وَعَمِلَ صَالِحًا فَأُولَٰئِكَ لَهُمْ جَزَاءُ الضِّعْفِ بِمَا عَمِلُوا وَهُمْ فِي الْغُرُفَاتِ آمِنُونَ

    Шун бахам а‚ шун доьзал а ма бац шу Тхуна гергадалош берш (кӀез-кӀеззиг) гергадалорца ша ийман диллинарг а‚ дика Ӏамал йинарг а бен. Уьш бу шайна шозза ял ерш шаьш йинчу Ӏамалшца‚ уьш /хир/ бу /ялсаманин/ хӀусамашкахь кхерам боцуш

    34:37
  2. وَالَّذِينَ يَسْعَوْنَ فِي آيَاتِنَا مُعَاجِزِينَ أُولَٰئِكَ فِي الْعَذَابِ مُحْضَرُونَ

    Тхан аяташ /дохорехь/ къахьоьгуш берш, шаьш /уьш/ грасиза дийр ду моьттуш,- уьш Ӏазап чохь латтор ма бу

    34:38
  3. قُلْ إِنَّ رَبِّي يَبْسُطُ الرِّزْقَ لِمَنْ يَشَاءُ مِنْ عِبَادِهِ وَيَقْدِرُ لَهُ ۚ وَمَا أَنْفَقْتُمْ مِنْ شَيْءٍ فَهُوَ يُخْلِفُهُ ۖ وَهُوَ خَيْرُ الرَّازِقِينَ

    Ахь āла: 'Баккъалла а, сан Кхиош-кхобучо даржадо /шортта/ рицкъ Шен лешех Шен луучунна‚ Цо цунна барам а бо /кӀеззиг луш/'. Аш хӀуманах сагӀина елларг- Цо меттахӀоттор ю. Иза рицкъ лучарех уггар диканиг ву

    34:39
  4. وَيَوْمَ يَحْشُرُهُمْ جَمِيعًا ثُمَّ يَقُولُ لِلْمَلَائِكَةِ أَهَٰؤُلَاءِ إِيَّاكُمْ كَانُوا يَعْبُدُونَ

    Цу /къемат/дийнахь Цо гулбийр бу уьш берриге а‚ тӀаккха эр ду маликашка: 'ХӀорш бу и шуна Ӏибадат деш хилларш?'

    34:40
  5. قَالُوا سُبْحَانَكَ أَنْتَ وَلِيُّنَا مِنْ دُونِهِمْ ۖ بَلْ كَانُوا يَعْبُدُونَ الْجِنَّ ۖ أَكْثَرُهُمْ بِهِمْ مُؤْمِنُونَ

    Цара элира: 'Вонах цӀена ву хьо‚ Хьо ву-кх тхан вали, уьш боцуш. ХӀаъ‚ уьш хилира жинашна Ӏибадат деш‚ царах дукхахберш царна ийман диллина бу'

    34:41
  6. فَالْيَوْمَ لَا يَمْلِكُ بَعْضُكُمْ لِبَعْضٍ نَفْعًا وَلَا ضَرًّا وَنَقُولُ لِلَّذِينَ ظَلَمُوا ذُوقُوا عَذَابَ النَّارِ الَّتِي كُنْتُمْ بِهَا تُكَذِّبُونَ

    Тахана шух цхьаболчеран долахь бац вукхарна пайда а‚ зен а‚ Оха эр ду зулам диначаьрга: 'Ӏовша шайна цӀеран Ӏазап, аш ша харцдеш хилла долу'

    34:42
  7. وَإِذَا تُتْلَىٰ عَلَيْهِمْ آيَاتُنَا بَيِّنَاتٍ قَالُوا مَا هَٰذَا إِلَّا رَجُلٌ يُرِيدُ أَنْ يَصُدَّكُمْ عَمَّا كَانَ يَعْبُدُ آبَاؤُكُمْ وَقَالُوا مَا هَٰذَا إِلَّا إِفْكٌ مُفْتَرًى ۚ وَقَالَ الَّذِينَ كَفَرُوا لِلْحَقِّ لَمَّا جَاءَهُمْ إِنْ هَٰذَا إِلَّا سِحْرٌ مُبِينٌ

    Шайна тӀехь Тхан билгала долу аяташ доьшуш, цара элира: 'ХӀара ма вац шу шун дай шена Ӏибадат деш хиллачух дӀатило лууш волу стаг бен'. Цара элира /юха а/: 'Цо ша кхоьллина харцдерг бен ма дац хӀара /Къуръан/'. Цатешначара элира бакъдолчунна, и шайга деъча: 'ХӀара деккъа къеггина бозбуунчалла ду-кх'

    34:43
  8. وَمَا آتَيْنَاهُمْ مِنْ كُتُبٍ يَدْرُسُونَهَا ۖ وَمَا أَرْسَلْنَا إِلَيْهِمْ قَبْلَكَ مِنْ نَذِيرٍ

    Оха ца делла /хьалха/ цаьрга (Маккан охага) цхьа а жайна цара и Ӏамадеш долу‚ Оха ца вахийтина цаьрга хьол хьалха цхьа а кхерамча

    34:44
  9. وَكَذَّبَ الَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ وَمَا بَلَغُوا مِعْشَارَ مَا آتَيْنَاهُمْ فَكَذَّبُوا رُسُلِي ۖ فَكَيْفَ كَانَ نَكِيرِ

    Харцдира царал хьалха хиллачара а‚ /хӀорш-м/ ца кхиира Оха царна деллачух итталгӀачу декъах а. Цара харцбира Сан элчанаш. Муха хилира Сан /уьш/ цаларар (Сан Ӏазап)?

    34:45

Гочдар: Магомед Магомедов