Сурат 3 Аль-Ӏимран (Ӏимранан доьзал), аят 144 – 145

  1. وَمَا مُحَمَّدٌ إِلَّا رَسُولٌ قَدْ خَلَتْ مِنْ قَبْلِهِ الرُّسُلُ ۚ أَفَإِنْ مَاتَ أَوْ قُتِلَ انْقَلَبْتُمْ عَلَىٰ أَعْقَابِكُمْ ۚ وَمَنْ يَنْقَلِبْ عَلَىٰ عَقِبَيْهِ فَلَنْ يَضُرَّ اللَّهَ شَيْئًا ۗ وَسَيَجْزِي اللَّهُ الشَّاكِرِينَ

    И Мухьаммад ма вац элча бен. ДӀабахана цул хьалха а элчанаш. Иза велча я вийча – шаьш хиллачу /цатешаре/ юхадоьрзур ду шу? Юхавирзинарг милла велахь а‚ цхьана а хӀуманца Далла зен ца до цо. ТӀаккха мēла лур бу Дала баркалле болчарна

    3:144
  2. وَمَا كَانَ لِنَفْسٍ أَنْ تَمُوتَ إِلَّا بِإِذْنِ اللَّهِ كِتَابًا مُؤَجَّلًا ۗ وَمَنْ يُرِدْ ثَوَابَ الدُّنْيَا نُؤْتِهِ مِنْهَا وَمَنْ يُرِدْ ثَوَابَ الْآخِرَةِ نُؤْتِهِ مِنْهَا ۚ وَسَنَجْزِي الشَّاكِرِينَ

    Ца хилла синна далар Делан лаамца бен‚ шен йозанца тоьхна хан йолуш бен. Милла велахь а дуьненан ял езаш – Оха ло цунна цунах‚ милла велахь а эхартан ял езаш – Оха ло цунна цунах. ТӀаккха мела лур бу Оха баркалле болчарна

    3:145

Гочдар: Магомед Магомедов