Сурат 37 Ас-саффат (МогӀаршкахь лаьттарш), аят 55 – 57

  1. فَاطَّلَعَ فَرَآهُ فِي سَوَاءِ الْجَحِيمِ

    Иза хьаьжира‚ тӀаккха цунна иза жоьжахатина юккъехь гира

    37:55
  2. قَالَ تَاللَّهِ إِنْ كِدْتَ لَتُرْدِينِ

    Цо элира: 'ТаллахӀи‚ /цхьана маьӀӀара/ со хӀаллаквеш ма лаьттара ахь

    37:56
  3. وَلَوْلَا نِعْمَةُ رَبِّي لَكُنْتُ مِنَ الْمُحْضَرِينَ

    Сан Кхиош-кхобучун ниӀмат ца хиллехьара, со хир ма вара /хӀоккхахь/ лаьттачарах'

    37:57

Гочдар: Магомед Магомедов