Сурат 3 Аль-Ӏимран (Ӏимранан доьзал), аят 121 – 129

  1. وَإِذْ غَدَوْتَ مِنْ أَهْلِكَ تُبَوِّئُ الْمُؤْمِنِينَ مَقَاعِدَ لِلْقِتَالِ ۗ وَاللَّهُ سَمِيعٌ عَلِيمٌ

    /Ахь дагадайта, хй Мухьаммад/: хьо ьйрана ара ма велира хьайн доьзал болчура /тман кечамна/, муъмина нах тӀамна дӀанисбеш, ткъа Дела хезаш верг а, хууш верг а ма ву

    3:121
  2. إِذْ هَمَّتْ طَائِفَتَانِ مِنْكُمْ أَنْ تَفْشَلَا وَاللَّهُ وَلِيُّهُمَا ۗ وَعَلَى اللَّهِ فَلْيَتَوَكَّلِ الْمُؤْمِنُونَ

    Шух шина тобанна дагчу еара осалалла (кхерабевлла тӀамах юхабовла ойла хилира церан), лиира дӀасадаржа. И Дела ма ву церан гӀоьнча. Далла тӀетевжийла муъмина нах

    3:122
  3. وَلَقَدْ نَصَرَكُمُ اللَّهُ بِبَدْرٍ وَأَنْتُمْ أَذِلَّةٌ ۖ فَاتَّقُوا اللَّهَ لَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ

    Дала гӀо ма дира шуна Бадрехь, шу ледара долуш. Делах кхера‚ шу хила мегара шукур деш

    3:123
  4. إِذْ تَقُولُ لِلْمُؤْمِنِينَ أَلَنْ يَكْفِيَكُمْ أَنْ يُمِدَّكُمْ رَبُّكُمْ بِثَلَاثَةِ آلَافٍ مِنَ الْمَلَائِكَةِ مُنْزَلِينَ

    Ахь олура муъмина нахе: 'Шуна тоам ца хуьлу шун Кхиош-кхобучо шаьш чӀагӀдича охьадоссийначу кхаа эзар маликаца?'

    3:124
  5. بَلَىٰ ۚ إِنْ تَصْبِرُوا وَتَتَّقُوا وَيَأْتُوكُمْ مِنْ فَوْرِهِمْ هَٰذَا يُمْدِدْكُمْ رَبُّكُمْ بِخَمْسَةِ آلَافٍ مِنَ الْمَلَائِكَةِ مُسَوِّمِينَ

    ХӀан-хӀа! Аш собар дахь‚ шу /Делах/ кхерахь‚ шуна тӀе сихонца уьш (мостагӀий) летача, шун Кхиош-кхобучо чӀагӀдийр ду шу пхеа эзар маликаца‚ Ӏаламаташ долчу

    3:125
  6. وَمَا جَعَلَهُ اللَّهُ إِلَّا بُشْرَىٰ لَكُمْ وَلِتَطْمَئِنَّ قُلُوبُكُمْ بِهِ ۗ وَمَا النَّصْرُ إِلَّا مِنْ عِنْدِ اللَّهِ الْعَزِيزِ الْحَكِيمِ

    И ца дина Дала шуна кхаъ хилла бен‚ шун дегнаш ийманца чӀагӀдархьама а бен. Толам бац ша веза волчу‚ хьукам нийса деш волчу Делан гергара бен

    3:126
  7. لِيَقْطَعَ طَرَفًا مِنَ الَّذِينَ كَفَرُوا أَوْ يَكْبِتَهُمْ فَيَنْقَلِبُوا خَائِبِينَ

    /И дина Дала/ ца тешаш болчеран цхьа агӀо хадорхьама я уьш сийсазбархьама – дог диллина бухбевр бу уьш

    3:127
  8. لَيْسَ لَكَ مِنَ الْأَمْرِ شَيْءٌ أَوْ يَتُوبَ عَلَيْهِمْ أَوْ يُعَذِّبَهُمْ فَإِنَّهُمْ ظَالِمُونَ

    /Оцу/ гӀуллакхах хӀумма дац хьуна: я гечдер Цо царна‚ я Ӏазап дер – уьш зуламхой бу

    3:128
  9. وَلِلَّهِ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ ۚ يَغْفِرُ لِمَنْ يَشَاءُ وَيُعَذِّبُ مَنْ يَشَاءُ ۚ وَاللَّهُ غَفُورٌ رَحِيمٌ

    Делан ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а‚ Шена луучунна гечдо Цо‚ шена луучунна Ӏазап до. И Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву

    3:129

Гочдар: Магомед Магомедов