Сурат 3 Аль-Ӏимран (Ӏимранан доьзал), аят 130 – 135
-
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَأْكُلُوا الرِّبَا أَضْعَافًا مُضَاعَفَةً ۖ وَاتَّقُوا اللَّهَ لَعَلَّكُمْ تُفْلِحُونَ
ХӀай ийман диллинарш! Ма даа риба тх алсамдаккхарца. Делах кхера – шу даккхийде тарло
3:130 -
وَاتَّقُوا النَّارَ الَّتِي أُعِدَّتْ لِلْكَافِرِينَ
Шу кхера цӀерах‚ цатешачарна кечйина йолчу
3:131 -
وَأَطِيعُوا اللَّهَ وَالرَّسُولَ لَعَلَّكُمْ تُرْحَمُونَ
Шу муьтӀахь хила Далла а‚ элчанна а- шух къинхетам бан тарло
3:132 -
وَسَارِعُوا إِلَىٰ مَغْفِرَةٍ مِنْ رَبِّكُمْ وَجَنَّةٍ عَرْضُهَا السَّمَاوَاتُ وَالْأَرْضُ أُعِدَّتْ لِلْمُتَّقِينَ
Шу сихло шайн Кхиош-Кхобучуьнгара гечдаре а‚ ялсамане а‚ шен шоралла стигланаш а‚ латта а /санна/ йолчу‚ /Делах/ кхоьруш болчарна ша кечйина йолчу
3:133 -
الَّذِينَ يُنْفِقُونَ فِي السَّرَّاءِ وَالضَّرَّاءِ وَالْكَاظِمِينَ الْغَيْظَ وَالْعَافِينَ عَنِ النَّاسِ ۗ وَاللَّهُ يُحِبُّ الْمُحْسِنِينَ
Ишттанаш бу уьш‚ шаьш сагӀа доккхуш аьттонехь а‚ халонехь а‚ оьгӀазло юхатухуш‚ нахана къинтӀерабовлуш. Цу Далла беза дика берш
3:134 -
وَالَّذِينَ إِذَا فَعَلُوا فَاحِشَةً أَوْ ظَلَمُوا أَنْفُسَهُمْ ذَكَرُوا اللَّهَ فَاسْتَغْفَرُوا لِذُنُوبِهِمْ وَمَنْ يَغْفِرُ الذُّنُوبَ إِلَّا اللَّهُ وَلَمْ يُصِرُّوا عَلَىٰ مَا فَعَلُوا وَهُمْ يَعْلَمُونَ
Ишттанаш а бу уьш‚ шаьш цхьа вон къа дича я шаьш шайна зулам дича, Дела дагавогӀуш‚ шайн къиношна гечдар доьхуш. Мила ву ткъа гечдийр долуш къинош ша Дела воцург? Шаьш динчунна (къина) тӀе юха ца боьрзу уьш хаа а хууш
3:135
Гочдар: Магомед Магомедов