Сурат 3 Аль-Ӏимран (Ӏимранан доьзал), аят 110 – 120

  1. كُنْتُمْ خَيْرَ أُمَّةٍ أُخْرِجَتْ لِلنَّاسِ تَأْمُرُونَ بِالْمَعْرُوفِ وَتَنْهَوْنَ عَنِ الْمُنْكَرِ وَتُؤْمِنُونَ بِاللَّهِ ۗ وَلَوْ آمَنَ أَهْلُ الْكِتَابِ لَكَانَ خَيْرًا لَهُمْ ۚ مِنْهُمُ الْمُؤْمِنُونَ وَأَكْثَرُهُمُ الْفَاسِقُونَ

    Шу хилла нахана юкъадаьллачех уггар дика уммат: диканиг хьоьхуш‚ вочух /нах/ духатухуш‚ Делах тешаш. Жайнан охӀла тешна хиллехьара‚ царна дика хир дара. Царах тешарш а бу‚ царах дукхахберш фасикъаш ма бу

    3:110
  2. لَنْ يَضُرُّوكُمْ إِلَّا أَذًى ۖ وَإِنْ يُقَاتِلُوكُمْ يُوَلُّوكُمُ الْأَدْبَارَ ثُمَّ لَا يُنْصَرُونَ

    Цара шуна данне а зен дийр дац‚ цатам бахь бен. Шух латахь а – шайн баккъаш берзор бу цара шуна (эшна бухабевр бу уьш)‚ тӀаккха царна гӀо дийр дац

    3:111
  3. ضُرِبَتْ عَلَيْهِمُ الذِّلَّةُ أَيْنَ مَا ثُقِفُوا إِلَّا بِحَبْلٍ مِنَ اللَّهِ وَحَبْلٍ مِنَ النَّاسِ وَبَاءُوا بِغَضَبٍ مِنَ اللَّهِ وَضُرِبَتْ عَلَيْهِمُ الْمَسْكَنَةُ ۚ ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ كَانُوا يَكْفُرُونَ بِآيَاتِ اللَّهِ وَيَقْتُلُونَ الْأَنْبِيَاءَ بِغَيْرِ حَقٍّ ۚ ذَٰلِكَ بِمَا عَصَوْا وَكَانُوا يَعْتَدُونَ

    Царна тӀекхоьссина сийсазалла‚ уьш миччахьа хиллехь а‚ Делера ваийца а‚ нахера ваийца а уьш бацахь. Делера оьгӀазаллина тӀекхиира уьш‚ тӀекхоьссира царна мискалалла. Иза – уьш хилла хиларна Делан аятех ца тешаш‚ байа хьакъ боцуш‚ пайхамарш бойуш. Иза – цара Ӏесалла ярна а‚ уьш дозанех бевлла хиларна а ду

    3:112
  4. لَيْسُوا سَوَاءً ۗ مِنْ أَهْلِ الْكِتَابِ أُمَّةٌ قَائِمَةٌ يَتْلُونَ آيَاتِ اللَّهِ آنَاءَ اللَّيْلِ وَهُمْ يَسْجُدُونَ

    Цхьатерра бац уьш. Жайнан охӀланах ю цхьа /нийса/ хӀоьттина йолу тоба: цара Делан аяташ доьшу буьсанан заманчохь, цара сужуд до /Далла/

    3:113
  5. يُؤْمِنُونَ بِاللَّهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ وَيَأْمُرُونَ بِالْمَعْرُوفِ وَيَنْهَوْنَ عَنِ الْمُنْكَرِ وَيُسَارِعُونَ فِي الْخَيْرَاتِ وَأُولَٰئِكَ مِنَ الصَّالِحِينَ

    Уьш тешаш бу Делах а‚ тӀаьххьарчу дийнах а‚ диканиг хьоьхуш бу‚ вочух /нах/ духатухуш бу‚ сихлуш бу уьш дика хӀуманаш дан – уьш бу дикачарех

    3:114
  6. وَمَا يَفْعَلُوا مِنْ خَيْرٍ فَلَنْ يُكْفَرُوهُ ۗ وَاللَّهُ عَلِيمٌ بِالْمُتَّقِينَ

    Цара дина диканиг – керстадийр дац и царна (къобал ца деш дуьтур дац), и Дела ма ву бевзаш /Шех/ кхоьруш берш

