Сурат 34 Сабаъ, аят 46 – 54

  1. قُلْ إِنَّمَا أَعِظُكُمْ بِوَاحِدَةٍ ۖ أَنْ تَقُومُوا لِلَّهِ مَثْنَىٰ وَفُرَادَىٰ ثُمَّ تَتَفَكَّرُوا ۚ مَا بِصَاحِبِكُمْ مِنْ جِنَّةٍ ۚ إِنْ هُوَ إِلَّا نَذِيرٌ لَكُمْ بَيْنَ يَدَيْ عَذَابٍ شَدِيدٍ

    Ахь āла: 'Ас хьоьху шуна цхьа хӀума: шу дхӀоттар Далла хьалха /бакъдерг лоьхуш/ шишша а‚ цхьаьцца а‚ тӀаккха аш ойла яр: шун накъост ма вац жинех. Иза ма вац кхерамча бен, чӀогӀа Ӏазап хилале хьалха /ваийтина волу/'

    34:46
  2. قُلْ مَا سَأَلْتُكُمْ مِنْ أَجْرٍ فَهُوَ لَكُمْ ۖ إِنْ أَجْرِيَ إِلَّا عَلَى اللَّهِ ۖ وَهُوَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ شَهِيدٌ

    Ахь āла: 'Ас ца бехна шуьга цхьа а мах‚ иза шуна бу. Сан мах Далла тӀехь бен бац. Иза массо а хӀуманна тӀехь теш ма ву'

    34:47
  3. قُلْ إِنَّ رَبِّي يَقْذِفُ بِالْحَقِّ عَلَّامُ الْغُيُوبِ

    Ахь āла: 'Баккъалла а, сан Кхиош-кхобучо дуьллу /пайхамарийн дегнашка/ бакъдерг‚ къайленаш дика хууш верг ву Иза'

    34:48
  4. قُلْ جَاءَ الْحَقُّ وَمَا يُبْدِئُ الْبَاطِلُ وَمَا يُعِيدُ

    Ахь āла: 'Деана бакъдерг. Ддолалур дац харцдерг‚ духадоьрзур а дац'

    34:49
  5. قُلْ إِنْ ضَلَلْتُ فَإِنَّمَا أَضِلُّ عَلَىٰ نَفْسِي ۖ وَإِنِ اهْتَدَيْتُ فَبِمَا يُوحِي إِلَيَّ رَبِّي ۚ إِنَّهُ سَمِيعٌ قَرِيبٌ

    Ахь āла: 'Со тилвеллехь, со тилалуш ву сайна. Со нисвеллехь, Сан Кхиош-кхобучо сайга деллачу вехьеца /нисвелла/. Баккъалла а, Иза хозуш верг а ву‚ гергахь верг а ву'

    34:50
  6. وَلَوْ تَرَىٰ إِذْ فَزِعُوا فَلَا فَوْتَ وَأُخِذُوا مِنْ مَكَانٍ قَرِيبٍ

    Хьуна гинехьара уьш кхерабелла‚ бовла меттиг йоцуш‚ схьаьлаьцна гергарчу меттигера

    34:51
  7. وَقَالُوا آمَنَّا بِهِ وَأَنَّىٰ لَهُمُ التَّنَاوُشُ مِنْ مَكَانٍ بَعِيدٍ

    Цара элира: 'Оха ийман диллина цунах'. Мичара ду царна /ийманах/ кхиар генарчу меттигера?

    34:52
  8. وَقَدْ كَفَرُوا بِهِ مِنْ قَبْلُ ۖ وَيَقْذِفُونَ بِالْغَيْبِ مِنْ مَكَانٍ بَعِيدٍ

    Цара керстадина иза хьалха. Цара дӀатосура къайлаха дерг генарчу меттигера. (Цара бакъ ца лорура шайга дуьненахь дуьйцуш хилла долу къематдийнах а, юхадендарах а, ялсаманих а, жоьжахатих а лаьцна хабарш)

    34:53
  9. وَحِيلَ بَيْنَهُمْ وَبَيْنَ مَا يَشْتَهُونَ كَمَا فُعِلَ بِأَشْيَاعِهِمْ مِنْ قَبْلُ ۚ إِنَّهُمْ كَانُوا فِي شَكٍّ مُرِيبٍ

    Дуьхьало хилира царна а‚ царна дезачунна а юккъехь‚ уьш санначарах хьалха дина ма хилла. Баккъалла а, уьш хилира шеконан шеконехь

    34:54

Гочдар: Магомед Магомедов