Сурат 37 Ас-саффат (МогӀаршкахь лаьттарш), аят 51 – 59
-
قَالَ قَائِلٌ مِنْهُمْ إِنِّي كَانَ لِي قَرِينٌ
Эр ду царах олучо: 'Баккъалла а, сан цхьа накъост ма вара /дуьненахь долуш/
37:51 -
يَقُولُ أَإِنَّكَ لَمِنَ الْمُصَدِّقِينَ
Цо олура: 'Баккъалла а, хьо /пайхамараш/ бакъбечарах ву?
37:52 -
أَإِذَا مِتْنَا وَكُنَّا تُرَابًا وَعِظَامًا أَإِنَّا لَمَدِينُونَ
Вай делча‚ вайх поппар (топпар) а‚ даьӀахкаш (тхкаш) а хилча, вай бекхаме узур ду?'
37:53 -
قَالَ هَلْ أَنْتُمْ مُطَّلِعُونَ
Цо элира: 'Шу хьовсий?'
37:54 -
فَاطَّلَعَ فَرَآهُ فِي سَوَاءِ الْجَحِيمِ
Иза хьаьжира‚ тӀаккха цунна иза жоьжахатина юккъехь гира
37:55 -
قَالَ تَاللَّهِ إِنْ كِدْتَ لَتُرْدِينِ
Цо элира: 'ТаллахӀи‚ /цхьана маьӀӀара/ со хӀаллаквеш ма лаьттара ахь
37:56 -
وَلَوْلَا نِعْمَةُ رَبِّي لَكُنْتُ مِنَ الْمُحْضَرِينَ
Сан Кхиош-кхобучун ниӀмат ца хиллехьара, со хир ма вара /хӀоккхахь/ лаьттачарах'
37:57 -
أَفَمَا نَحْنُ بِمَيِّتِينَ
/Ялсаманин охӀлано эр ду, уьш бахьош/: 'Вай лийр долуш дац?
37:58 -
إِلَّا مَوْتَتَنَا الْأُولَىٰ وَمَا نَحْنُ بِمُعَذَّبِينَ
Вайн цкъа далар а бен‚ вайна Ӏазап дийр долуш а дац?
37:59
Гочдар: Магомед Магомедов