Сурат 37 Ас-саффат (МогӀаршкахь лаьттарш), аят 114 – 137

  1. وَلَقَدْ مَنَنَّا عَلَىٰ مُوسَىٰ وَهَارُونَ

    Мусах а‚ ХӀарунах а бинера Оха /боккха/ къинхетам

    37:114
  2. وَنَجَّيْنَاهُمَا وَقَوْمَهُمَا مِنَ الْكَرْبِ الْعَظِيمِ

    КӀелхьарваьккхира Оха и шиъ а‚ цу шиннан къам а боккхачу бāланах

    37:115
  3. وَنَصَرْنَاهُمْ فَكَانُوا هُمُ الْغَالِبِينَ

    Царна гӀо дира Оха уьш хилира тоьлларш

    37:116
  4. وَآتَيْنَاهُمَا الْكِتَابَ الْمُسْتَبِينَ

    Оха делира цу шинга билгала долу жайна

    37:117
  5. وَهَدَيْنَاهُمَا الصِّرَاطَ الْمُسْتَقِيمَ

    Оха нисвира и шиъ нийсачу новкъа

    37:118
  6. وَتَرَكْنَا عَلَيْهِمَا فِي الْآخِرِينَ

    Оха дитира цу шиннан /хаза цӀе яккхар/ тӀаьхьабогӀучаьргахь

    37:119
  7. سَلَامٌ عَلَىٰ مُوسَىٰ وَهَارُونَ

    Салам-маршалла ду Мусага а‚ ХӀаруне а

    37:120
  8. إِنَّا كَذَٰلِكَ نَجْزِي الْمُحْسِنِينَ

    Баккъалла а, Оха иштта бекхам бо дикачарна

    37:121
  9. إِنَّهُمَا مِنْ عِبَادِنَا الْمُؤْمِنِينَ

    Баккъалла а, и шиъ Тхан муъмин лешех ву

    37:122
  10. وَإِنَّ إِلْيَاسَ لَمِنَ الْمُرْسَلِينَ

    Баккъалла а, Ильяс а ма ву бахкийтинчарах

    37:123
  11. إِذْ قَالَ لِقَوْمِهِ أَلَا تَتَّقُونَ

    Цо ма элира шен къоме: 'Шу /Делах/ ца кхоьру?

    37:124
  12. أَتَدْعُونَ بَعْلًا وَتَذَرُونَ أَحْسَنَ الْخَالِقِينَ

    Аш кхойкху ткъа БаӀлага‚ уггар дика кхоллархо а вуьтий?

    37:125
  13. اللَّهَ رَبَّكُمْ وَرَبَّ آبَائِكُمُ الْأَوَّلِينَ

    АллахӀ шун Дела а, шун хьалхалера дайн Дела а вуьтий?'

    37:126
  14. فَكَذَّبُوهُ فَإِنَّهُمْ لَمُحْضَرُونَ

    Тккха цара иза харцвира – баккъалла а, уьш хьалхахттор ма бу /жоьжахатина, запана/

    37:127
  15. إِلَّا عِبَادَ اللَّهِ الْمُخْلَصِينَ

    Делан сов цӀена леш боцурш

    37:128
  16. وَتَرَكْنَا عَلَيْهِ فِي الْآخِرِينَ

    Оха дитира цунна /хаза цӀе яккхар, наха хаставар/ тӀаьхьабогӀучаьргахь

    37:129
  17. سَلَامٌ عَلَىٰ إِلْ يَاسِينَ

    Салам-маршалла ду Ил-йāсūна

    37:130
  18. إِنَّا كَذَٰلِكَ نَجْزِي الْمُحْسِنِينَ

    Баккъалла а, Оха иштта бекхам бо дикачарна

    37:131
  19. إِنَّهُ مِنْ عِبَادِنَا الْمُؤْمِنِينَ

    Баккъалла а, и Тхан муъмин лешех ву

    37:132
  20. وَإِنَّ لُوطًا لَمِنَ الْمُرْسَلِينَ

    Баккъалла а, ЛутӀ а ву бахкийтинчарах

    37:133
  21. إِذْ نَجَّيْنَاهُ وَأَهْلَهُ أَجْمَعِينَ

    Оха кӀелхьарваьккхира иза а‚ цуьнан берриг доьзал а

    37:134
  22. إِلَّا عَجُوزًا فِي الْغَابِرِينَ

    /запехь/ бисинчарна юккъехь хилла йолу /Лутн зударех/ цхьа йоккха стаг йоцург

    37:135
  23. ثُمَّ دَمَّرْنَا الْآخَرِينَ

    ТӀаккха Оха бохийра биснарш

    37:136
  24. وَإِنَّكُمْ لَتَمُرُّونَ عَلَيْهِمْ مُصْبِحِينَ

    Баккъалла а, шу лелаш ма дуй царна юххехула Ӏуьйрана а‚

    37:137

Гочдар: Магомед Магомедов