Сурат 3 Аль-Ӏимран (Ӏимранан доьзал), аят 10 – 20
-
إِنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا لَنْ تُغْنِيَ عَنْهُمْ أَمْوَالُهُمْ وَلَا أَوْلَادُهُمْ مِنَ اللَّهِ شَيْئًا ۖ وَأُولَٰئِكَ هُمْ وَقُودُ النَّارِ
Баккъалла а, цатешнарш – церан бахамо а‚ церан доьзало а Делера (Цуьнан Ӏазапах) хмма а хьалхабохур ма бац уьш. Уьш ма бу /жоьжахатин/ цӀеран ягориг
3:10 -
كَدَأْبِ آلِ فِرْعَوْنَ وَالَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ ۚ كَذَّبُوا بِآيَاتِنَا فَأَخَذَهُمُ اللَّهُ بِذُنُوبِهِمْ ۗ وَاللَّهُ شَدِيدُ الْعِقَابِ
ФирӀавнан доьзалан Ӏадатах терра‚ царал хьалха хиллачеран Ӏадатах терра: харцдира цара Тхан аяташ – Дала схьалецира уьш шайн къинош бахьанехь. И Дела таӀзар дарехь чӀогӀа ма ву
3:11 -
قُلْ لِلَّذِينَ كَفَرُوا سَتُغْلَبُونَ وَتُحْشَرُونَ إِلَىٰ جَهَنَّمَ ۚ وَبِئْسَ الْمِهَادُ
Ахь āла цатешначаьрга: 'Эшор а ду шу‚ жоьжахатина чу лохкур а ду шу'. – Ма вон мотт бу-кх иза
3:12 -
قَدْ كَانَ لَكُمْ آيَةٌ فِي فِئَتَيْنِ الْتَقَتَا ۖ فِئَةٌ تُقَاتِلُ فِي سَبِيلِ اللَّهِ وَأُخْرَىٰ كَافِرَةٌ يَرَوْنَهُمْ مِثْلَيْهِمْ رَأْيَ الْعَيْنِ ۚ وَاللَّهُ يُؤَيِّدُ بِنَصْرِهِ مَنْ يَشَاءُ ۗ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَعِبْرَةً لِأُولِي الْأَبْصَارِ
Шуна делил дара-кх вовшашна дуьхь-дуьхьал яхна хиллачу шина тобанехь: цхьа тоба тӀом беш Делан новкъахь‚ важа – цатешаш ерг. Царна уьш гуора шайл шозза алсам бӀаьргаца. Дала чӀагӀво Шен гӀоьнца Шена луург. Баккъалла а, цу чохь хьехам ма бу бӀаьрсадолчарна
3:13 -
زُيِّنَ لِلنَّاسِ حُبُّ الشَّهَوَاتِ مِنَ النِّسَاءِ وَالْبَنِينَ وَالْقَنَاطِيرِ الْمُقَنْطَرَةِ مِنَ الذَّهَبِ وَالْفِضَّةِ وَالْخَيْلِ الْمُسَوَّمَةِ وَالْأَنْعَامِ وَالْحَرْثِ ۗ ذَٰلِكَ مَتَاعُ الْحَيَاةِ الدُّنْيَا ۖ وَاللَّهُ عِنْدَهُ حُسْنُ الْمَآبِ
Нахана хазбина безам зударшка а‚ кӀенташка а‚ тӀеттӀа гулдинчу дешига а‚ детига а‚ васт долчу говрашка а‚ даьхнига а‚ ялтига а – иза дуьненан дахаран бахам бу‚ ткъа Далла гергахь ма ю хаза дӀавоьрзийла
3:14 -
قُلْ أَؤُنَبِّئُكُمْ بِخَيْرٍ مِنْ ذَٰلِكُمْ ۚ لِلَّذِينَ اتَّقَوْا عِنْدَ رَبِّهِمْ جَنَّاتٌ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا وَأَزْوَاجٌ مُطَهَّرَةٌ وَرِضْوَانٌ مِنَ اللَّهِ ۗ وَاللَّهُ بَصِيرٌ بِالْعِبَادِ
