Сурат 37 Ас-саффат (МогIаршкахь лаьттарш), аят 100 – 108

  1. رَبِّ هَبْ لِي مِنَ الصَّالِحِينَ

    Сан Кхиош-кхобург‚ суна дикачарах /доьзалхо/ лōлахь'

    37:100
  2. فَبَشَّرْنَاهُ بِغُلَامٍ حَلِيمٍ

    Оха цунна кхаъ баьккхира тIех собаре кIантаца

    37:101
  3. فَلَمَّا بَلَغَ مَعَهُ السَّعْيَ قَالَ يَا بُنَيَّ إِنِّي أَرَىٰ فِي الْمَنَامِ أَنِّي أَذْبَحُكَ فَانْظُرْ مَاذَا تَرَىٰ ۚ قَالَ يَا أَبَتِ افْعَلْ مَا تُؤْمَرُ ۖ سَتَجِدُنِي إِنْ شَاءَ اللَّهُ مِنَ الصَّابِرِينَ

    Иза цуьнца (ИбрахIимца) сиха лелалучу хьоле кхаьчча‚ цо (ИбрахIимо) элира: 'ХIай сан кIаьтиг‚ баккъалла а, суна го гIенах ас хьуна /гIурбанна/ урс хьокхуш‚ хьажал‚ хьуна хIун хета'. Цо элира: 'Дада‚ хьайга омра деш дерг де‚ хьуна со карор ву‚ Дала мукъалахь‚ собар дечарах'

    37:102
  4. فَلَمَّا أَسْلَمَا وَتَلَّهُ لِلْجَبِينِ

    И шиъ /Далла/ муьтхь хилча‚ цо (ИбрахIима) иза хьаж тIе виллича‚

    37:103
  5. وَنَادَيْنَاهُ أَنْ يَا إِبْرَاهِيمُ

    Оха цуьнга кхийкхира: 'ХIай ИбрахIим!

    37:104
  6. قَدْ صَدَّقْتَ الرُّؤْيَا ۚ إِنَّا كَذَٰلِكَ نَجْزِي الْمُحْسِنِينَ

    Бакъхилийти ахь гIан'. Баккъалла а, Оха иштта бекхам бо дикачарна

    37:105
  7. إِنَّ هَٰذَا لَهُوَ الْبَلَاءُ الْمُبِينُ

    Баккъалла а, хIара иза ду-кх билгала долу зер

    37:106
  8. وَفَدَيْنَاهُ بِذِبْحٍ عَظِيمٍ

    Оха текхира цунах сийлахь-деза гIурба

    37:107
  9. وَتَرَكْنَا عَلَيْهِ فِي الْآخِرِينَ

    Оха дитира цуьнан /цIе яккхар а‚ и хаствар а/ тIаьхьабогIучаьргахь

    37:108

Гочдар: Магомед Магомедов