Сурат 37 Ас-саффат (МогӀаршкахь лаьттарш), аят 88 – 96

  1. فَنَظَرَ نَظْرَةً فِي النُّجُومِ

    Иза хьежира хьажарца седарчашка

    37:88
  2. فَقَالَ إِنِّي سَقِيمٌ

    ТӀаккха цо элира: 'Баккъалла а, со цомгуш ву'

    37:89
  3. فَتَوَلَّوْا عَنْهُ مُدْبِرِينَ

    Уьш дӀабирзира цунах‚ букъ берзина

    37:90
  4. فَرَاغَ إِلَىٰ آلِهَتِهِمْ فَقَالَ أَلَا تَأْكُلُونَ

    Иза тӀевирзира церан делашна‚ цо элира: 'Аш ца юу?

    37:91
  5. مَا لَكُمْ لَا تَنْطِقُونَ

    Шуна хӀун хилла‚ дист ца хуьлу шу?'

    37:92
  6. فَرَاغَ عَلَيْهِمْ ضَرْبًا بِالْيَمِينِ

    Иза тӀевирзира царна, тухуш аьтту куьйгаца

    37:93
  7. فَأَقْبَلُوا إِلَيْهِ يَزِفُّونَ

    Уьш дуьхьалкхийтира цунна бевда беана

    37:94
  8. قَالَ أَتَعْبُدُونَ مَا تَنْحِتُونَ

    Цо элира: 'Аш Ӏибадат до ткъа шаьш тостуш йиначарна?'

    37:95
  9. وَاللَّهُ خَلَقَكُمْ وَمَا تَعْمَلُونَ

    Дела ма ву шу кхоьллинарг а‚ аш деш дерг а /кхоьллинарг а/'

    37:96

Гочдар: Магомед Магомедов