Ахь āла: 'Ас дийций шуна цул диканиг?' /Делах/ кхоьруш болчарна шайн Кхиош-кхобучунна гергахь бошмаш ю‚ бухахула хиш а оьхуш‚ гутаренна а цу чохь хир бу уьш‚ цӀена зударий а бу‚ Делера реза хилар а ду. И Дела гуш ма ву Шен леш‚
3:15 -
الَّذِينَ يَقُولُونَ رَبَّنَا إِنَّنَا آمَنَّا فَاغْفِرْ لَنَا ذُنُوبَنَا وَقِنَا عَذَابَ النَّارِ
Шаьш олуш болу: 'Тхан Кхиош-кхобург! Оха, баккъалла а, ийман диллина‚ Ахь гечделахь тхан къинош‚ Ахь хьалхадахалахь тхо цӀеран Ӏазапах'‚ –
3:16 -
الصَّابِرِينَ وَالصَّادِقِينَ وَالْقَانِتِينَ وَالْمُنْفِقِينَ وَالْمُسْتَغْفِرِينَ بِالْأَسْحَارِ
Шаьш собаре болуш‚ бакъдерг дуьйцуш‚ Далла муьтӀахь болуш‚ /дикчу агр/ харжаш еш‚ гечдар доьхуш сатасале
3:17 -
شَهِدَ اللَّهُ أَنَّهُ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ وَالْمَلَائِكَةُ وَأُولُو الْعِلْمِ قَائِمًا بِالْقِسْطِ ۚ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ
Дала тешалла дина цхьа а дела цахиларна‚ И Ша бен‚ маликаша а‚ Ӏилма долчу наха а дина /тешалла/‚ нийсонна тӀехӀоьттина воллуш ву Иза‚ кхин дела вац И бен‚ Ша веза верг а‚ хьекъале верг а ву Иза
3:18 -
إِنَّ الدِّينَ عِنْدَ اللَّهِ الْإِسْلَامُ ۗ وَمَا اخْتَلَفَ الَّذِينَ أُوتُوا الْكِتَابَ إِلَّا مِنْ بَعْدِ مَا جَاءَهُمُ الْعِلْمُ بَغْيًا بَيْنَهُمْ ۗ وَمَنْ يَكْفُرْ بِآيَاتِ اللَّهِ فَإِنَّ اللَّهَ سَرِيعُ الْحِسَابِ
Баккъалла а, дин Далла гергахь ислам ду. Шайга жайна делларш бекъа ца белира шайга Ӏилма деъначул тӀаьхьа бен вовшашна юккъехь хьагӀ кхоллаяларца. Делан аяташ харцдеш милла велахь - Дела ма ву хьесап дарехь сиханиг
3:19 -
فَإِنْ حَاجُّوكَ فَقُلْ أَسْلَمْتُ وَجْهِيَ لِلَّهِ وَمَنِ اتَّبَعَنِ ۗ وَقُلْ لِلَّذِينَ أُوتُوا الْكِتَابَ وَالْأُمِّيِّينَ أَأَسْلَمْتُمْ ۚ فَإِنْ أَسْلَمُوا فَقَدِ اهْتَدَوْا ۖ وَإِنْ تَوَلَّوْا فَإِنَّمَا عَلَيْكَ الْبَلَاغُ ۗ وَاللَّهُ بَصِيرٌ بِالْعِبَادِ
Цара хьайца къийсахь‚ ахь āла: 'Ас муьтӀахь йина сайн юьхь Далла‚ суна тӀаьхьахӀоьттинчо а йина'. Ахь āла шайга жайна деллачаьрга а‚ бодане болчаьрга а: 'Шу хиллий муьтӀахь?' Уьш муьтӀахь белахь‚ тӀаккха уьш нийсачу новкъахь бу‚ уьш дӀаберзахь – хьуна тӀехь дӀакхачор бен дац. И Дела ма ву Шен леш гуш верг
3:20
Гочдар: Магомед Магомедов