Сурат 39 Аз-зумар (Тобанаш), аят 1 – 4
-
تَنْزِيلُ الْكِتَابِ مِنَ اللَّهِ الْعَزِيزِ الْحَكِيمِ
Жайна доссор /ду хIара/ Ша веза волчу‚ хьукам /нийса/ деш волчу Делера
39:1 -
إِنَّا أَنْزَلْنَا إِلَيْكَ الْكِتَابَ بِالْحَقِّ فَاعْبُدِ اللَّهَ مُخْلِصًا لَهُ الدِّينَ
Баккъалла а, Оха доссина хьоьга жайна бакъдолчуьнца: Далла Iибадат де‚ Цунна дог цна хуьлуш /дечу/бадатехь
39:2 -
أَلَا لِلَّهِ الدِّينُ الْخَالِصُ ۚ وَالَّذِينَ اتَّخَذُوا مِنْ دُونِهِ أَوْلِيَاءَ مَا نَعْبُدُهُمْ إِلَّا لِيُقَرِّبُونَا إِلَى اللَّهِ زُلْفَىٰ إِنَّ اللَّهَ يَحْكُمُ بَيْنَهُمْ فِي مَا هُمْ فِيهِ يَخْتَلِفُونَ ۗ إِنَّ اللَّهَ لَا يَهْدِي مَنْ هُوَ كَاذِبٌ كَفَّارٌ
Ткъа Делан дац цIена дин? Иза воцург гIоьнчий лаьцнарш‚ /олуш/: оха царна Iибадат ца до цара тхо Далла гергадахийта а бен ма торру гергахиларца баккъалла а, Дала хьукам дийр ду царна юккъехь церан хилпало йолчохь. Баккъалла а, Дала нис ца во ша харцверг а‚ тх сов керста хилларг а
39:3 -
لَوْ أَرَادَ اللَّهُ أَنْ يَتَّخِذَ وَلَدًا لَاصْطَفَىٰ مِمَّا يَخْلُقُ مَا يَشَاءُ ۚ سُبْحَانَهُ ۖ هُوَ اللَّهُ الْوَاحِدُ الْقَهَّارُ
Далла лиънехьара Шена доьзалхо лаца‚ Цо хаьржина хир ма вара Ша кхоьллинчух Шена луург. Вонах цIена ву Иза. Иза АллахI ву‚ Ша цхьаъ волу‚ тIех сов нуьцкъала волу
39:4
Гочдар: Магомед Магомедов