Сурат 36 Йа-син, аят 13 – 32
-
وَاضْرِبْ لَهُمْ مَثَلًا أَصْحَابَ الْقَرْيَةِ إِذْ جَاءَهَا الْمُرْسَلُونَ
Балабе царна масална цхьана юьртан дай: цига баьхкира элчанаш
36:13 -
إِذْ أَرْسَلْنَا إِلَيْهِمُ اثْنَيْنِ فَكَذَّبُوهُمَا فَعَزَّزْنَا بِثَالِثٍ فَقَالُوا إِنَّا إِلَيْكُمْ مُرْسَلُونَ
Оха вахийтинера цаьрга шиъ цара уьш шиа харцбира. ТӀаккха Оха уьш чӀагӀбира кхоалгӀачуьнца‚ цара элира: 'Баккъалла а, тхо шуьга /дахкийтина/ элчанаш ма ду'
36:14 -
قَالُوا مَا أَنْتُمْ إِلَّا بَشَرٌ مِثْلُنَا وَمَا أَنْزَلَ الرَّحْمَٰنُ مِنْ شَيْءٍ إِنْ أَنْتُمْ إِلَّا تَكْذِبُونَ
Цара (юьртара наха) элира: 'Шу ма дац тхо санна адамаш бен. Цхьанна хӀуманца Къинхетаме волчо дахкийтина ма дац шу шу харцлуьйш ма ду'
36:15 -
قَالُوا رَبُّنَا يَعْلَمُ إِنَّا إِلَيْكُمْ لَمُرْسَلُونَ
Цара (элчанаша) элира: 'Вайн Кхиош-кхобучунна хаьа-кх тхо шуьга даийтина элчанаш дуйла
36:16 -
وَمَا عَلَيْنَا إِلَّا الْبَلَاغُ الْمُبِينُ
Тхуна тӀехь-м дац билгалдерг дӀакхачор бен'
36:17 -
قَالُوا إِنَّا تَطَيَّرْنَا بِكُمْ ۖ لَئِنْ لَمْ تَنْتَهُوا لَنَرْجُمَنَّكُمْ وَلَيَمَسَّنَّكُمْ مِنَّا عَذَابٌ أَلِيمٌ
Цара (юьртара наха) элира: 'Шу бахьанехь вон билгалонаш хааелла тхуна‚ шу ца совцахь‚ оха шуна тӀулгаш деттар ма ду‚ тхоьгара лазош долчу Ӏазапо схьалоьцур ма ду шу'
36:18 -
قَالُوا طَائِرُكُمْ مَعَكُمْ ۚ أَئِنْ ذُكِّرْتُمْ ۚ بَلْ أَنْتُمْ قَوْمٌ مُسْرِفُونَ
Цара элира: 'Шун вон билгалонаш шуьца шайца ю. Ткъа шуна хьехам бина дела /ю шун вон билгалонаш; цундела до аш тхуна Ӏазап?/ ХӀаъ‚ шу ду-кх тӀаламза къам (дуккха кӀорга дахна шу къинош дарехь)'
36:19 -
وَجَاءَ مِنْ أَقْصَى الْمَدِينَةِ رَجُلٌ يَسْعَىٰ قَالَ يَا قَوْمِ اتَّبِعُوا الْمُرْسَلِينَ
ГӀалина йистера ведда цхьа стаг схьакхечира‚ цо элира: 'ХӀай сан къам! ТӀаьхьахӀитта оцу элчанашна
36:20 -
اتَّبِعُوا مَنْ لَا يَسْأَلُكُمْ أَجْرًا وَهُمْ مُهْتَدُونَ
ТӀаьхьахӀитта шайга мах ца боьхуш болчарна уьш нийсачу новкъахь ма бу
36:21 -
وَمَا لِيَ لَا أَعْبُدُ الَّذِي فَطَرَنِي وَإِلَيْهِ تُرْجَعُونَ
Ас хӀунда ца до Ӏибадат суо Кхоьллинчунна‚ шу а Шена тӀе дӀадуьгур долчунна?
36:22 -
أَأَتَّخِذُ مِنْ دُونِهِ آلِهَةً إِنْ يُرِدْنِ الرَّحْمَٰنُ بِضُرٍّ لَا تُغْنِ عَنِّي شَفَاعَتُهُمْ شَيْئًا وَلَا يُنْقِذُونِ
Иза а вуьтий‚ кхин делий тӀелоцу ткъа ас? Къинхетаме волчунна (Далла) суна цхьа зен дан лиъча‚ церан шапаӀаташа хӀумма а гӀо дийр ма дацара суна‚ цара со кӀелхьарвоккхур ма вацара /Делан Ӏазапах/
36:23 -
إِنِّي إِذًا لَفِي ضَلَالٍ مُبِينٍ
Ган а гуш долчу тилар чохь хир ма вара со тӀаккха
36:24 -
إِنِّي آمَنْتُ بِرَبِّكُمْ فَاسْمَعُونِ
Баккъалла а, ас ийман дилли шун Кхиош-кхобучуьнга, соьга ладогӀа…'
36:25 -
قِيلَ ادْخُلِ الْجَنَّةَ ۖ قَالَ يَا لَيْتَ قَوْمِي يَعْلَمُونَ
/Маликаша/ элира: 'Ялсамане гӀо'. Цо элира /шен са долуш/: 'ХӀай сан къам‚ шу хууш хиллехьара-кх
36:26 -
بِمَا غَفَرَ لِي رَبِّي وَجَعَلَنِي مِنَ الْمُكْرَمِينَ
Суна сан Кхиош-кхобучо гечдина хилар а‚ Цо со сийлахь болчарах хилийтар а'
36:27 -
وَمَا أَنْزَلْنَا عَلَىٰ قَوْمِهِ مِنْ بَعْدِهِ مِنْ جُنْدٍ مِنَ السَّمَاءِ وَمَا كُنَّا مُنْزِلِينَ
Цул тӀаьхьа цуьнан къоманна тӀе стиглара бӀо ца баийтира Оха‚ и боуьйтурш ца хилира Тхо
36:28 -
إِنْ كَانَتْ إِلَّا صَيْحَةً وَاحِدَةً فَإِذَا هُمْ خَامِدُونَ
Беккъа цхьа чӀогӀа мохь хилира уьш /чим хилла/ дӀатийна бисира
36:29 -
يَا حَسْرَةً عَلَى الْعِبَادِ ۚ مَا يَأْتِيهِمْ مِنْ رَسُولٍ إِلَّا كَانُوا بِهِ يَسْتَهْزِئُونَ
Ма боккха бала бу-кх /Сан/ лешна: цхьа а элча ца веана-кх цаьрга, и цара хьийзавеш бен
36:30 -
أَلَمْ يَرَوْا كَمْ أَهْلَكْنَا قَبْلَهُمْ مِنَ الْقُرُونِ أَنَّهُمْ إِلَيْهِمْ لَا يَرْجِعُونَ
Царна ца го-техьа: мел дукха тьхьенаш хӀаллакйина Оха царал хьалха‚ уьш царна тӀе юхабоьрзур ма бац
36:31 -
وَإِنْ كُلٌّ لَمَّا جَمِيعٌ لَدَيْنَا مُحْضَرُونَ
Массо а цхьана Тхуна хьалха дӀахӀиттор ма бу
36:32
Гочдар: Магомед Магомедов