Сурат 36 Йа-син, аят 33 – 50
-
وَآيَةٌ لَهُمُ الْأَرْضُ الْمَيْتَةُ أَحْيَيْنَاهَا وَأَخْرَجْنَا مِنْهَا حَبًّا فَمِنْهُ يَأْكُلُونَ
Билгала делил ма дуй царна делла долу латта: Оха иза дендина‚ цунах Оха буьртигаш а схьадаьхна царах цара кхача боу
36:33 -
وَجَعَلْنَا فِيهَا جَنَّاتٍ مِنْ نَخِيلٍ وَأَعْنَابٍ وَفَجَّرْنَا فِيهَا مِنَ الْعُيُونِ
Цунна тӀехь Оха хурманийн а‚ кемсийн а бошмаш хӀиттийна. Цунах Оха шовданаш а даьхна
36:34 -
لِيَأْكُلُوا مِنْ ثَمَرِهِ وَمَا عَمِلَتْهُ أَيْدِيهِمْ ۖ أَفَلَا يَشْكُرُونَ
Цаьрга цуьнан стоьмаш баийта церан куьйгаша ца дина иза. Баркалла хӀунда ца олу цара?
36:35 -
سُبْحَانَ الَّذِي خَلَقَ الْأَزْوَاجَ كُلَّهَا مِمَّا تُنْبِتُ الْأَرْضُ وَمِنْ أَنْفُسِهِمْ وَمِمَّا لَا يَعْلَمُونَ
Цна ву И (Дела массо а кхачамбацарех)‚ Ша массо а хӀума боьрша а‚ сте а‚ кхоьллина волу: лаьтто схьадолуьйтуш дерг а‚ уьш шаьш а‚ царна цахуург а
36:36 -
وَآيَةٌ لَهُمُ اللَّيْلُ نَسْلَخُ مِنْهُ النَّهَارَ فَإِذَا هُمْ مُظْلِمُونَ
Билгала делил ду царна буьйса: цунах де схьадоккху Оха‚ тккха уьш боданехь буьсуш
36:37 -
وَالشَّمْسُ تَجْرِي لِمُسْتَقَرٍّ لَهَا ۚ ذَٰلِكَ تَقْدِيرُ الْعَزِيزِ الْعَلِيمِ
Малх а дӀалела шена хӀоттинчу меттиге Ша веза волчун‚ Ша хууш волчун дӀахӀоттам бу иза
36:38 -
وَالْقَمَرَ قَدَّرْنَاهُ مَنَازِلَ حَتَّىٰ عَادَ كَالْعُرْجُونِ الْقَدِيمِ
Беттан а барам бина Оха шен манзалашкахь дӀабоьрзуш хурманан ширчу гах тарлой
36:39 -
لَا الشَّمْسُ يَنْبَغِي لَهَا أَنْ تُدْرِكَ الْقَمَرَ وَلَا اللَّيْلُ سَابِقُ النَّهَارِ ۚ وَكُلٌّ فِي فَلَكٍ يَسْبَحُونَ
Малх баттана тӀаьхьа ца кхуьу‚ буьйса дийнал хьалха ца йолу массо а шен-шен меттехь нека деш ю
36:40 -
وَآيَةٌ لَهُمْ أَنَّا حَمَلْنَا ذُرِّيَّتَهُمْ فِي الْفُلْكِ الْمَشْحُونِ
Билгала делил ду царна Оха церан зуьррет дуьззина хиллачу /Нухьан/ кемана тӀехь дсалелийна хилар
36:41 -
وَخَلَقْنَا لَهُمْ مِنْ مِثْلِهِ مَا يَرْكَبُونَ
Цунах тера кхоьллира Оха царна уьш тӀе хаа хӀуманаш а
36:42 -
وَإِنْ نَشَأْ نُغْرِقْهُمْ فَلَا صَرِيخَ لَهُمْ وَلَا هُمْ يُنْقَذُونَ
Тхуна лиънехьара‚ хи чу бахийтина хир бара уьш‚ ма хир дацара царна орца‚ ма кӀелхьарбохур бацара уьш
36:43 -
إِلَّا رَحْمَةً مِنَّا وَمَتَاعًا إِلَىٰ حِينٍ
Тхоьгара къинхетам а‚ цхьа хан тӀекхаччалц бахам а хилча бен
36:44 -
وَإِذَا قِيلَ لَهُمُ اتَّقُوا مَا بَيْنَ أَيْدِيكُمْ وَمَا خَلْفَكُمْ لَعَلَّكُمْ تُرْحَمُونَ
Цаьрга аьлча: 'Шу кхералаш шун хьалха хиллачух а‚ шун тӀаьхьа хирдолчух а шух къинхетам бан там бара' /уьш дӀабоьрзу/
36:45 -
وَمَا تَأْتِيهِمْ مِنْ آيَةٍ مِنْ آيَاتِ رَبِّهِمْ إِلَّا كَانُوا عَنْهَا مُعْرِضِينَ
Делан аятех цхьа а аят ца догӀу цаьрга‚ уьш цунах дӀабоьрзуш а бен
36:46 -
وَإِذَا قِيلَ لَهُمْ أَنْفِقُوا مِمَّا رَزَقَكُمُ اللَّهُ قَالَ الَّذِينَ كَفَرُوا لِلَّذِينَ آمَنُوا أَنُطْعِمُ مَنْ لَوْ يَشَاءُ اللَّهُ أَطْعَمَهُ إِنْ أَنْتُمْ إِلَّا فِي ضَلَالٍ مُبِينٍ
Цаьрга аьлча: 'Саг ло /мискачарна / Дала шайна деллачу рицкъах,' цатешачара олу ийман диллинчарах: 'Оха хӀунда кхобу уьш? Дала, Шена лаахь, Ша кхобур бу‚ ган а гуш тилар чохь ду-кх шу'
36:47 -
وَيَقُولُونَ مَتَىٰ هَٰذَا الْوَعْدُ إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ
/ТӀаккха/ цара олу: 'Маца хир ду иза аш дуьйцург, шу бакълуьйш хиллехь?'
36:48 -
مَا يَنْظُرُونَ إِلَّا صَيْحَةً وَاحِدَةً تَأْخُذُهُمْ وَهُمْ يَخِصِّمُونَ
Хьоьжуш лаьттар бац уьш беккъа цхьа чӀогӀа мохь хир бу: цо схьалоцур бу уьш, шаьш лаьтташехь къуьйсуш
36:49 -
فَلَا يَسْتَطِيعُونَ تَوْصِيَةً وَلَا إِلَىٰ أَهْلِهِمْ يَرْجِعُونَ
Весет дан а ницкъ кхочур бац царна‚ шайн нахана тӀе юхабоьрзур а бац уьш
36:50
Гочдар: Магомед Магомедов