Сурат 36 Йа-син, аят 51 – 67
-
وَنُفِخَ فِي الصُّورِ فَإِذَا هُمْ مِنَ الْأَجْدَاثِ إِلَىٰ رَبِّهِمْ يَنْسِلُونَ
Сур локхур ю уьш кешнашкара шайн Кхиош-кхобучунна тӀе сихлур бу
36:51 -
قَالُوا يَا وَيْلَنَا مَنْ بَعَثَنَا مِنْ مَرْقَدِنَا ۜ ۗ هَٰذَا مَا وَعَدَ الرَّحْمَٰنُ وَصَدَقَ الْمُرْسَلُونَ
Цара элира: 'Ма боккха бала беана вайна! Хьан гӀовтина-те вай‚ дийшина Ӏохкучуьра?!' /Маликаша я муъмин наха эр ду/: 'ХӀара ду шуна Къинхетам болчо хир ду аьлларг. Бакълина элчанаш'
36:52 -
إِنْ كَانَتْ إِلَّا صَيْحَةً وَاحِدَةً فَإِذَا هُمْ جَمِيعٌ لَدَيْنَا مُحْضَرُونَ
Беккъа цхьа чӀогӀа мохь хилла уьш берриге а Тхуна хьалха дӀатарбелла
36:53 -
فَالْيَوْمَ لَا تُظْلَمُ نَفْسٌ شَيْئًا وَلَا تُجْزَوْنَ إِلَّا مَا كُنْتُمْ تَعْمَلُونَ
Тахана синна цхьанна хӀуманца зулам дийр ма дац‚ аш йинчу Ӏамалшца бен бекхам а шуна хир ма бац
36:54 -
إِنَّ أَصْحَابَ الْجَنَّةِ الْيَوْمَ فِي شُغُلٍ فَاكِهُونَ
Баккъалла а, ялсаманин дай тахана /шайн/ гӀуллакхашкахь зовкх хьоьгуш хир бу
36:55 -
هُمْ وَأَزْوَاجُهُمْ فِي ظِلَالٍ عَلَى الْأَرَائِكِ مُتَّكِئُونَ
Уьш а‚ церан зударий а ӀиндагӀехь маьнганашна тӀетевжина лаьттар ма бу
36:56 -
لَهُمْ فِيهَا فَاكِهَةٌ وَلَهُمْ مَا يَدَّعُونَ
Царна цигахь стоьмаш а‚ царна шаьш ехнарг хир ма ю
36:57 -
سَلَامٌ قَوْلًا مِنْ رَبٍّ رَحِيمٍ
'Салам!' олуш маршалла хир ду къинхетаме волчу Делера
36:58 -
وَامْتَازُوا الْيَوْمَ أَيُّهَا الْمُجْرِمُونَ
Шу дӀакъаста тахана‚ хӀай къинош динарш!
36:59 -
أَلَمْ أَعْهَدْ إِلَيْكُمْ يَا بَنِي آدَمَ أَنْ لَا تَعْبُدُوا الشَّيْطَانَ ۖ إِنَّهُ لَكُمْ عَدُوٌّ مُبِينٌ
Ас шуьга ца аьллера ткъа: 'ХӀай Āдаман кӀентий! ШайтӀанна Ӏибадат ма делаш иза шуна билгала мостагӀ ма дуй?
36:60 -
وَأَنِ اعْبُدُونِي ۚ هَٰذَا صِرَاطٌ مُسْتَقِيمٌ
Суна Ӏибадат дейша хӀара бу нийса некъ!'
36:61 -
وَلَقَدْ أَضَلَّ مِنْكُمْ جِبِلًّا كَثِيرًا ۖ أَفَلَمْ تَكُونُوا تَعْقِلُونَ
Шух йоккха тоба тилина даьлла и! Шу ца хили-кх хьекъале?
36:62 -
هَٰذِهِ جَهَنَّمُ الَّتِي كُنْتُمْ تُوعَدُونَ
ХӀара ю и жоьжахате‚ хир ю шуна‚ аьлла хьехийнарг!
36:63 -
اصْلَوْهَا الْيَوْمَ بِمَا كُنْتُمْ تَكْفُرُونَ
Ӏовша цуьнан йовхо тахана шаьш ца тешаш хиларна!
36:64 -
الْيَوْمَ نَخْتِمُ عَلَىٰ أَفْوَاهِهِمْ وَتُكَلِّمُنَا أَيْدِيهِمْ وَتَشْهَدُ أَرْجُلُهُمْ بِمَا كَانُوا يَكْسِبُونَ
Тахана Оха церан багенашна мухӀар тухур ма ду‚ церан куьйгаша Тхоьга дуьйцур ма ду‚ цара /дуьненахь/ карадеш хиллачунна когаша тешалла дийр ма ду
36:65 -
وَلَوْ نَشَاءُ لَطَمَسْنَا عَلَىٰ أَعْيُنِهِمْ فَاسْتَبَقُوا الصِّرَاطَ فَأَنَّىٰ يُبْصِرُونَ
Тхуна лиънехьара, бӀаьрса дехьна уьш буьтур бара‚ новкъах тилла бисинчу царна мичара гур дара?
36:66 -
وَلَوْ نَشَاءُ لَمَسَخْنَاهُمْ عَلَىٰ مَكَانَتِهِمْ فَمَا اسْتَطَاعُوا مُضِيًّا وَلَا يَرْجِعُونَ
Я Тхуна лиънехьара, шайн меттигехь куьцаш хуьйцур ма дара церан дӀабахалур ма бацара уьш‚ юхабоьрзур а ма бацара уьш
36:67
Гочдар: Магомед Магомедов