Сурат 37 Ас-саффат (МогIаршкахь лаьттарш), аят 114 – 122
-
وَلَقَدْ مَنَنَّا عَلَىٰ مُوسَىٰ وَهَارُونَ
Мусах а‚ ХIарунах а бинера Оха /боккха/ къинхетам
37:114 -
وَنَجَّيْنَاهُمَا وَقَوْمَهُمَا مِنَ الْكَرْبِ الْعَظِيمِ
КIелхьарваьккхира Оха и шиъ а‚ цу шиннан къам а боккхачу бāланах
37:115 -
وَنَصَرْنَاهُمْ فَكَانُوا هُمُ الْغَالِبِينَ
Царна гIо дира Оха уьш хилира тоьлларш
37:116 -
وَآتَيْنَاهُمَا الْكِتَابَ الْمُسْتَبِينَ
Оха делира цу шинга билгала долу жайна
37:117 -
وَهَدَيْنَاهُمَا الصِّرَاطَ الْمُسْتَقِيمَ
Оха нисвира и шиъ нийсачу новкъа
37:118 -
وَتَرَكْنَا عَلَيْهِمَا فِي الْآخِرِينَ
Оха дитира цу шиннан /хаза цIе яккхар/ тIаьхьабогIучаьргахь
37:119 -
سَلَامٌ عَلَىٰ مُوسَىٰ وَهَارُونَ
Салам-маршалла ду Мусага а‚ ХIаруне а
37:120 -
إِنَّا كَذَٰلِكَ نَجْزِي الْمُحْسِنِينَ
Баккъалла а, Оха иштта бекхам бо дикачарна
37:121 -
إِنَّهُمَا مِنْ عِبَادِنَا الْمُؤْمِنِينَ
Баккъалла а, и шиъ Тхан муъмин лешех ву
37:122
Гочдар: Магомед Магомедов