Сурат 3 Аль-Ӏимран (Ӏимранан доьзал), аят 101 – 103

  1. وَكَيْفَ تَكْفُرُونَ وَأَنْتُمْ تُتْلَىٰ عَلَيْكُمْ آيَاتُ اللَّهِ وَفِيكُمْ رَسُولُهُ ۗ وَمَنْ يَعْتَصِمْ بِاللَّهِ فَقَدْ هُدِيَ إِلَىٰ صِرَاطٍ مُسْتَقِيمٍ

    Шу муха хуьлу ца тешаш – шуна тӀехь доьшуш Делан аяташ ма ду‚ шуна юккъехь Цуьнан элча ма ву? Милла велахь а, Делаца чӀагӀвелларг – нисвелла и нийсачу новкъа

    3:101
  2. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا اتَّقُوا اللَّهَ حَقَّ تُقَاتِهِ وَلَا تَمُوتُنَّ إِلَّا وَأَنْتُمْ مُسْلِمُونَ

    ХӀай ийман диллинарш‚ кхера Делах хакъ-бакъ кхерарца‚ шу дала ма лойла Цунна муьтӀахь долуш бен

    3:102
  3. وَاعْتَصِمُوا بِحَبْلِ اللَّهِ جَمِيعًا وَلَا تَفَرَّقُوا ۚ وَاذْكُرُوا نِعْمَتَ اللَّهِ عَلَيْكُمْ إِذْ كُنْتُمْ أَعْدَاءً فَأَلَّفَ بَيْنَ قُلُوبِكُمْ فَأَصْبَحْتُمْ بِنِعْمَتِهِ إِخْوَانًا وَكُنْتُمْ عَلَىٰ شَفَا حُفْرَةٍ مِنَ النَّارِ فَأَنْقَذَكُمْ مِنْهَا ۗ كَذَٰلِكَ يُبَيِّنُ اللَّهُ لَكُمْ آيَاتِهِ لَعَلَّكُمْ تَهْتَدُونَ

    ЧӀагӀло Делан муьшца массо а. Шу декъа ма ло. Дагадаийта шайна хилла Делан ниӀмат: шу ма дара мостагӀий – шун дегнаш кӀаддийра Цо‚ шух хилира Цуьнан ниӀматца вежарий. Шу ма дара цӀеран ора йисттехь – Цо шу цунах кӀелхьарадехира. Иштта билгалдо Дала шуна Шен аяташ – шу нисдала тарлора

    3:103

Гочдар: Магомед Магомедов