Сурат 37 Ас-саффат (МогIаршкахь лаьттарш), аят 123 – 132
-
وَإِنَّ إِلْيَاسَ لَمِنَ الْمُرْسَلِينَ
Баккъалла а, Ильяс а ма ву бахкийтинчарах
37:123 -
إِذْ قَالَ لِقَوْمِهِ أَلَا تَتَّقُونَ
Цо ма элира шен къоме: 'Шу /Делах/ ца кхоьру?
37:124 -
أَتَدْعُونَ بَعْلًا وَتَذَرُونَ أَحْسَنَ الْخَالِقِينَ
Аш кхойкху ткъа БаIлага‚ уггар дика кхоллархо а вуьтий?
37:125 -
اللَّهَ رَبَّكُمْ وَرَبَّ آبَائِكُمُ الْأَوَّلِينَ
АллахI шун Дела а, шун хьалхалера дайн Дела а вуьтий?'
37:126 -
فَكَذَّبُوهُ فَإِنَّهُمْ لَمُحْضَرُونَ
Тккха цара иза харцвира – баккъалла а, уьш хьалхахттор ма бу /жоьжахатина, запана/
37:127 -
إِلَّا عِبَادَ اللَّهِ الْمُخْلَصِينَ
Делан сов цIена леш боцурш
37:128 -
وَتَرَكْنَا عَلَيْهِ فِي الْآخِرِينَ
Оха дитира цунна /хаза цIе яккхар, наха хаставар/ тIаьхьабогIучаьргахь
37:129 -
سَلَامٌ عَلَىٰ إِلْ يَاسِينَ
Салам-маршалла ду Ил-йāсūна
37:130 -
إِنَّا كَذَٰلِكَ نَجْزِي الْمُحْسِنِينَ
Баккъалла а, Оха иштта бекхам бо дикачарна
37:131 -
إِنَّهُ مِنْ عِبَادِنَا الْمُؤْمِنِينَ
Баккъалла а, и Тхан муъмин лешех ву
37:132
Гочдар: Магомед Магомедов