Сурат 39 Аз-зумар (Тобанаш), аят 53 – 63
-
قُلْ يَا عِبَادِيَ الَّذِينَ أَسْرَفُوا عَلَىٰ أَنْفُسِهِمْ لَا تَقْنَطُوا مِنْ رَحْمَةِ اللَّهِ ۚ إِنَّ اللَّهَ يَغْفِرُ الذُّنُوبَ جَمِيعًا ۚ إِنَّهُ هُوَ الْغَفُورُ الرَّحِيمُ
Ахь āла /хй Мухьаммад/ шайна /дукха къинош дарца/ тӀаламза хилла болчу Сан лешка: 'Аш дог ма дилла Делан къинхетамах. Баккъалла а, Дала гечдо къинош дерриге а. Баккъалла а, Иза тӀех гечдийриг а‚ къинхетаме верг а ву'
39:53 -
وَأَنِيبُوا إِلَىٰ رَبِّكُمْ وَأَسْلِمُوا لَهُ مِنْ قَبْلِ أَنْ يَأْتِيَكُمُ الْعَذَابُ ثُمَّ لَا تُنْصَرُونَ
Шайн Кхиош-кхобучунна тӀе хьовза (тōба дарца)‚ муьтӀахь хила Цунна шайга Ӏазап дāле хьалха‚ тӀаккха шуна гӀо дийр дац
39:54 -
وَاتَّبِعُوا أَحْسَنَ مَا أُنْزِلَ إِلَيْكُمْ مِنْ رَبِّكُمْ مِنْ قَبْلِ أَنْ يَأْتِيَكُمُ الْعَذَابُ بَغْتَةً وَأَنْتُمْ لَا تَشْعُرُونَ
ТӀаьхьахӀитта шайга шайн Кхиош-кхобучуьнгара доссинчух уггар хазчунна шайна цӀеххьана Ӏазап дāле, шуна хаа ца луш
39:55 -
أَنْ تَقُولَ نَفْسٌ يَا حَسْرَتَا عَلَىٰ مَا فَرَّطْتُ فِي جَنْبِ اللَّهِ وَإِنْ كُنْتُ لَمِنَ السَّاخِرِينَ
Сино аларх /ларло/: 'Байлахь диси со Делан агӀорхьара ас ледарло ярна‚ со хилира-кх /Делан аятех/ цадешачарах'
39:56 -
أَوْ تَقُولَ لَوْ أَنَّ اللَّهَ هَدَانِي لَكُنْتُ مِنَ الْمُتَّقِينَ
Я цо аларх: 'Дала со нисдинехь‚ со а хир ма дара /Делах/ кхоьручарах'
39:57 -
أَوْ تَقُولَ حِينَ تَرَى الْعَذَابَ لَوْ أَنَّ لِي كَرَّةً فَأَكُونَ مِنَ الْمُحْسِنِينَ
Я цо аларх, Ӏазап шена гича: 'Суна юхаделахьара /дуьненан дахар/, со хир ма дара диканиг дечарах'
39:58 -
بَلَىٰ قَدْ جَاءَتْكَ آيَاتِي فَكَذَّبْتَ بِهَا وَاسْتَكْبَرْتَ وَكُنْتَ مِنَ الْكَافِرِينَ
ХӀаъ‚ деана хьоьга Сан аяташ‚ уьш харцдира ахь‚ хьо кураделира‚ хьо хилира цатешачарах
39:59 -
وَيَوْمَ الْقِيَامَةِ تَرَى الَّذِينَ كَذَبُوا عَلَى اللَّهِ وُجُوهُهُمْ مُسْوَدَّةٌ ۚ أَلَيْسَ فِي جَهَنَّمَ مَثْوًى لِلْمُتَكَبِّرِينَ
Къематдийнахь хьуна гур бу Далла тӀехь харцлийнарш шайн яххьаш Ӏаржъелла. Ткъа жоьжахатина чохь яц Ӏан меттиг кураболчарна?/Ю деллара!/
39:60 -
وَيُنَجِّي اللَّهُ الَّذِينَ اتَّقَوْا بِمَفَازَتِهِمْ لَا يَمَسُّهُمُ السُّوءُ وَلَا هُمْ يَحْزَنُونَ
Дала кӀелхьарбохур бу /Делах/ кхоьруш хилларш /шаьш лоьху ялсамани шайна хуьлуш/ шайна толам хиларца. Царах хьакхалур дац боьха хӀума‚ уьш сингаттаме а хир бац
39:61 -
اللَّهُ خَالِقُ كُلِّ شَيْءٍ ۖ وَهُوَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ وَكِيلٌ
Дела ву массо а хӀуманан кхоллархо. Иза массо а хӀуманан векал а ву
39:62 -
لَهُ مَقَالِيدُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۗ وَالَّذِينَ كَفَرُوا بِآيَاتِ اللَّهِ أُولَٰئِكَ هُمُ الْخَاسِرُونَ
Цуьнан ду стигланийн а‚ лаьттан а дōгӀанаш. Делан аятех цатешнарш уьш бу эшнарш
39:63
Гочдар: Магомед Магомедов