Сурат 37 Ас-саффат (МогIаршкахь лаьттарш), аят 75 – 79
-
وَلَقَدْ نَادَانَا نُوحٌ فَلَنِعْمَ الْمُجِيبُونَ
Тхоьга кхийкхира Нухьас ма дика жоп луш дерш ду /Тхо/
37:75 -
وَنَجَّيْنَاهُ وَأَهْلَهُ مِنَ الْكَرْبِ الْعَظِيمِ
Оха кIелхьарваьккхира иза а‚ цуьнан доьзал а боккхачу балих
37:76 -
وَجَعَلْنَا ذُرِّيَّتَهُ هُمُ الْبَاقِينَ
Оха хилийтира цуьнан зуьррет иза бухадуьсург
37:77 -
وَتَرَكْنَا عَلَيْهِ فِي الْآخِرِينَ
Оха цунна дитира /хаза хаставар/ тIаьхьенашкахь
37:78 -
سَلَامٌ عَلَىٰ نُوحٍ فِي الْعَالَمِينَ
Салам ду Нухьана Iаламашкахь
37:79
Гочдар: Магомед Магомедов