Сурат 36 Йа-син, аят 68 – 83
-
وَمَنْ نُعَمِّرْهُ نُنَكِّسْهُ فِي الْخَلْقِ ۖ أَفَلَا يَعْقِلُونَ
Оха вāха витинарг къаналле дверзаво, уьш хьекъале ца хуьлу-те?
36:68 -
وَمَا عَلَّمْنَاهُ الشِّعْرَ وَمَا يَنْبَغِي لَهُ ۚ إِنْ هُوَ إِلَّا ذِكْرٌ وَقُرْآنٌ مُبِينٌ
Ца Ӏамийна Оха цунна (Мухьаммад пайхамарна) иллеш и дан цо там а ма бацара: иза хьехам а, /хӀумнаш/ билгалдоху Къуръан а ма ду‚
36:69 -
لِيُنْذِرَ مَنْ كَانَ حَيًّا وَيَحِقَّ الْقَوْلُ عَلَى الْكَافِرِينَ
Шеца кхерам таса дийнаволчунна‚ цатешначарна тӀехь /царна Ӏазап хир ду аьлла/ дош бакъхилийта
36:70 -
أَوَلَمْ يَرَوْا أَنَّا خَلَقْنَا لَهُمْ مِمَّا عَمِلَتْ أَيْدِينَا أَنْعَامًا فَهُمْ لَهَا مَالِكُونَ
Царна ца го-техьа Оха шайна Тхан куьйгаша динчух даьхни кхоьллина хилар‚ уьш царна тӀехь дай а бина?
36:71 -
وَذَلَّلْنَاهَا لَهُمْ فَمِنْهَا رَكُوبُهُمْ وَمِنْهَا يَأْكُلُونَ
Оха уьш царна муьтӀахь хилийтина: царах уьш тӀехуьйшурш а ду‚ царах цара доу
36:72 -
وَلَهُمْ فِيهَا مَنَافِعُ وَمَشَارِبُ ۖ أَفَلَا يَشْكُرُونَ
Царна цаьргахь пайданаш а‚ маларш а ду баркалла хӀунда ца олу цара?
36:73 -
وَاتَّخَذُوا مِنْ دُونِ اللَّهِ آلِهَةً لَعَلَّهُمْ يُنْصَرُونَ
АллахӀ-Дела а витина кхин делий лаьцна шайна гӀо хир ду моьттуш
36:74 -
لَا يَسْتَطِيعُونَ نَصْرَهُمْ وَهُمْ لَهُمْ جُنْدٌ مُحْضَرُونَ
Хир дац царна цаьргахула гӀо ма бу уьш царна дӀахӀоттина бӀо
36:75 -
فَلَا يَحْزُنْكَ قَوْلُهُمْ ۘ إِنَّا نَعْلَمُ مَا يُسِرُّونَ وَمَا يُعْلِنُونَ
Церан дашо сингаттаме ма войла хьо. Тхо хууш ду хьуна цара къайладоккхург а‚ цара дӀахьедийриг а
36:76 -
أَوَلَمْ يَرَ الْإِنْسَانُ أَنَّا خَلَقْنَاهُ مِنْ نُطْفَةٍ فَإِذَا هُوَ خَصِيمٌ مُبِينٌ
Адамна ца го-те Оха ша кхоьллина хилар тӀадамах? билгала мостагӀ хили-кх цунах!
36:77 -
وَضَرَبَ لَنَا مَثَلًا وَنَسِيَ خَلْقَهُ ۖ قَالَ مَنْ يُحْيِي الْعِظَامَ وَهِيَ رَمِيمٌ
Тхуна масал а далийна‚ ша кхоллар диц а дина‚ аьллера: 'Хьан денйийр ю даьӀахкаш, уьш яхкаелча?'
36:78 -
قُلْ يُحْيِيهَا الَّذِي أَنْشَأَهَا أَوَّلَ مَرَّةٍ ۖ وَهُوَ بِكُلِّ خَلْقٍ عَلِيمٌ
Ахь āла: 'Денйийр ю уьш шаьш дуьххьара кхоьллинчо Иза массо а хӀума кхолла Ша хууш ма ву
36:79 -
الَّذِي جَعَلَ لَكُمْ مِنَ الشَّجَرِ الْأَخْضَرِ نَارًا فَإِذَا أَنْتُمْ مِنْهُ تُوقِدُونَ
Иза ву шуна сийначу диттах цӀе хилийтина‚ аш цунах лата а еш'
36:80 -
أَوَلَيْسَ الَّذِي خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ بِقَادِرٍ عَلَىٰ أَنْ يَخْلُقَ مِثْلَهُمْ ۚ بَلَىٰ وَهُوَ الْخَلَّاقُ الْعَلِيمُ
Ткъа стигланаш а‚ латта а Ша кхоллинчунна ницкъ ца кхочу и саннарг юха кхолла?! Кхочу!!! И ша дика хууш кхоллархо ма ву!
36:81 -
إِنَّمَا أَمْرُهُ إِذَا أَرَادَ شَيْئًا أَنْ يَقُولَ لَهُ كُنْ فَيَكُونُ
Цуьнан гӀуллакх ду Шена цхьа хӀума лиъча, цуьнга 'Хила!' āлар тккха иза хуьлу
36:82 -
فَسُبْحَانَ الَّذِي بِيَدِهِ مَلَكُوتُ كُلِّ شَيْءٍ وَإِلَيْهِ تُرْجَعُونَ
Цна ву И (Дела массо а кхачамбацарех)‚ Шен куьйгахь массо а хӀуманан паччахьалла долу‚ шу а Шена тӀе дӀадерзор долу
36:83
Гочдар: Магомед Магомедов