Сурат 3 Аль-Ӏимран (Ӏимранан доьзал), аят 1 – 18
-
الم
Алиф-лам-мим
3:1 -
اللَّهُ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ الْحَيُّ الْقَيُّومُ
Аллах/цхьа Дела/ ву‚ кхин дела вац И бен‚ Ша дийна ву‚ гуттар лаьтташ ву /Шен лейн гӀуллакхаш кхочушдеш/
3:2 -
نَزَّلَ عَلَيْكَ الْكِتَابَ بِالْحَقِّ مُصَدِّقًا لِمَا بَيْنَ يَدَيْهِ وَأَنْزَلَ التَّوْرَاةَ وَالْإِنْجِيلَ
Цо хьоьга диссийна хьакъ-бакъ а долуш‚ шел хьалха хилларг бакъдеш а долу жайна (Къуръан). Цо доссийна/Мусага/ Таврат а, / Ӏийсага / Инжил а
3:3 -
مِنْ قَبْلُ هُدًى لِلنَّاسِ وَأَنْزَلَ الْفُرْقَانَ ۗ إِنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا بِآيَاتِ اللَّهِ لَهُمْ عَذَابٌ شَدِيدٌ ۗ وَاللَّهُ عَزِيزٌ ذُو انْتِقَامٍ
Хьалха нийса некъ хилла долу нахана‚ Цо доссийна Фуркъан. Баккъалла а, Делан аятех ца тешаш берш – царна ма ду чӀоӀа Ӏазап. И Дела ма ву ша веза верг- бекхаман да
3:4 -
إِنَّ اللَّهَ لَا يَخْفَىٰ عَلَيْهِ شَيْءٌ فِي الْأَرْضِ وَلَا فِي السَّمَاءِ
Баккъалла а, и Дела ма ву Шех хӀумма а къайлаер йоцуш, лаьттахь а, стиглахь а
3:5 -
هُوَ الَّذِي يُصَوِّرُكُمْ فِي الْأَرْحَامِ كَيْفَ يَشَاءُ ۚ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ
И ву шу кепе дерзийна беран цӀа чохь (ненан кийрахь) Шена ма луьу‚ кхин дела вац И бен‚ Ша веза верг а‚ хьекъале верг а ву И
3:6 -
هُوَ الَّذِي أَنْزَلَ عَلَيْكَ الْكِتَابَ مِنْهُ آيَاتٌ مُحْكَمَاتٌ هُنَّ أُمُّ الْكِتَابِ وَأُخَرُ مُتَشَابِهَاتٌ ۖ فَأَمَّا الَّذِينَ فِي قُلُوبِهِمْ زَيْغٌ فَيَتَّبِعُونَ مَا تَشَابَهَ مِنْهُ ابْتِغَاءَ الْفِتْنَةِ وَابْتِغَاءَ تَأْوِيلِهِ ۗ وَمَا يَعْلَمُ تَأْوِيلَهُ إِلَّا اللَّهُ ۗ وَالرَّاسِخُونَ فِي الْعِلْمِ يَقُولُونَ آمَنَّا بِهِ كُلٌّ مِنْ عِنْدِ رَبِّنَا ۗ وَمَا يَذَّكَّرُ إِلَّا أُولُو الْأَلْبَابِ
И ву хьоьга жайна доссийнарг‚ цуьнах ду хьикмате аяташ – уьш (хьикматенаш) жайнин нана ю‚ кхидерш – цхьатерранаш ду. Амма шайн дегнашкахь дӀатовжар дерш – уьш тӀаьхьахӀуьтту цу чуьра (Делан сибат) цхьана хманех тардеш долчарна питана лоьхуш а‚ уьш даста гӀерташ а. Уьш даста ма ца хаьа Далла Шена бен. Шаьш Ӏилманчохь кӀаргбеллачара олу: 'Тешна тхо цунах‚ дерриге а ду тхан Кхиош-кхобучуьнгара'. Ойла-м ца йо шайн хьекъал долчара бен
3:7 -
رَبَّنَا لَا تُزِغْ قُلُوبَنَا بَعْدَ إِذْ هَدَيْتَنَا وَهَبْ لَنَا مِنْ لَدُنْكَ رَحْمَةً ۚ إِنَّكَ أَنْتَ الْوَهَّابُ
/Олу ийман диллинчара/: 'Тхан Кхиош-кхобург‚ Ахь тхан дегнаш дӀа ма товжаделахь, Айхьа тхо нисдинчул тӀаьхьа‚ Хьайгара къинхетам лōлахь тхуна‚ баккъалла а, Хьо ма ву /шортта/ луш верг‚
3:8 -
رَبَّنَا إِنَّكَ جَامِعُ النَّاسِ لِيَوْمٍ لَا رَيْبَ فِيهِ ۚ إِنَّ اللَّهَ لَا يُخْلِفُ الْمِيعَادَ
Тхан Кхиош-кхобург‚ Хьо ма ву нах гулбийр берг шегахь шеко йоцчу /къемат/ денна‚ баккъалла а, Дала ца йохайо ваӀда'
3:9 -
إِنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا لَنْ تُغْنِيَ عَنْهُمْ أَمْوَالُهُمْ وَلَا أَوْلَادُهُمْ مِنَ اللَّهِ شَيْئًا ۖ وَأُولَٰئِكَ هُمْ وَقُودُ النَّارِ
Баккъалла а, цатешнарш – церан бахамо а‚ церан доьзало а Делера (Цуьнан Ӏазапах) хмма а хьалхабохур ма бац уьш. Уьш ма бу /жоьжахатин/ цӀеран ягориг
