Сурат 39 Аз-зумар (Тобанаш), аят 1 – 9

  1. تَنْزِيلُ الْكِتَابِ مِنَ اللَّهِ الْعَزِيزِ الْحَكِيمِ

    Жайна доссор /ду хӀара/ Ша веза волчу‚ хьукам /нийса/ деш волчу Делера

    39:1
  2. إِنَّا أَنْزَلْنَا إِلَيْكَ الْكِتَابَ بِالْحَقِّ فَاعْبُدِ اللَّهَ مُخْلِصًا لَهُ الدِّينَ

    Баккъалла а, Оха доссина хьоьга жайна бакъдолчуьнца: Далла Ӏибадат де‚ Цунна дог цна хуьлуш /дечу/бадатехь

    39:2
  3. أَلَا لِلَّهِ الدِّينُ الْخَالِصُ ۚ وَالَّذِينَ اتَّخَذُوا مِنْ دُونِهِ أَوْلِيَاءَ مَا نَعْبُدُهُمْ إِلَّا لِيُقَرِّبُونَا إِلَى اللَّهِ زُلْفَىٰ إِنَّ اللَّهَ يَحْكُمُ بَيْنَهُمْ فِي مَا هُمْ فِيهِ يَخْتَلِفُونَ ۗ إِنَّ اللَّهَ لَا يَهْدِي مَنْ هُوَ كَاذِبٌ كَفَّارٌ

    Ткъа Делан дац цӀена дин? Иза воцург гӀоьнчий лаьцнарш‚ /олуш/: оха царна Ӏибадат ца до цара тхо Далла гергадахийта а бен ма торру гергахиларца баккъалла а, Дала хьукам дийр ду царна юккъехь церан хилпало йолчохь. Баккъалла а, Дала нис ца во ша харцверг а‚ тх сов керста хилларг а

    39:3
  4. لَوْ أَرَادَ اللَّهُ أَنْ يَتَّخِذَ وَلَدًا لَاصْطَفَىٰ مِمَّا يَخْلُقُ مَا يَشَاءُ ۚ سُبْحَانَهُ ۖ هُوَ اللَّهُ الْوَاحِدُ الْقَهَّارُ

    Далла лиънехьара Шена доьзалхо лаца‚ Цо хаьржина хир ма вара Ша кхоьллинчух Шена луург. Вонах цӀена ву Иза. Иза АллахӀ ву‚ Ша цхьаъ волу‚ тӀех сов нуьцкъала волу

    39:4
  5. خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ بِالْحَقِّ ۖ يُكَوِّرُ اللَّيْلَ عَلَى النَّهَارِ وَيُكَوِّرُ النَّهَارَ عَلَى اللَّيْلِ ۖ وَسَخَّرَ الشَّمْسَ وَالْقَمَرَ ۖ كُلٌّ يَجْرِي لِأَجَلٍ مُسَمًّى ۗ أَلَا هُوَ الْعَزِيزُ الْغَفَّارُ

    Цо кхоьллина стигланаш а‚ латта бакъдолчуьнца. Цо хьавзайо буьйса дийне‚ де хьовзадо буьйсане‚ муьтӀахь бина малх а‚ бутт а массо а дӀалелаш бу шен хан тӀекхаччалц. Ткъа Иза вац веза верг а‚ тӀех сов гечдеш верг а?

    39:5
  6. خَلَقَكُمْ مِنْ نَفْسٍ وَاحِدَةٍ ثُمَّ جَعَلَ مِنْهَا زَوْجَهَا وَأَنْزَلَ لَكُمْ مِنَ الْأَنْعَامِ ثَمَانِيَةَ أَزْوَاجٍ ۚ يَخْلُقُكُمْ فِي بُطُونِ أُمَّهَاتِكُمْ خَلْقًا مِنْ بَعْدِ خَلْقٍ فِي ظُلُمَاتٍ ثَلَاثٍ ۚ ذَٰلِكُمُ اللَّهُ رَبُّكُمْ لَهُ الْمُلْكُ ۖ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ۖ فَأَنَّىٰ تُصْرَفُونَ

