Сурат 3 Аль-Ӏимран (Ӏимранан доьзал), аят 130 – 143

  1. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَأْكُلُوا الرِّبَا أَضْعَافًا مُضَاعَفَةً ۖ وَاتَّقُوا اللَّهَ لَعَلَّكُمْ تُفْلِحُونَ

    ХӀай ийман диллинарш! Ма даа риба тх алсамдаккхарца. Делах кхера – шу даккхийде тарло

    3:130
  2. وَاتَّقُوا النَّارَ الَّتِي أُعِدَّتْ لِلْكَافِرِينَ

    Шу кхера цӀерах‚ цатешачарна кечйина йолчу

    3:131
  3. وَأَطِيعُوا اللَّهَ وَالرَّسُولَ لَعَلَّكُمْ تُرْحَمُونَ

    Шу муьтӀахь хила Далла а‚ элчанна а- шух къинхетам бан тарло

    3:132
  4. وَسَارِعُوا إِلَىٰ مَغْفِرَةٍ مِنْ رَبِّكُمْ وَجَنَّةٍ عَرْضُهَا السَّمَاوَاتُ وَالْأَرْضُ أُعِدَّتْ لِلْمُتَّقِينَ

    Шу сихло шайн Кхиош-Кхобучуьнгара гечдаре а‚ ялсамане а‚ шен шоралла стигланаш а‚ латта а /санна/ йолчу‚ /Делах/ кхоьруш болчарна ша кечйина йолчу

    3:133
  5. الَّذِينَ يُنْفِقُونَ فِي السَّرَّاءِ وَالضَّرَّاءِ وَالْكَاظِمِينَ الْغَيْظَ وَالْعَافِينَ عَنِ النَّاسِ ۗ وَاللَّهُ يُحِبُّ الْمُحْسِنِينَ

    Ишттанаш бу уьш‚ шаьш сагӀа доккхуш аьттонехь а‚ халонехь а‚ оьгӀазло юхатухуш‚ нахана къинтӀерабовлуш. Цу Далла беза дика берш

    3:134
  6. وَالَّذِينَ إِذَا فَعَلُوا فَاحِشَةً أَوْ ظَلَمُوا أَنْفُسَهُمْ ذَكَرُوا اللَّهَ فَاسْتَغْفَرُوا لِذُنُوبِهِمْ وَمَنْ يَغْفِرُ الذُّنُوبَ إِلَّا اللَّهُ وَلَمْ يُصِرُّوا عَلَىٰ مَا فَعَلُوا وَهُمْ يَعْلَمُونَ

    Ишттанаш а бу уьш‚ шаьш цхьа вон къа дича я шаьш шайна зулам дича, Дела дагавогӀуш‚ шайн къиношна гечдар доьхуш. Мила ву ткъа гечдийр долуш къинош ша Дела воцург? Шаьш динчунна (къина) тӀе юха ца боьрзу уьш хаа а хууш

    3:135
  7. أُولَٰئِكَ جَزَاؤُهُمْ مَغْفِرَةٌ مِنْ رَبِّهِمْ وَجَنَّاتٌ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا ۚ وَنِعْمَ أَجْرُ الْعَامِلِينَ

    Уьш бу шайн бекхам шайн Кхиош-Кхобучуьнгара гечдар а‚ бошмаш а берш‚ шайн бухахь хиш оьхуш йолчу‚ царна чохь уьш гуттар а хир болуш. Ма хаза ял ю и Ӏамал ечарна!

    3:136
  8. قَدْ خَلَتْ مِنْ قَبْلِكُمْ سُنَنٌ فَسِيرُوا فِي الْأَرْضِ فَانْظُرُوا كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الْمُكَذِّبِينَ

    Шул хьалха а дӀадахна /шуна тхьттуш дерш санна долу/ хилларш. Шу лела лаьттахула‚ хьовса, муха хилла /дин/ харцдинчеран чаккхе

    3:137
  9. هَٰذَا بَيَانٌ لِلنَّاسِ وَهُدًى وَمَوْعِظَةٌ لِلْمُتَّقِينَ

    ХӀара хаам бу нахана‚ нийса некъ а бу‚ хьехам а бу /Делах/ кхоьручарна

    3:138
  10. وَلَا تَهِنُوا وَلَا تَحْزَنُوا وَأَنْتُمُ الْأَعْلَوْنَ إِنْ كُنْتُمْ مُؤْمِنِينَ

    Шу ледара ма довла /гӀазот дан/‚ шу сингаттаме ма хила /Ухьудехь эшарна/ – шу лакхахь хир ду /керстанашна тӀехь толам баккхарца/, шу /баккъалла а, /муъмина нах хиллехь

    3:139
  11. إِنْ يَمْسَسْكُمْ قَرْحٌ فَقَدْ مَسَّ الْقَوْمَ قَرْحٌ مِثْلُهُ ۚ وَتِلْكَ الْأَيَّامُ نُدَاوِلُهَا بَيْنَ النَّاسِ وَلِيَعْلَمَ اللَّهُ الَّذِينَ آمَنُوا وَيَتَّخِذَ مِنْكُمْ شُهَدَاءَ ۗ وَاللَّهُ لَا يُحِبُّ الظَّالِمِينَ

    Шуна чов хилча – нахана а хилла чов, цунах терра. И денош Оха хьийзадо нахана юккъехь‚ Далла бовзархьама (нахана гучубохуш) ийман диллинарш‚ шун юккъера гӀазотан ял ерш хилийтархьама а. Цу Далла ца беза зуламхой

    3:140
  12. وَلِيُمَحِّصَ اللَّهُ الَّذِينَ آمَنُوا وَيَمْحَقَ الْكَافِرِينَ

    Дала /къинойх/ цӀанбархьама ийман диллинарш, хӀаллакбархьама цатешарш

    3:141
  13. أَمْ حَسِبْتُمْ أَنْ تَدْخُلُوا الْجَنَّةَ وَلَمَّا يَعْلَمِ اللَّهُ الَّذِينَ جَاهَدُوا مِنْكُمْ وَيَعْلَمَ الصَّابِرِينَ

    Шуна моьттира шаьш ялсамане гӀур ду Далла бовзале шух къахьегнарш а, Цунна бовзале собар динарш а?

    3:142
  14. وَلَقَدْ كُنْتُمْ تَمَنَّوْنَ الْمَوْتَ مِنْ قَبْلِ أَنْ تَلْقَوْهُ فَقَدْ رَأَيْتُمُوهُ وَأَنْتُمْ تَنْظُرُونَ

    Шу ма дарий дала лууш /гӀазотехь/ цунна (гзотана) дуьхьалкхетале хьалха‚ и /далар/ гира шуна‚ шу хьоьжуш долуш (ткъа хӀинца юхадовлу шу?)

    3:143

Гочдар: Магомед Магомедов