Сурат 37 Ас-саффат (МогӀаршкахь лаьттарш), аят 1 – 21

  1. وَالصَّافَّاتِ صَفًّا

    /Ас дуй боу/ могӀаршкахь лаьттачарах могӀица

    37:1
  2. فَالزَّاجِرَاتِ زَجْرًا

    /Ас дуй боу/ лохкучарах лахкарца

    37:2
  3. فَالتَّالِيَاتِ ذِكْرًا

    /Ас дуй боу/ хьехам боьшучарах:

    37:3
  4. إِنَّ إِلَٰهَكُمْ لَوَاحِدٌ

    Баккъалла а, шун Дела цхьаъ ву

    37:4
  5. رَبُّ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَمَا بَيْنَهُمَا وَرَبُّ الْمَشَارِقِ

    Стигланийн а‚ лаьттан а‚ цу шиннан юккъехь мел долчун а Да ма ву Иза‚ малхбалийн а Да ма ву Иза

    37:5
  6. إِنَّا زَيَّنَّا السَّمَاءَ الدُّنْيَا بِزِينَةٍ الْكَوَاكِبِ

    Баккъалла а, Оха хаздина гергара стигал седарчийн хазаллица а,

    37:6
  7. وَحِفْظًا مِنْ كُلِّ شَيْطَانٍ مَارِدٍ

    Ӏалашдарца а массо а карзахдаьллачу шайтӀанах

    37:7
  8. لَا يَسَّمَّعُونَ إِلَى الْمَلَإِ الْأَعْلَىٰ وَيُقْذَفُونَ مِنْ كُلِّ جَانِبٍ

    Цара ладугӀур дац Лакхарчу Кхеташоне‚ духатухур ду массо а агӀорхьара

    37:8
  9. دُحُورًا ۖ وَلَهُمْ عَذَابٌ وَاصِبٌ

    Генадаккхарца‚ ткъа царна ду цкъа а хедар доцу Ӏазап

    37:9
  10. إِلَّا مَنْ خَطِفَ الْخَطْفَةَ فَأَتْبَعَهُ شِهَابٌ ثَاقِبٌ

    Сихха /цхьа дош/ схьалаьцнарг доцург‚ тккха цунна а тӀаьхьакхуьу /стиглара/ охьабужу цӀе туху седа

    37:10
  11. فَاسْتَفْتِهِمْ أَهُمْ أَشَدُّ خَلْقًا أَمْ مَنْ خَلَقْنَا ۚ إِنَّا خَلَقْنَاهُمْ مِنْ طِينٍ لَازِبٍ

    Ахь хаттал цаьрга: 'Уьш бу вуно чӀогӀа кхолла‚ я Оха кхоьллинарг ду?' Баккъалла а, Оха кхоьллина уьш (церан бух Āдам) леташ болчу топпарах (поппарах)

    37:11
  12. بَلْ عَجِبْتَ وَيَسْخَرُونَ

    ХӀаъ‚ цецваьлла хьо, уьш ца бешаш бу /хьан цецваларх/

    37:12
  13. وَإِذَا ذُكِّرُوا لَا يَذْكُرُونَ

    Шайна /Къуръанца/ кхерам тесчи а, цара тидам ца бо

    37:13
  14. وَإِذَا رَأَوْا آيَةً يَسْتَسْخِرُونَ

    Шайна делил гича а, тӀех ца бешаш хуьлу

    37:14
  15. وَقَالُوا إِنْ هَٰذَا إِلَّا سِحْرٌ مُبِينٌ

    Цара элира: 'ХӀара билгала бозбуунчалла а бен дац

    37:15
  16. أَإِذَا مِتْنَا وَكُنَّا تُرَابًا وَعِظَامًا أَإِنَّا لَمَبْعُوثُونَ

    Вай делча‚ вайх топпар (поппар) а‚ тхкаш (даьӀахкаш) а хилча, вай юхадендийр ду?

    37:16
  17. أَوَآبَاؤُنَا الْأَوَّلُونَ

    Я вайн хьалхалера дай?'

    37:17
  18. قُلْ نَعَمْ وَأَنْتُمْ دَاخِرُونَ

    Ахь āла: 'ХӀаъ‚ шу кӀелдуьсур ма ду'

    37:18
  19. فَإِنَّمَا هِيَ زَجْرَةٌ وَاحِدَةٌ فَإِذَا هُمْ يَنْظُرُونَ

    Иза-м цхьа аз бен дац уьш хьоьжуш хир бу

    37:19
  20. وَقَالُوا يَا وَيْلَنَا هَٰذَا يَوْمُ الدِّينِ

    Шаьш олуш: 'Ма бала бу вайна! ХӀара ду-кх и бекхаман де'

    37:20
  21. هَٰذَا يَوْمُ الْفَصْلِ الَّذِي كُنْتُمْ بِهِ تُكَذِّبُونَ

    'ХӀара ду-кх и къастаран де‚ аш ша харцдеш хилла долу'

    37:21

Гочдар: Магомед Магомедов