Сурат 3 Аль-Ӏимран (Ӏимранан доьзал), аят 124 – 126

  1. إِذْ تَقُولُ لِلْمُؤْمِنِينَ أَلَنْ يَكْفِيَكُمْ أَنْ يُمِدَّكُمْ رَبُّكُمْ بِثَلَاثَةِ آلَافٍ مِنَ الْمَلَائِكَةِ مُنْزَلِينَ

    Ахь олура муъмина нахе: 'Шуна тоам ца хуьлу шун Кхиош-кхобучо шаьш чӀагӀдича охьадоссийначу кхаа эзар маликаца?'

    3:124
  2. بَلَىٰ ۚ إِنْ تَصْبِرُوا وَتَتَّقُوا وَيَأْتُوكُمْ مِنْ فَوْرِهِمْ هَٰذَا يُمْدِدْكُمْ رَبُّكُمْ بِخَمْسَةِ آلَافٍ مِنَ الْمَلَائِكَةِ مُسَوِّمِينَ

    ХӀан-хӀа! Аш собар дахь‚ шу /Делах/ кхерахь‚ шуна тӀе сихонца уьш (мостагӀий) летача, шун Кхиош-кхобучо чӀагӀдийр ду шу пхеа эзар маликаца‚ Ӏаламаташ долчу

    3:125
  3. وَمَا جَعَلَهُ اللَّهُ إِلَّا بُشْرَىٰ لَكُمْ وَلِتَطْمَئِنَّ قُلُوبُكُمْ بِهِ ۗ وَمَا النَّصْرُ إِلَّا مِنْ عِنْدِ اللَّهِ الْعَزِيزِ الْحَكِيمِ

    И ца дина Дала шуна кхаъ хилла бен‚ шун дегнаш ийманца чӀагӀдархьама а бен. Толам бац ша веза волчу‚ хьукам нийса деш волчу Делан гергара бен

    3:126

Гочдар: Магомед Магомедов