Сурат 39 Аз-зумар (Тобанаш), аят 42 – 52

  1. اللَّهُ يَتَوَفَّى الْأَنْفُسَ حِينَ مَوْتِهَا وَالَّتِي لَمْ تَمُتْ فِي مَنَامِهَا ۖ فَيُمْسِكُ الَّتِي قَضَىٰ عَلَيْهَا الْمَوْتَ وَيُرْسِلُ الْأُخْرَىٰ إِلَىٰ أَجَلٍ مُسَمًّى ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَاتٍ لِقَوْمٍ يَتَفَكَّرُونَ

    Дала схьаоьцу /нехан/ синош уьш лечу хенахь‚ цаделларг набарх. Цо схьалоцу шена Ӏожалла сацам хилларг‚ дӀадохуьйту важа шен тоьхначу ханна. Баккъалла а, цу чохь делилш ма ду ойла ечу къомана

    39:42
  2. أَمِ اتَّخَذُوا مِنْ دُونِ اللَّهِ شُفَعَاءَ ۚ قُلْ أَوَلَوْ كَانُوا لَا يَمْلِكُونَ شَيْئًا وَلَا يَعْقِلُونَ

    Цара лаьцна, Дела а витийна, шайна гӀодоккхурш? Ахь āла: 'Уьш цхьанна хӀуманна доладеш ца хилча а‚ хьекъале ца хилча а?'

    39:43
  3. قُلْ لِلَّهِ الشَّفَاعَةُ جَمِيعًا ۖ لَهُ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۖ ثُمَّ إِلَيْهِ تُرْجَعُونَ

    Ахь āла: 'Делан ду гӀодаккхар дерриге а. Цуьнан ду стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла. ТӀаккха Цунна тӀе шу дӀадерзор долуш ду'

    39:44
  4. وَإِذَا ذُكِرَ اللَّهُ وَحْدَهُ اشْمَأَزَّتْ قُلُوبُ الَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِالْآخِرَةِ ۖ وَإِذَا ذُكِرَ الَّذِينَ مِنْ دُونِهِ إِذَا هُمْ يَسْتَبْشِرُونَ

    Веккъа цхьа АллахӀ - Дела хьехавича, дегнаш тохало /и ца дезаш/ эхартах ца тешаш болчеран. Иза воцурш хьехабича, уьш баккхийбеда (баккхийбоь)

    39:45
  5. قُلِ اللَّهُمَّ فَاطِرَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ عَالِمَ الْغَيْبِ وَالشَّهَادَةِ أَنْتَ تَحْكُمُ بَيْنَ عِبَادِكَ فِي مَا كَانُوا فِيهِ يَخْتَلِفُونَ

    Ахь āла: '/Везан/ Дела‚ /Хьо ву-кх/ стигланаш а‚ латта а кхоьллинарг‚ къайлаха дерг а‚ гучахь дерг а хууш верг а‚ Ахь хьукам дийр ду-кх Хьан лешна юккъехь‚ цара хилпало еш хиллачохь'

    39:46
  6. وَلَوْ أَنَّ لِلَّذِينَ ظَلَمُوا مَا فِي الْأَرْضِ جَمِيعًا وَمِثْلَهُ مَعَهُ لَافْتَدَوْا بِهِ مِنْ سُوءِ الْعَذَابِ يَوْمَ الْقِيَامَةِ ۚ وَبَدَا لَهُمْ مِنَ اللَّهِ مَا لَمْ يَكُونُوا يَحْتَسِبُونَ

    Зулам диначарна лаьттахь мел дерг а‚ цуьнца кхин цул хилча а, и длур ма дара цара къематдийнахь Ӏазапан вочун духьал (клхьарбовлархьама). Гучуделира царна Делера цара хьесап ца деш хилларг

    39:47
  7. وَبَدَا لَهُمْ سَيِّئَاتُ مَا كَسَبُوا وَحَاقَ بِهِمْ مَا كَانُوا بِهِ يَسْتَهْزِئُونَ

    Гучуделира царна боьха хӀуманаш шаьш карадинчух‚ хьакхаделира царах уьш шех ца бешаш хилларг

    39:48
  8. فَإِذَا مَسَّ الْإِنْسَانَ ضُرٌّ دَعَانَا ثُمَّ إِذَا خَوَّلْنَاهُ نِعْمَةً مِنَّا قَالَ إِنَّمَا أُوتِيتُهُ عَلَىٰ عِلْمٍ ۚ بَلْ هِيَ فِتْنَةٌ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَهُمْ لَا يَعْلَمُونَ

    Адамо цхьана зено ша схьалаьцча, Тхоьга кхойкху‚ тӀаккха Оха иза Тхайгара ниӀмате хьовзадича‚ цо олу: 'Баккъалла а, иза-м деллера суна сан хаарна (со суо бахьанехь)'. ХӀаъ‚ иза (Дала цунна делларг) питна (и зерхьама делла) ду‚ делахь а, царах дукхахболчарна ца хаьа-кх

    39:49
  9. قَدْ قَالَهَا الَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ فَمَا أَغْنَىٰ عَنْهُمْ مَا كَانُوا يَكْسِبُونَ

    Иза элира царал хьалха хиллачара а‚ кӀелхьар ца бехира уьш цара карадеш хиллачо

    39:50
  10. فَأَصَابَهُمْ سَيِّئَاتُ مَا كَسَبُوا ۚ وَالَّذِينَ ظَلَمُوا مِنْ هَٰؤُلَاءِ سَيُصِيبُهُمْ سَيِّئَاتُ مَا كَسَبُوا وَمَا هُمْ بِمُعْجِزِينَ

    Царах кхиира боьха хӀуманаш‚ цара карадина хилла долу. ХӀокхарах зулам динарш царах а кхиар ду шаьш карадина долу боьха хӀуманаш‚ цара (и Делан Ӏазап) гӀелдийр ма дац. (Цунах бовдур ма бац уьш)

    39:51
  11. أَوَلَمْ يَعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ يَبْسُطُ الرِّزْقَ لِمَنْ يَشَاءُ وَيَقْدِرُ ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَاتٍ لِقَوْمٍ يُؤْمِنُونَ

    Царна ца хаьа-те Дала рицкъ даржадеш хилар Шена луучунна /и зерхьама/‚ барам а беш /хилар Шена луучунна и бале озорна/. Баккъалла а, цу чохь делилш ду-кх тешаш долчу къомана

    39:52

Гочдар: Магомед Магомедов