    Цо шу кхоьллина цхьана синах (Āдамах)‚ тӀаккха Цо йина цунах цуьнан зуда (Хьава)‚ Цо доссина шуна даьхнех борхӀ борша а‚ сте а. Шу кхуллу Цо шун нанойн кийрахь цхьана кхолларца /кхечу/ кхолларал тӀаьхьа кха /хӀуманан/ боданехь. Иза ву АллахӀ шун Эла‚ Цуьнан ду паччахьалла. /Кхин/ дела вац Иза воцург ма дӀатилош ду шу /Цунах/

    39:6
  7. إِنْ تَكْفُرُوا فَإِنَّ اللَّهَ غَنِيٌّ عَنْكُمْ ۖ وَلَا يَرْضَىٰ لِعِبَادِهِ الْكُفْرَ ۖ وَإِنْ تَشْكُرُوا يَرْضَهُ لَكُمْ ۗ وَلَا تَزِرُ وَازِرَةٌ وِزْرَ أُخْرَىٰ ۗ ثُمَّ إِلَىٰ رَبِّكُمْ مَرْجِعُكُمْ فَيُنَبِّئُكُمْ بِمَا كُنْتُمْ تَعْمَلُونَ ۚ إِنَّهُ عَلِيمٌ بِذَاتِ الصُّدُورِ

    Аш керстадахь баккъалла а, Дела шух цӀена ву. Иза реза вац Шен лешна /цара Шен дин/ керстадарна. Аш шукур дахь оцуьнца реза ву Иза шуна. Дхьур бац дхьочо кхечун мохь. ТӀаккха шун Кхиош-кхобучунна тӀе шун дӀадерзар ду. Цо дуьйцур ду шуьга аш деш хилларг. Баккъалла а, Иза ву дегнашкахь дерг хууш верг

    39:7
  8. وَإِذَا مَسَّ الْإِنْسَانَ ضُرٌّ دَعَا رَبَّهُ مُنِيبًا إِلَيْهِ ثُمَّ إِذَا خَوَّلَهُ نِعْمَةً مِنْهُ نَسِيَ مَا كَانَ يَدْعُو إِلَيْهِ مِنْ قَبْلُ وَجَعَلَ لِلَّهِ أَنْدَادًا لِيُضِلَّ عَنْ سَبِيلِهِ ۚ قُلْ تَمَتَّعْ بِكُفْرِكَ قَلِيلًا ۖ إِنَّكَ مِنْ أَصْحَابِ النَّارِ

    Адам цхьана бохамо схьалаьцча, шен Кхиош-кхобучуьнга кхойкху цо, Цунна тӀе воьрзий /тōба дарца/. ТӀаккха Цо Ша паргӀатваьккхича Шегара ниӀматаца, дицдо цо ша Цуьнга кхойкхуш хилларг хьалха‚ Далла нийсархой а бо цо Цуьнан некъах /нах/ тилорхьама. Ахь āла: 'Бахам бе хьан керстаналлица цхьа кӀеззиг. Баккъалла а, хьо ву цӀеран дайх'

    39:8
  9. أَمَّنْ هُوَ قَانِتٌ آنَاءَ اللَّيْلِ سَاجِدًا وَقَائِمًا يَحْذَرُ الْآخِرَةَ وَيَرْجُو رَحْمَةَ رَبِّهِ ۗ قُلْ هَلْ يَسْتَوِي الَّذِينَ يَعْلَمُونَ وَالَّذِينَ لَا يَعْلَمُونَ ۗ إِنَّمَا يَتَذَكَّرُ أُولُو الْأَلْبَابِ

    Ша Далла гӀуллакх деш верг буьйсанан сахьташкахь‚ сужуд деш‚ /ламазаш деш/ хӀоьттина верг эхартах кхоьруш, шен Кхиош-кхобучун къинхетаме дог дохуш /вуй и тера Далла Ӏесалла ечух/? Ахь āла: 'Цхьа терра буй хууш берш а‚ ца хууш берш а?' Баккъалла а, ойла йийр ю хьекъал долчара

    39:9

Гочдар: Магомед Магомедов