Сурат 39 Аз-зумар (Тобанаш), аят 71 – 75
-
وَسِيقَ الَّذِينَ كَفَرُوا إِلَىٰ جَهَنَّمَ زُمَرًا ۖ حَتَّىٰ إِذَا جَاءُوهَا فُتِحَتْ أَبْوَابُهَا وَقَالَ لَهُمْ خَزَنَتُهَا أَلَمْ يَأْتِكُمْ رُسُلٌ مِنْكُمْ يَتْلُونَ عَلَيْكُمْ آيَاتِ رَبِّكُمْ وَيُنْذِرُونَكُمْ لِقَاءَ يَوْمِكُمْ هَٰذَا ۚ قَالُوا بَلَىٰ وَلَٰكِنْ حَقَّتْ كَلِمَةُ الْعَذَابِ عَلَى الْكَافِرِينَ
ДӀабигира цатешнарш жоьжахате тобанашца‚ уьш цига беъча дӀаеллаелира цуьнан неӀарш‚ элира цаьрга цуьнан гӀаролаша: 'Ца баьхкира шуьга элчанаш шуна юккъера‚ шаьш шуна шун Кхиош-кхобучун аяташ а доьшуш‚ шаьш шуна дӀахьедош шун хӀокху денна дуьхьалкхетар?' Цара элира: 'ХӀаъ‚ делахь а, бакъхили керстанашна Ӏазап хир ду аьлла дош'
39:71 -
قِيلَ ادْخُلُوا أَبْوَابَ جَهَنَّمَ خَالِدِينَ فِيهَا ۖ فَبِئْسَ مَثْوَى الْمُتَكَبِّرِينَ
Элира: 'ЧугӀо жоьжахатина неӀаршкахула, лаьтташ цу чохь гуттарена а'. Ма вон ю-кх курабевллачеран чохь Ӏен меттиг
39:72 -
وَسِيقَ الَّذِينَ اتَّقَوْا رَبَّهُمْ إِلَى الْجَنَّةِ زُمَرًا ۖ حَتَّىٰ إِذَا جَاءُوهَا وَفُتِحَتْ أَبْوَابُهَا وَقَالَ لَهُمْ خَزَنَتُهَا سَلَامٌ عَلَيْكُمْ طِبْتُمْ فَادْخُلُوهَا خَالِدِينَ
ДӀабигира шайн Кхиош-кхобучух кхоьруш хилларш ялсамане тобанашца‚ уьш цига беъча дӀаеллаелира цуьнан неӀарш‚ элира цаьрга цуьнан гӀаролаша: 'Салам-маршалла ду шуьга. Декъала хили шу. ЧугӀо цунна гуттарена а'
39:73 -
وَقَالُوا الْحَمْدُ لِلَّهِ الَّذِي صَدَقَنَا وَعْدَهُ وَأَوْرَثَنَا الْأَرْضَ نَتَبَوَّأُ مِنَ الْجَنَّةِ حَيْثُ نَشَاءُ ۖ فَنِعْمَ أَجْرُ الْعَامِلِينَ
Цара элира: 'Хастам бу Далла‚ Ша тхуна бакъхилийтина Шен ваӀда‚ Цо ирсана делира тхуна /ялсаманин/ латта‚ охьаховшур ду тхо ялсаманехь тхайна луучохь'. Ӏамал ечеран ма хаза ял ю-кх /иза/!
39:74 -
وَتَرَى الْمَلَائِكَةَ حَافِّينَ مِنْ حَوْلِ الْعَرْشِ يُسَبِّحُونَ بِحَمْدِ رَبِّهِمْ ۖ وَقُضِيَ بَيْنَهُمْ بِالْحَقِّ وَقِيلَ الْحَمْدُ لِلَّهِ رَبِّ الْعَالَمِينَ
Хьуна гур ду маликаш хьийзаш Ӏаршана гонахула‚ тасбахь деш шайн Кхиош-кхобучунна, И хасторца. Кхиэл йина царна юккъехь бакъдолчуьнца‚ элира: 'Хастам бу Далла Ӏаламийн Дена'
39:75
Гочдар: Магомед Магомедов