    3:115
  7. إِنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا لَنْ تُغْنِيَ عَنْهُمْ أَمْوَالُهُمْ وَلَا أَوْلَادُهُمْ مِنَ اللَّهِ شَيْئًا ۖ وَأُولَٰئِكَ أَصْحَابُ النَّارِ ۚ هُمْ فِيهَا خَالِدُونَ

    Баккъалла а, цатешнарш – церан бахамо а, церан доьзалша а царах хӀумма а духатухур дац Делера. Уьш бу /жоьжахатин/ цӀеран дай, уьш цу чохь даима лаьттар бу

    3:116
  8. مَثَلُ مَا يُنْفِقُونَ فِي هَٰذِهِ الْحَيَاةِ الدُّنْيَا كَمَثَلِ رِيحٍ فِيهَا صِرٌّ أَصَابَتْ حَرْثَ قَوْمٍ ظَلَمُوا أَنْفُسَهُمْ فَأَهْلَكَتْهُ ۚ وَمَا ظَلَمَهُمُ اللَّهُ وَلَٰكِنْ أَنْفُسَهُمْ يَظْلِمُونَ

    Гергарчу /дуьненан/ дахарехь цара (керстанаша) йина харж тера ю шеца чӀогӀа шело йолчу махах, шайна зулам динчу нехан ялтина хьекхна болчу - цо и хӀаллакдина. Дала зулам ца дина царна, мухха делахь а, шаьш зулам деш бу уьш шайна

    3:117
  9. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَتَّخِذُوا بِطَانَةً مِنْ دُونِكُمْ لَا يَأْلُونَكُمْ خَبَالًا وَدُّوا مَا عَنِتُّمْ قَدْ بَدَتِ الْبَغْضَاءُ مِنْ أَفْوَاهِهِمْ وَمَا تُخْفِي صُدُورُهُمْ أَكْبَرُ ۚ قَدْ بَيَّنَّا لَكُمُ الْآيَاتِ ۖ إِنْ كُنْتُمْ تَعْقِلُونَ

    ХӀай ийман диллинарш! Аш ма леца шайн /даггара/ доттагӀий, шаьш доцурш. Шун гӀуллакхаш дохо жигара хуьлу уьш, шуна халонаш хуьлийла лаьа царна. ОьгӀазалла гучуяьлла церан багахула, церан дегнаша хьулдинарг кхин а доккха ду. Аяташ билгалдаьхна Оха шуна, шу хьекъале хиллехь

    3:118
  10. هَا أَنْتُمْ أُولَاءِ تُحِبُّونَهُمْ وَلَا يُحِبُّونَكُمْ وَتُؤْمِنُونَ بِالْكِتَابِ كُلِّهِ وَإِذَا لَقُوكُمْ قَالُوا آمَنَّا وَإِذَا خَلَوْا عَضُّوا عَلَيْكُمُ الْأَنَامِلَ مِنَ الْغَيْظِ ۚ قُلْ مُوتُوا بِغَيْظِكُمْ ۗ إِنَّ اللَّهَ عَلِيمٌ بِذَاتِ الصُّدُورِ

    ХӀай шу! Уьш безаш ду шу, царна шу ца деза. Шу теша массо а жайнах. Шуна дуьхьалкхетча‚ цара олу: 'Тхо ийман диллина ду '. /Шаьш шух/ дӀатилча, шайн пӀелгех цергаш юьхку цара оьгӀазлонца. Ахь āла: 'Са дала шу шайн оьгӀазаллица. И Дела хууш ма ву дегнашкахь дерг'

    3:119
  11. إِنْ تَمْسَسْكُمْ حَسَنَةٌ تَسُؤْهُمْ وَإِنْ تُصِبْكُمْ سَيِّئَةٌ يَفْرَحُوا بِهَا ۖ وَإِنْ تَصْبِرُوا وَتَتَّقُوا لَا يَضُرُّكُمْ كَيْدُهُمْ شَيْئًا ۗ إِنَّ اللَّهَ بِمَا يَعْمَلُونَ مُحِيطٌ

    Шух диканиг кхетча, цо вон до царна, шуна вон хилча, цунах баккхийбе уьш. Аш собар дахь, шу Делах кхерахь, церан мекарлоно хӀумма а зен дийр дац шуна. И Дела цара деш дерг дерриге а чулоцуш ма ву

    3:120

Гочдар: Магомед Магомедов