Сурат 3 Аль-Ӏимран (Ӏимранан доьзал), аят 140 – 141

  1. إِنْ يَمْسَسْكُمْ قَرْحٌ فَقَدْ مَسَّ الْقَوْمَ قَرْحٌ مِثْلُهُ ۚ وَتِلْكَ الْأَيَّامُ نُدَاوِلُهَا بَيْنَ النَّاسِ وَلِيَعْلَمَ اللَّهُ الَّذِينَ آمَنُوا وَيَتَّخِذَ مِنْكُمْ شُهَدَاءَ ۗ وَاللَّهُ لَا يُحِبُّ الظَّالِمِينَ

    Шуна чов хилча – нахана а хилла чов, цунах терра. И денош Оха хьийзадо нахана юккъехь‚ Далла бовзархьама (нахана гучубохуш) ийман диллинарш‚ шун юккъера гӀазотан ял ерш хилийтархьама а. Цу Далла ца беза зуламхой

    3:140
  2. وَلِيُمَحِّصَ اللَّهُ الَّذِينَ آمَنُوا وَيَمْحَقَ الْكَافِرِينَ

    Дала /къинойх/ цӀанбархьама ийман диллинарш, хӀаллакбархьама цатешарш

    3:141

Гочдар: Магомед Магомедов