Сурат 3 Аль-Iимран (Iимранан доьзал), аят 123 – 125

  1. وَلَقَدْ نَصَرَكُمُ اللَّهُ بِبَدْرٍ وَأَنْتُمْ أَذِلَّةٌ ۖ فَاتَّقُوا اللَّهَ لَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ

    Дала гIо ма дира шуна Бадрехь, шу ледара долуш. Делах кхера‚ шу хила мегара шукур деш

    3:123
  2. إِذْ تَقُولُ لِلْمُؤْمِنِينَ أَلَنْ يَكْفِيَكُمْ أَنْ يُمِدَّكُمْ رَبُّكُمْ بِثَلَاثَةِ آلَافٍ مِنَ الْمَلَائِكَةِ مُنْزَلِينَ

    Ахь олура муъмина нахе: 'Шуна тоам ца хуьлу шун Кхиош-кхобучо шаьш чIагIдича охьадоссийначу кхаа эзар маликаца?'

    3:124
  3. بَلَىٰ ۚ إِنْ تَصْبِرُوا وَتَتَّقُوا وَيَأْتُوكُمْ مِنْ فَوْرِهِمْ هَٰذَا يُمْدِدْكُمْ رَبُّكُمْ بِخَمْسَةِ آلَافٍ مِنَ الْمَلَائِكَةِ مُسَوِّمِينَ

    ХIан-хIа! Аш собар дахь‚ шу /Делах/ кхерахь‚ шуна тIе сихонца уьш (мостагIий) летача, шун Кхиош-кхобучо чIагIдийр ду шу пхеа эзар маликаца‚ Iаламаташ долчу

    3:125

Гочдар: Магомед Магомедов