Сурат 37 Ас-саффат (МогӀаршкахь лаьттарш), аят 100 – 107

  1. رَبِّ هَبْ لِي مِنَ الصَّالِحِينَ

    Сан Кхиош-кхобург‚ суна дикачарах /доьзалхо/ лōлахь'

    37:100
  2. فَبَشَّرْنَاهُ بِغُلَامٍ حَلِيمٍ

    Оха цунна кхаъ баьккхира тӀех собаре кӀантаца

    37:101
  3. فَلَمَّا بَلَغَ مَعَهُ السَّعْيَ قَالَ يَا بُنَيَّ إِنِّي أَرَىٰ فِي الْمَنَامِ أَنِّي أَذْبَحُكَ فَانْظُرْ مَاذَا تَرَىٰ ۚ قَالَ يَا أَبَتِ افْعَلْ مَا تُؤْمَرُ ۖ سَتَجِدُنِي إِنْ شَاءَ اللَّهُ مِنَ الصَّابِرِينَ

    Иза цуьнца (ИбрахӀимца) сиха лелалучу хьоле кхаьчча‚ цо (ИбрахӀимо) элира: 'ХӀай сан кӀаьтиг‚ баккъалла а, суна го гӀенах ас хьуна /гӀурбанна/ урс хьокхуш‚ хьажал‚ хьуна хӀун хета'. Цо элира: 'Дада‚ хьайга омра деш дерг де‚ хьуна со карор ву‚ Дала мукъалахь‚ собар дечарах'

    37:102
  4. فَلَمَّا أَسْلَمَا وَتَلَّهُ لِلْجَبِينِ

    И шиъ /Далла/ муьтхь хилча‚ цо (ИбрахӀима) иза хьаж тӀе виллича‚

    37:103
  5. وَنَادَيْنَاهُ أَنْ يَا إِبْرَاهِيمُ

    Оха цуьнга кхийкхира: 'ХӀай ИбрахӀим!

    37:104
  6. قَدْ صَدَّقْتَ الرُّؤْيَا ۚ إِنَّا كَذَٰلِكَ نَجْزِي الْمُحْسِنِينَ

    Бакъхилийти ахь гӀан'. Баккъалла а, Оха иштта бекхам бо дикачарна

    37:105
  7. إِنَّ هَٰذَا لَهُوَ الْبَلَاءُ الْمُبِينُ

    Баккъалла а, хӀара иза ду-кх билгала долу зер

    37:106
  8. وَفَدَيْنَاهُ بِذِبْحٍ عَظِيمٍ

    Оха текхира цунах сийлахь-деза гӀурба

    37:107

Гочдар: Магомед Магомедов