3:10 -
كَدَأْبِ آلِ فِرْعَوْنَ وَالَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ ۚ كَذَّبُوا بِآيَاتِنَا فَأَخَذَهُمُ اللَّهُ بِذُنُوبِهِمْ ۗ وَاللَّهُ شَدِيدُ الْعِقَابِ
ФирӀавнан доьзалан Ӏадатах терра‚ царал хьалха хиллачеран Ӏадатах терра: харцдира цара Тхан аяташ – Дала схьалецира уьш шайн къинош бахьанехь. И Дела таӀзар дарехь чӀогӀа ма ву
3:11 -
قُلْ لِلَّذِينَ كَفَرُوا سَتُغْلَبُونَ وَتُحْشَرُونَ إِلَىٰ جَهَنَّمَ ۚ وَبِئْسَ الْمِهَادُ
Ахь āла цатешначаьрга: 'Эшор а ду шу‚ жоьжахатина чу лохкур а ду шу'. – Ма вон мотт бу-кх иза
3:12 -
قَدْ كَانَ لَكُمْ آيَةٌ فِي فِئَتَيْنِ الْتَقَتَا ۖ فِئَةٌ تُقَاتِلُ فِي سَبِيلِ اللَّهِ وَأُخْرَىٰ كَافِرَةٌ يَرَوْنَهُمْ مِثْلَيْهِمْ رَأْيَ الْعَيْنِ ۚ وَاللَّهُ يُؤَيِّدُ بِنَصْرِهِ مَنْ يَشَاءُ ۗ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَعِبْرَةً لِأُولِي الْأَبْصَارِ
Шуна делил дара-кх вовшашна дуьхь-дуьхьал яхна хиллачу шина тобанехь: цхьа тоба тӀом беш Делан новкъахь‚ важа – цатешаш ерг. Царна уьш гуора шайл шозза алсам бӀаьргаца. Дала чӀагӀво Шен гӀоьнца Шена луург. Баккъалла а, цу чохь хьехам ма бу бӀаьрсадолчарна
3:13 -
زُيِّنَ لِلنَّاسِ حُبُّ الشَّهَوَاتِ مِنَ النِّسَاءِ وَالْبَنِينَ وَالْقَنَاطِيرِ الْمُقَنْطَرَةِ مِنَ الذَّهَبِ وَالْفِضَّةِ وَالْخَيْلِ الْمُسَوَّمَةِ وَالْأَنْعَامِ وَالْحَرْثِ ۗ ذَٰلِكَ مَتَاعُ الْحَيَاةِ الدُّنْيَا ۖ وَاللَّهُ عِنْدَهُ حُسْنُ الْمَآبِ
Нахана хазбина безам зударшка а‚ кӀенташка а‚ тӀеттӀа гулдинчу дешига а‚ детига а‚ васт долчу говрашка а‚ даьхнига а‚ ялтига а – иза дуьненан дахаран бахам бу‚ ткъа Далла гергахь ма ю хаза дӀавоьрзийла
3:14 -
قُلْ أَؤُنَبِّئُكُمْ بِخَيْرٍ مِنْ ذَٰلِكُمْ ۚ لِلَّذِينَ اتَّقَوْا عِنْدَ رَبِّهِمْ جَنَّاتٌ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا وَأَزْوَاجٌ مُطَهَّرَةٌ وَرِضْوَانٌ مِنَ اللَّهِ ۗ وَاللَّهُ بَصِيرٌ بِالْعِبَادِ
Ахь āла: 'Ас дийций шуна цул диканиг?' /Делах/ кхоьруш болчарна шайн Кхиош-кхобучунна гергахь бошмаш ю‚ бухахула хиш а оьхуш‚ гутаренна а цу чохь хир бу уьш‚ цӀена зударий а бу‚ Делера реза хилар а ду. И Дела гуш ма ву Шен леш‚
3:15 -
الَّذِينَ يَقُولُونَ رَبَّنَا إِنَّنَا آمَنَّا فَاغْفِرْ لَنَا ذُنُوبَنَا وَقِنَا عَذَابَ النَّارِ
Шаьш олуш болу: 'Тхан Кхиош-кхобург! Оха, баккъалла а, ийман диллина‚ Ахь гечделахь тхан къинош‚ Ахь хьалхадахалахь тхо цӀеран Ӏазапах'‚ –
3:16 -
الصَّابِرِينَ وَالصَّادِقِينَ وَالْقَانِتِينَ وَالْمُنْفِقِينَ وَالْمُسْتَغْفِرِينَ بِالْأَسْحَارِ
Шаьш собаре болуш‚ бакъдерг дуьйцуш‚ Далла муьтӀахь болуш‚ /дикчу агр/ харжаш еш‚ гечдар доьхуш сатасале
3:17 -
شَهِدَ اللَّهُ أَنَّهُ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ وَالْمَلَائِكَةُ وَأُولُو الْعِلْمِ قَائِمًا بِالْقِسْطِ ۚ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ
Дала тешалла дина цхьа а дела цахиларна‚ И Ша бен‚ маликаша а‚ Ӏилма долчу наха а дина /тешалла/‚ нийсонна тӀехӀоьттина воллуш ву Иза‚ кхин дела вац И бен‚ Ша веза верг а‚ хьекъале верг а ву Иза
3:18
Гочдар: Магомед Магомедов