Сурат 39 Аз-зумар (Тобанаш), аят 64 – 70
-
قُلْ أَفَغَيْرَ اللَّهِ تَأْمُرُونِّي أَعْبُدُ أَيُّهَا الْجَاهِلُونَ
Ахь āла: 'Дела воцчунна омра до аш соьга Ӏибадат де, олий‚ хӀай‚ жехӀал нах?!'
39:64 -
وَلَقَدْ أُوحِيَ إِلَيْكَ وَإِلَى الَّذِينَ مِنْ قَبْلِكَ لَئِنْ أَشْرَكْتَ لَيَحْبَطَنَّ عَمَلُكَ وَلَتَكُونَنَّ مِنَ الْخَاسِرِينَ
Хьоьга вехьеца хаийтина‚ хьол хьалхалерчаьрга а: 'Ахь накъост лацахь /Делаца/‚ хьан Ӏамал йоьйур ю хьуна‚ хьо эшначарах хир ву хьуна'
39:65 -
بَلِ اللَّهَ فَاعْبُدْ وَكُنْ مِنَ الشَّاكِرِينَ
ХӀаъ‚ Далла Ӏибадат де ахь‚ хьо хила /Далла/ шукур дечарах
39:66 -
وَمَا قَدَرُوا اللَّهَ حَقَّ قَدْرِهِ وَالْأَرْضُ جَمِيعًا قَبْضَتُهُ يَوْمَ الْقِيَامَةِ وَالسَّمَاوَاتُ مَطْوِيَّاتٌ بِيَمِينِهِ ۚ سُبْحَانَهُ وَتَعَالَىٰ عَمَّا يُشْرِكُونَ
Мах ца хадийра цара Делан хадо ма безза‚ латта дерриг Цуьнан буйнахь хир ду къематдийнахь‚ стигланаш а хир ю хьарчийна Цуьнан аьтту куьйгаца. /Массо а кхачамбацарех/ цӀена ву Иза‚ лакхавели цара /Шеца/ накъост лацарх
39:67 -
وَنُفِخَ فِي الصُّورِ فَصَعِقَ مَنْ فِي السَّمَاوَاتِ وَمَنْ فِي الْأَرْضِ إِلَّا مَنْ شَاءَ اللَّهُ ۖ ثُمَّ نُفِخَ فِيهِ أُخْرَىٰ فَإِذَا هُمْ قِيَامٌ يَنْظُرُونَ
Сур лекхира тентакваьлира стигланашкахь мел верг а‚ лаьттахь мел верг а‚ Далла лиънарг воцург. Юха а лекхира /сур/ кхин цкъа уьш /кешнашкара/ гӀевтина бисира, хьоьжуш
39:68 -
وَأَشْرَقَتِ الْأَرْضُ بِنُورِ رَبِّهَا وَوُضِعَ الْكِتَابُ وَجِيءَ بِالنَّبِيِّينَ وَالشُّهَدَاءِ وَقُضِيَ بَيْنَهُمْ بِالْحَقِّ وَهُمْ لَا يُظْلَمُونَ
Къегира латта шен Кхиош-кхобучун нураца‚ охьадиллира жайна‚ схьабалабира пайхамарш а‚ тешаш а‚ кхиэл йира царна юккъехь бакъдолчуьнца‚ царна зулам дийр дац
39:69 -
وَوُفِّيَتْ كُلُّ نَفْسٍ مَا عَمِلَتْ وَهُوَ أَعْلَمُ بِمَا يَفْعَلُونَ
ДӀаделира /механа/ хӀора сина ша динарг‚ Иза дика хууш ву цара деш дерг
39:70
Гочдар: Магомед Магомедов