Сурат 39 Аз-зумар (Тобанаш), аят 10 – 21

  1. قُلْ يَا عِبَادِ الَّذِينَ آمَنُوا اتَّقُوا رَبَّكُمْ ۚ لِلَّذِينَ أَحْسَنُوا فِي هَٰذِهِ الدُّنْيَا حَسَنَةٌ ۗ وَأَرْضُ اللَّهِ وَاسِعَةٌ ۗ إِنَّمَا يُوَفَّى الصَّابِرُونَ أَجْرَهُمْ بِغَيْرِ حِسَابٍ

    Ахь āла: 'ХӀай сан ийман диллина болу леш! Шу кхера шайн Кхиош-кхобучух. Диканиг динчунна хӀокху дуьненахь диканиг ду. Делан латта шортта ду. Собар диначарна шайн ял лур ма ю цхьа а хьесап доцуш'

    39:10
  2. قُلْ إِنِّي أُمِرْتُ أَنْ أَعْبُدَ اللَّهَ مُخْلِصًا لَهُ الدِّينَ

    Ахь āла: 'Баккъалла а, суна омра дина ас Далла Ӏибадат дан, Цунна дог цна хуьлуш /дечу/ бадатехь

    39:11
  3. وَأُمِرْتُ لِأَنْ أَكُونَ أَوَّلَ الْمُسْلِمِينَ

    Суна омра дина со цхьалгӀа бусалба хила'

    39:12
  4. قُلْ إِنِّي أَخَافُ إِنْ عَصَيْتُ رَبِّي عَذَابَ يَوْمٍ عَظِيمٍ

    Ахь āла: 'Бакъалла а, со кхоьру, ас сан Кхиош-кхобучунна Ӏесалла йича, деза-доккхачу /къемат/ дийнан Ӏазапах'

    39:13
  5. قُلِ اللَّهَ أَعْبُدُ مُخْلِصًا لَهُ دِينِي

    Ахь āла: 'Далла Ӏибадат до ас, Цунна дог цна хуьлуш сан бадатехь

    39:14
  6. فَاعْبُدُوا مَا شِئْتُمْ مِنْ دُونِهِ ۗ قُلْ إِنَّ الْخَاسِرِينَ الَّذِينَ خَسِرُوا أَنْفُسَهُمْ وَأَهْلِيهِمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ ۗ أَلَا ذَٰلِكَ هُوَ الْخُسْرَانُ الْمُبِينُ

    Аш Ӏибадат де шайна ма луу Иза воцучунна'. Ахь āла: 'Баккъалла а, эшаллехь бисинарш бу шаьш а‚ шайн доьзал а байнарш къематдийнахь'. Иза бац ткъа билгал эшам?

    39:15
  7. لَهُمْ مِنْ فَوْقِهِمْ ظُلَلٌ مِنَ النَّارِ وَمِنْ تَحْتِهِمْ ظُلَلٌ ۚ ذَٰلِكَ يُخَوِّفُ اللَّهُ بِهِ عِبَادَهُ ۚ يَا عِبَادِ فَاتَّقُونِ

    Царна шайн тӀехула а цӀеран гӀатт хир ю‚ шайн бухахула а гӀатт ю. Иштта цуьнца кхерабо Дала Шен леш: хӀай Сан леш! Сох кхералаш

    39:16
  8. وَالَّذِينَ اجْتَنَبُوا الطَّاغُوتَ أَنْ يَعْبُدُوهَا وَأَنَابُوا إِلَى اللَّهِ لَهُمُ الْبُشْرَىٰ ۚ فَبَشِّرْ عِبَادِ

    ТӀагӀут генадаьккхинарш шена Ӏибадат дарх‚ Далла тӀе бирзинарш царна кхаъ бу ахь кхаъ баккха Сан лешна

    39:17
  9. الَّذِينَ يَسْتَمِعُونَ الْقَوْلَ فَيَتَّبِعُونَ أَحْسَنَهُ ۚ أُولَٰئِكَ الَّذِينَ هَدَاهُمُ اللَّهُ ۖ وَأُولَٰئِكَ هُمْ أُولُو الْأَلْبَابِ

    /Уьш/ даше ладуьйгӀуш берш бу‚ тӀаккха цуьнан уггар дикачунна тӀехьабаьзаш уьш бу Дала шаьш нисбинарш. И бохкурш уьш бу хьекъалдерш!

    39:18
  10. أَفَمَنْ حَقَّ عَلَيْهِ كَلِمَةُ الْعَذَابِ أَفَأَنْتَ تُنْقِذُ مَنْ فِي النَّارِ

    Ткъа Шена тӀехь Ӏазапан дош /жоьжахате гӀур ву аьлла/ бакъхилларг /нисло дика Ӏамал ечуьнца/? Ахь кӀелхьарвоккхур вуй цӀаргахь верг?

    39:19
  11. لَٰكِنِ الَّذِينَ اتَّقَوْا رَبَّهُمْ لَهُمْ غُرَفٌ مِنْ فَوْقِهَا غُرَفٌ مَبْنِيَّةٌ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ ۖ وَعْدَ اللَّهِ ۖ لَا يُخْلِفُ اللَّهُ الْمِيعَادَ

    Делахь а, шайн Кхиош-кхобучух кхийринарш царна хӀусамаш хир ю‚ шайн тӀехула а дина даьлла цӀенош долуш‚ шайн бухахула хиш а лелаш Делан ваӀда ю /иза/. Дала ца йохайо /Шен/ ваӀда

    39:20
  12. أَلَمْ تَرَ أَنَّ اللَّهَ أَنْزَلَ مِنَ السَّمَاءِ مَاءً فَسَلَكَهُ يَنَابِيعَ فِي الْأَرْضِ ثُمَّ يُخْرِجُ بِهِ زَرْعًا مُخْتَلِفًا أَلْوَانُهُ ثُمَّ يَهِيجُ فَتَرَاهُ مُصْفَرًّا ثُمَّ يَجْعَلُهُ حُطَامًا ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَذِكْرَىٰ لِأُولِي الْأَلْبَابِ

    Хьуна ца го: Дала доссина стиглара хи‚ тккха дохуьйту и лаьттахь долчу хьосташ чу‚ тӀаккха цуьнца ялта схьадоккху Цо тайп-тайпана беснаш долуш‚ тӀаккха дакъадолуьйту Цо хьуна и го мажделла‚ тӀаккха Цо царах /аьтта, йохийна/ кийсакаш хуьлуьйту. Баккъалла а, цу чохь хьехам бу хьекъалдолчарна

    39:21

Гочдар: Магомед Магомедов